Кху шеран исс баттахь Нохчийчохь тӀепаза вайна 1615 стаг. ТӀепаза байначеран тептаре йазбинчех ах терахь Къилбаседа Кавказера лехамашкахь болу нах бу, чӀагӀдо чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан статистико.
Байначу нехан терахьашца Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь Москвана тӀаьхьа кхоалгӀачу меттехь йу республика, 1785 стаг вайна лехамашкахь ву, ткъа Москван кӀоштахь дIайазвина -1698 стаг ву.
Оцу муьрехь Нохчийчохь лоьхуш хилла, стохкачул - 13 стаг алсам, ши шо хьалха хиллачул а 17 стаг алсам ду иза. Дустарца аьлча, 2008-чу шарахь, ши тӀом хиллачул тӀаьхьа, 767 стаг тӀепаза вайна аьлла йазвина вара.
Ницкъаллийн структурийн официалан хаамашца, дерриге а кху шеран дечкен- гезгамашан-беттанашкахь Къилбаседа Кавказехь тӀепаза вайна 3135 стаг. Дагестанехь вайна лоруш ву 304 стаг, Къилба ХӀирийчохь - 257 стаг ву. Ставрополь-махкахь лоьхуш ву 506 стаг, ГӀебарта-Балкхаройчохь - 173, ткъа Кхарачой-Чергазийчохь - 158, ГӀалгӀайчохь лоьхуш ву 122 вахархо .
Оцу муьрехь Оьрсийчохь вайна лоьхуш ву - 34 эзар стаг (официалан статистико йукъалору аннекси йинчу ГӀирмера а, Севастополера а терахьш – Ред.).
Йеккъа цхьана чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан официалан хаамашца, 5 эзар гергга стаг лар йоцуш вайна Нохчийчохь 2018-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц, бакъдолчехь и терахь кхин а алсам хила мегаш ду; Массо а нах лечкъорца йоьзна проблема йерзоран метта Оьрсийчоьнан Ӏедалша и практика йаржийна кхечу Ӏуналла дечу территорешкахь а, аьлла хета бакъонашларъярхошна.
Оханан-баттахь дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Amnesty International организацино а Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула долчу хьолах лаьцна хаам бахьийтира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комиссаран офисе. Цу тӀехь билгалдоккху, тӀаьхьарчу пхеа шарахь хьал «критикан» агӀор телхина хилар, иза гуш ду, кхечу хӀуманашца цхьаьна, "политикан бахьанашца бехктакхаман гӀуллакхаш алсамдовларца а, репрессеш алсам йовлуш долу низамаш тӀеэцарца а, адамийн бакъонаш талхорна дерриг аьлча санна таӀзар ца деш хиларца а". Къаьсттина даладо Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хиларан масалш.
Бакъонашларъйархоша чӀагӀдо, "Нохчийчохь Ӏедалшна критика йаш болу нах лачкъош а , тIапайза бойбуш бу". И тӀечӀагӀдо, Кадыровн наха лачкъийна, вийна бохуш вуьйцучу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салманан а, Мусаева Заремин масалш а. Лахарчу Новгородехь кадыровхоша лачкъийна иза, тIаьхьо полицин белхахочунна тӀелатар дарна бехкейира.