Оьрсийчоьнел арахьарчу NIYSO боламера нохчийн оппозиционераша дIахьедина, махкахь ницкъахошна тIелатар дарх.
Церан хаамашца, Соьлжа-ГIалана уллорчу Петропавловский станицехь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттина тIеман "Урал" машенна; оцу хаамийн тоьшаллаш кхин дац кхечу хьасташкара.
"Вийна, дийцарехь, кхоъ белхахо, тIелеттарш бевдда бевлла", - дIахьедина NIYSO-н жигархоша, карарчу хенахь Петропавловский станицана а, Беркат-Йуьртана а йуккъера меттиг толлуш бу полисхой.
Карладаккхар: еарин суьйранна хьосташна тIе а ца тевжаш, Baza, "Осторожно, новости", Astra телеграм-каналаша а тIечIагIдира тIелетар дарх лаьцна. Церан хаамашца, Росгвардин цхьаъ белхахо вийна, кхин а цхьанна чевнаш йина. Герзаш диттина "Урал" машен Хьалха-Мартанахь куп тоьхначу Росгвардин оперативан Iалашонаш кхочушйечу къаьстинчу 46-чу бригадин йу. NIYSO телеграм-канало ишта хийцина хьалхо шаьш зорбане даьхна хилла зераш - хIинца оппозиционераша йаздо, мел лахара а, цхьаъ ницкъахо вийна аьлла.
ТIаьхьо ТАСС агенталло а бакъдира цхьа стаг вийна хилар. Пачхьалкхан агенталло, Росгвардина тIетевжина, дуьйцу, тIеман коврана тIе герзаш диттина хилла аьлла.
ГIадужу-беттан йуьххьехь нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан жигархоша дIахьедира, Гуьмсехь рейдаш хилла, ГИБДД-н постана тӀелатар динчул тӀаьхьа аьлла. Цу хаамна комментарий ца йира республикерчу Ӏедалша.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаххара а 2010-чу шарахь дуьйна терроризмна тӀехь "толам баккхарх" лаьцна дӀахьедарш деш ду. Оцу йукъанна регионехь тахана а тIелетарш до полисхошна.