Мы в Telegram
Добавить новость

В Подмосковье стартует Кубок чемпионов Swimcup по плаванию на открытой воде

В России введена обязательная маркировка соков, нектаров и морсов

Стали известны имена четырех пострадавших в инциденте на «красной» ветке метро

Врач Гусарова призвала не накрывать детские коляски накидками в жару



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Дзержинскийн фанат а, Кадыровн захало а. Нохчийчуьра МВД-н министр даржехь лакхаваьккхина

Дзержинскийн фанат а, Кадыровн захало а. Нохчийчуьра МВД-н министр даржехь лакхаваьккхина

Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIанакъост, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министран даржехь 19 шо даьккхина Алханов Руслан Оьрсийчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран (Центр "Э") Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттийна. Алханов министр волчу заманчохь къаьсттина даьржира нах лечкъор, цаьрга Iазапаш хьегийтар, камерана хьалха къурд алийтар, бух боцуш бехкзуламан гIуллакхш дуьхьал дахар, иштта кадыровхоша дина зуламаш талла дуьхьало йар а. Делахь а, шекбуьйлу эусперташ, шен кепаш йоллу пачхьалкхехь йаржон  цуьнан аьтто бер бу аьлча.

Москван агIор

Инарла-полковник Алханов дехьаваккха тарло бохуш дуьйцуш дара ши бутт хьалха дуьйна а. Нохчийн министр дIавахарх уггар а хьалха йаздира "Сапа" телеграм-канало шайн хьасташна тIетевжина товбеца-беттан 8-чохь. Официалехь информаци бакъйина ши бутт баьллачул тIаьхьа Къилбаседа Кавказан гонашкара куьйгалхо, инарла-полковник Бачурин Сергей Нохчийчу веанчу заманчохь. ТIаьхьа экс-министр декъалвира керлачу даржаца Кадыров Рамзана а. Ницкъахочух шен ден "командин ветеран" элира цо – Оьрсийчоьнехьа хиллачу Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан.

"Республикехь уггар а де эшначу хенахь урхаллин коьрте хIоьттира Руслан Шахаевич. Корматалле куьйгалхо ша хиларе терра, цуьнан аьтто хилира йоццачу хеначохь ницкъе структура йан, пачхьалкхан лаккхарчу стандарташца а йогIуш… Онда дисциплина йолуш, собаре, стогаллица, доьналлица, къонахаллица, турпалалла долуш иза хиларо во цунах Кадыровн командехь уггар а оьшуш, хIуъа тIедиллинарг кхочушдеш векал", - дIахьедина Кадыровс цуьнца къаьсташ.

61 шо долу Алханов Руслан вина ЦIоьнтарахь (2019-чу шарера схьа дуьйна Ахмат-Йурт), КадыровгIар схьабевллачу эвлахь. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет чекхйаьккхина, географин хьехархочун диплом ийцира цо, амма цул тIаьхьа МВД-хь гIуллах дан волавелира иза, ОМОН-н эскархо а хилла. 1993-1995-чу шерашкахь Алханов милцо вара Соьлжа-ГIалара Ленинскан кIоштан некъаца кхерамзалла латточу ОВД-н урхаллехь. Оцу йукъанна и дакъа республикана арахьа дара, хIунда аьлча, федералан урхалла муьтIахь йацара хIетахь суверенитет  кхайкхийначу инарлин Дудаев Джохаран Iедална.

Транспортан урхаллехь вара хIетахь куьйгалла деш Алханов Iалу – хинволчу министран йоллу фамили а йолуш, йуьхьанца дуьйна Оьрсийчоьнехьа позици лаьцна хилла. Иштта тахана инарла верг цкъа а гина вац Ичкерин агIончийн могIарехь, Кадыров Ахьмад а, цуьнан кIентан гонехь болу дуккхаъберш а санна. Мелхо а, Алханов Iалус куьйгалла а деш, цо дакъалаьцна ичкерихойн дакъошца Соьлжа-ГIалара цIерпоштан вокзал къуьйсуш бечу тIамехь 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь. Федералаша хIетахь гIала йитира.

Нохчийчохь шолгIа тIом болабалале 1999-чу шарахь Кадыров Ахьмада, оцу хенахь Ичкерин муфтий вара иза, ЦIоьнтарахь къайлах ши кхеташо дIайаьхьира шен хинболчу агIончашца. ТIаьхьо цуьнан кIантана Рамзанна дагадеара, Алхановс а, оцу цхьаьнакхетарехь хиллачу кхинболчу "уггар уллорчара" а КъорIана тIехь дуй биъна хиларх, делла дIадовллалц цхьаьна хила. 1999-чу шеран гIуран-баттахь Алханов Руслана куьйгалла дира Кремлехьа вирзинчу муфтийн хадархойн. 2004-чу шарахь эккхийтар дечу заманчохь "Динамо" стадионехь хиллера иза, цигахь велира Кадыров Ахьмад, чевнаш йира Алхановна. Теракт йинчул тIаьхьа президентан дарж дIалецира цуьнан хиллачу хьаькамо Алханов Iалус, цуьнан метта чоьхьарчу гIуллакхийн министр хуьлу Алханов Руслан.

Оццу 2004-чу шарахь Алхановс чекхйаьккхира ХIинжа-ГIалин Гуьмсера финансийн а, бакъонан а Институт. Ала дашна, цигахула чекхбевлла бу лаккхара даржашкахь болу кадыровхой а. 2011-чу шеран зазадокху-баттахь хIетахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Медведев Дмитрийн омраца полицин инарла-лейтенан чин делира цунна. Майорна тIера инарле кхечира нохчийн министр ворхI шерачохь, полицихь и хан кIезиг лоруш йу.

НКВД-н фуражки бухара вип-бахам

Дайшкара схьа дуьйна ницкъахо лоруш ву Алханов Руслан. "Грозный" ЧГТРК каналан сюжетехь ша министро дIахьедира, шен деда НКВД-хь гIуллакх дина хиларх, амма тIаьхьо и ролик дIайаьккхира. Делахь а, Алхановн деда лаккхара чекист хилла хилар тIечIагIдира Кадыров Рамзана а.

 

Цхьана декъана цундела скандале хьолехь нисвелира цхьана йукъахь Алханов. Цуьнан кабинет чу йаийтинера "Россия-1" телеканалан видеош йоху тоба, хIетахь министро гайтира Йерриг Оьрсийчохь леррина гулйина комисси вовшахтоьхначу Дзержинский Феликсан а, Кадыров Рамзана масийтаза неIалташ кхайкхийначу Сталин Иосифан а бюсташ. Камерана хьалха Алхановс коьрта тиллира НКВД-н фуражка а, оцу урхалло 1944-чу шарахь махках баьхна бу нохчий а, гIалгIай а. Советан заманахь хиллачу гIуллакхдархойн иэс муха лардийр ду нохчочо аьлла, журналисто цеваьлла шега хаттар дича, чIоггIа велало ницкъахо.

Ницкъаллин структурашкахь доьзалан ламаст кхин дIа а латтийра Алхановс а, цуьнан гергарчара а. Масала, цуьнан вешин йоIа Алханова Зайнапа, 17 шарахь болх бина Гуьмсан кIоштара прокуратурехь, цхьаъ бен йоцу зуда йара иза оцу урхаллехь лаккхарчу даржехь. 2018-чу шарахь президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIалара Байсангуран кIоштан (Октябрьский хилла) кхелан суьдхо хIоттийра иза. Стохка марсхьокху-баттахь оцу кхелан куьйгаллехь чIагIйира Алханова Зайнап.

Алханов Русланан кхаа кIентан а зеделларг ду структурашкахь белхаш бина. Уггар а "кхиаме" ву царех -28 шо долу Алханов Адам. Хьалхо йаздора, Дубайхь Австралин университет а, Соьлжа-ГIалахь политехкникан колледж а чекхйаьккхинчул тIаьхьа Адама МВД-хь лахарчу сержантан чинехь болх барх. Цул тIаьхьа лоьрийн страхованин Фондан директоран гIовс вира цунах, ткъа 2022-чу шарахь, Кадыровн шолгIа йоI Хадижат йалийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан вице-премьер хIоттийра Алханов Адам.

Цуьнан ваша, 39 шо долу Алханов Артур 2003-чу шарера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра къоман гвардин (нефтяной полк) эскархойн куьйгалхочун гIовс а, МВД урхаллин талламчийн декъан куьйгалхочун гIовс а вара. 2018-чу шарахь Устрадера полицин куьйгалле хIоттийра иза. Оцу даржехь шарахь гергга лаьттира иза, цул тIаьхьа маьршачу балха вирзира. Тахана Алханов Артур Соьлжа-ГIалара Ахматан кIоштара къинхьегаман, социалан хьелаш кхиоран министараллан куьйгакIеларчу бахархой мукъа ца хилийтаран центран куьйгалхо ву.

Алханов Русланан йуккъера воI, 36 шо долу Бислан, 2016-чу шарера схьа дуьйна Соьлжа-ГIалара Грозненскан кIоштан полицин куьйгалла деш ву. Шен 18 шо кхаьчча дуьйна ву иза МВД-хь болх беш, хьаькам хIоьттира 29 шо долуш.

Кадыров Рамзанан гонерчу нехан Москвахь долахь болчу бахамах лаьцна 2017-чу шарахь "Дождь" телеканало шаьш бина таллам арахийцира. Тептарехь нисвелира Нохчийчоьнан МВД-н министр а – цуьнан йу боху хIусамнана Алханова Тамара Борисовна а, бераш Адам, Лира, Рената а. Церан йу Кутузовн проспектана уллорчу "Ближняя дача"олучу нах бехачу комплексера 75 миллион сом мах болу петарш. Иштта журналисташа чIагIдо, 1000 квадратан метаршкахь Соьлжа-ГIалара Кадыров Рамзанан резиденцина дуьххьал йолу меттиг а Алханова Тамарин йу бохуш.

"Важные истории" гIирсо дийцарехь, Алхановн кIентан Адаман цIартIехь йара 2020-гIа шо карадаллалц Дубайра Пальма Джумейра ахгIайри тIера апартаменташ. Оцу хIусамийн мах бу 700 эзар долларш сов.

Цо ша гIело ца латтийна?

Алханов Руслана куьйгалла дечу шерашкахь Нохчийчохь даьржира Кадыровн рожан критикаш а, церан гергарнаш а лечкъор, массарна хьалха дIахIиттийна гечдарш дехийтар, и йоллу Оьрсийчухула дIасадаржар а. Полицин дакъойн дозанаш тIехь гучуйийлира лецначарна тIехь гIело латтон "къайлах набахтеш" – цигахь лецна латтийначара  бахарехь, царна тIехь Iазапаш латточу заманчохь Кадыровс ша а, цуьнан гоно а дакъалоцура бохуш.

ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчоьнан полицино а иштта жигара пайдаоьцу товш боцу нах лоьцучу хенахь федералан лехамах – оцу йукъахь нисбала тарло шайггарчу бехкашца лецнарш, масала, къола дина аьлла бехкебар, - и ду бахьана республикера веддарг лоцучу хенахь.

Кху шарахь Москвара Внуково аэропортехь Оьрсийчуьра йодучу хенахь лецира 20 шо долу Исмаилова Селима. Хьалхо цо дийцира бакъоларйархошка, дехоша шегахь гIело латтош хиларх. Чиллин-баттахь оццу аэропортехь лаьцна, нохчийн полисхошка дIавелира гей Арсамиков Идрис. 2022-чу шеран дечкен-баттахь лецира Мусаева Зарема – нохчийн бакъоларйархочун Абубакаран а, оппозицин блогеран ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нана. Чохь даккха пхи шо туьйхира цунна полисхочунна тIелатарна. Бакъоларйархой тешна бу, Нохчийчоьнан урхалхочун бекхам бу и цуьнан воIарша бен оппозицин болх бахьана долуш аьлла.

Алханов волчу заманчохь полисхоша кест-кеста дуьхьало йора доьзалехь ницкъбарна бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха (масала, Лорсанова Амината йа Межидов Iелин гIуллакхашкахь). Талланза дитира оцу хенахь "Iазапашна дуьхьал Комитетан" хиллачу куьйгалхочунна Каляпин Игорьна дина тIелатар а.

"Министран куьйгаллехь даьккхинчу 20 шо гергга заманчохь Алханов цхьана а хIуманца дагахь вуьсур вац. ТаIзар дар – нах лечкъор, Iазапаш лелор, адамаш дайар доьзна ду цуьнан хьалхарчу гIовсаца Алаудинов Аптица (карарчу хенахь "Ахмат" спецназан командир – Билгалдаккхар.). Уьш леладора цо шеггара лелош санна. Алхановга иза ладугIушг вара аьлла ца хета суна. Нах лечкъор а, террор а нохчашлахь цуьнца доьзна ду", - аьлла хета "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочунна Кутаев Русланна.

Иза ша а ву Нохчийчохь шайггара айдинчу наркотикех долчу бехкзуламан гIуллакхехула масех шо лаьцна даьккхина. Билггал долу бахьана дара Сталинан депортацих лаьцна цо вовшахтоьхна конференци.

Iазапаш хьоьгуьйтучу заманчохь Алхановс ша дакъа лаьцна дацахь а, хIунда аьлча, иза бехке веш дIахьедарш дина дац волайнхоша, - амма ша министр хиларе терра, цо магийна хIуманаш ду уьш. 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь халкъан гуламехь къамел деш, Нохчийчоьнан МВД-н куьйгалхо тIетайра 19 шо долчу Тепсуркаев Салманна тIехь лелийначу сийсазаллина. Камера хьалха а хIоттийна, къурд алийтира цуьнга оппозицин 1АДАТ телеграм-каналца воьзна хиларна, цул тIаьхьа шишана тIе хаийтира.

Иштта Алхановс йуьхьйаьккхира къаьркъанаш меларна а, психотропан молханаш лелорна а шеконашца лецначийн, "кхетош-кхиоран къамелаш" деш.

Москва дехьайаккхар –Кадыровн чIагIвалар

Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиал – регионехь саццанза болх бен цхьаъ бен йоцу йукъаралла йу, инарла Алханов керлачу дарже хIоттор Нохчийчоьнан урхалхочун позицеш чIагIйар а, цуьнан гонах тешам хилар дIагайтар а ду боху цара.

"Оцу йукъанна ца моьтту, ЦПЭ-н куьйгалхочун гIовс хIотторо йоллу пачхьалкхехь нохчийн практикаш лелор йу аьлла, хIунда аьлча, уьш цигахь лелон халох хир ду. Масала, цIийнах мел верг жоьпе озош и принцип лелор. Кхинйолу регионаш а ма йац иштта къевлина", - кхетийра Кавказ.Реалиин редакци "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан векало. Оьрсийчоьнан низамашкахь репрессеш лелорна шен цIе цайаккхар дийхира цо. Дукха хан йоццуш йуха а "арахьара агент" лерира организаци.

Кутаев Руслана тергойира, 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Путина куьгйаздаран Алхановна инарла-полковник чин луш. Оцу йукъанна, масала, луларчу, Нохчийчоьнал а йаккхийчу Ставрополь-махкахь а, Дагестанехь а министраш – лахара инарла-лейтенанташ бу, иштта чинаш ду Краснодаран а, Ростовн а кIоштара коьртачу а полисхойн а. И бохург хIун ду, тIехсов "седарчий" кхаьчна министрна, цунах тешам хилар а, шена гIортор йар а дIагойтуш.

"Шеко йоцуш, Алханов Руслан Кадыровн стаг ву. ДаьӀахка тӀе кхаччалц верриг а. Шен лаамехь леларг вац, политикан амбицеш йоцуш, гIуллакххо ву иза. Цундела иза федералан тIегIане ваккхар а, лаккхара дарж а мехкан куьйгалхочо цунна гIортор латтор дIагайтар ду", - тIетуьйхира эксперто.

Инарла Алханов МВД-н коьртачу аппарате хIотторо Нохчийчоьнан куьйгалхочун позицеш чIагIйийр йу элира Кавказ.Реалиин редакцица динчу къамелехь, шен цIе къайлайаьккхинчу федералан политолого.

"Политикехь шен дош лелар дикка чIагIдина Кадыровс тIаьххьарчу беттанашкахь, Кремлера мор буьззина орденаш кхаьчна ца Iаш, республикел арахьара финансийн активаш а цхьана йелла цунна. Ницкъаллин блокехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун йукъаметтигаш дIоггара дика йацара, хIунда аьлча, карарчу хенахь лаккхарчу даржашкахь болчу ницкъахоша дакъалаьцна Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь. Ткъа Кадыров "йалхийтта шо долчу хенахь дуьххьара оьрси вийнарг" (Кадыровс аьлла боху и. – Билгалдаккхар.) ву царна гергахь", - тергойира спикеро.

Къамелдечо тIетуьйхира, радикалан исламистийн боламаш олучаьрца а болх бо  "Э" Центро – кхузахь эша тарло Къилбаседа Кавказехь "вахабисташца" бинчу тIеман зеделларг.

Товбеца-баттахь омоновцаша талламаш бира Подмосковьера Котельники, Дзержинск гIаланашкара маьждигаш чохь: ламаз дийраш йукъахбаьхна, мачашца кузаш тIехула леллера уьш, ткъа бусулбанашлахь мегаш дац ишта лелар. Кавказхойн хьаькамаш эргIад юахийтира цу инциденто: ницкъахошна таIзар де бехира цара.

Кавказ.Реалиино вовшахтуьйхира регионан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу Кадыров Рамзанан 52 гергарчух тептар. Царлахь – Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIарий Iайшат (республикан культурин министр), Хадижат (Соьлжа-ГIаларчу школазхойн департаментан хьаькам), ХутIмат (Кадыровн секретариатан куьйгалхочун гIовс), иштта цуьнан воккхаха волу кIант 17 шо долу Ахьмад, Оьрсийчоьнан берийн, кегийрхойн боламан куьйгалхо ву иза.

Нохчийн республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло (МВД-но) шен 2022-чу шеран йинчу чоьтехь дийцира терроран бух болу 104 зулам шаьш гучудаккхарах, террористийн бен бохорах, гIаттамхой хила тарлучарех шиъ верах лаьцна. Оцу дIахьедарал а хьалха, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра 2021-чу шеран дечкен-баттахь "тIаьххьара тIемало" вийра аьлла.

2018-чу шарахь Оьрсийн "Би-би-си" телеканалан лараршца, Нохчийчуьра 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыров Рамзанан гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн йоI Iайшат, оцу заманчохь 22 шо дара цуьнан, Нохчийчоьнан культурин министр хIоттийра.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве открылся фестиваль театральных школ БРИКС

Захарян прилетел в Москву, чтобы присоединиться к сборной России

Активные граждане смогут стать соавторами фестиваля «Лето в Москве»

Новая сильнейшая вспышка произошла на Солнце 1 июня

Музыкальные новости

НА ДЕТСКОМ ФЕСТИВАЛЕ ИСКУССТВ «НЕБО» СОСТОИТСЯ 5 ПРЕМЬЕР И ПОКАЖУТ НОВИНКИ ОТ ВЕДУЩИХ МОСКОВСКИХ ТЕАТРОВ

Уссурийский ЛРЗ расширяет форматы промышленных экскурсий на предприятие

Почему уйдут все, кроме поляков: скрытый смысл слов Путина, посеявших панику в Варшаве

VK Fest 2024: Музыка и Развлечения на Открытых Площадках России

Новости России

В Москве открылся фестиваль театральных школ БРИКС

Ликсутов: Запустили специальный лендинг бренда «Московский транспорт. Детям»

Новая сильнейшая вспышка произошла на Солнце 1 июня

Гроб Заворотнюк вынесли из Покровского храма в Москве под аплодисменты

Экология в России и мире

ONYX отправляется в Большой тур по России

Доктор Кутушов назвал болезни, которые поджидают отдыхающих у водоёмов

Коллекция купальников Love Republic

Дары природы в Hilton Seychelles Labriz Resort & Spa

Спорт в России и мире

В России отреагировали на "скрытую баранку" и достижение Рыбакиной на Ролан Гаррос

Надаль пропустит Уимблдон из-за желания сыграть на Олимпиаде

Кецманович отказался от борьбы в игре с Медведевым на "Ролан Гаррос"

Арина Соболенко повторила уникальное достижение Азаренко на турнирах «Большого шлема»

Moscow.media

ТСД промышленного класса Saotron RT-T60

НА ДЕТСКОМ ФЕСТИВАЛЕ ИСКУССТВ «НЕБО» СОСТОИТСЯ 5 ПРЕМЬЕР И ПОКАЖУТ НОВИНКИ ОТ ВЕДУЩИХ МОСКОВСКИХ ТЕАТРОВ

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Денис Сафин перевел 100 миллионов рублей в фонд помощи пострадавшим от паводка











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Захарян прилетел в Москву, чтобы присоединиться к сборной России

Гроб Заворотнюк вынесли из Покровского храма в Москве под аплодисменты

Ликсутов: Запустили специальный лендинг бренда «Московский транспорт. Детям»

В Москве открылся фестиваль театральных школ БРИКС