Мы в Telegram
Добавить новость

Губерниев обозвал российских спортсменов «ссыкунами» и призвал ехать на Олимпиаду в Париж под белым флагом

«Это уже добрая традиция»: Звезды на празднике мороженого

В Москве открылись «Домики добра» для сбора гуманитарной помощи

В иске отказано: конфликт Киркорова и Успенской принял новый оборот

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Со вен аьтто лоьхуш бу уьш". Нохчийчоьнан Iедалхошца даьллачу керлачу девнех дуьйцу блогеро Абдурахмановс

Гезгамашин-беттан 27-чохь герзашца нах баьхкира Йоккхачу АтагIа, Швецехь вехачу нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон гергарнаш болчу. Ультиматум хIоттийра царна: блогер саца ца вахь, шаьш чIир кховдор ю аьлла. Цул а цхьа де хьалха Абдурахмановца телеграмехь йиллинчу чате ваьллера Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад. Жигархочунна кхерамаш а туьйсуш, цо чIагIо йинера, цо дуьйцучух цуьнан гергарчаьрга жоп доьхур ду ша аьлла.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Абдурахмановс дийцина, шена чIир хьеяр ког-корта а боцуш хIума хиларх а, Даудовца а, шех дIахаьддачу гергарчаьрца а йолчу юкъаметтигех а.

 – Дийцахьа, Даудовца шайн хIетахь хиллачу къамелах. Муха хиира хьуна, зIене ваьлларг иза вуйла?

– Сайн телеграмехь къамел а деш, чат дIахьош вара со кху беттан 24-чу буса – цхьа конференци ю-кх иза, милла а юкъагIорта йиш а йолуш. Суна цаевзачу никца цхьаъ гучувели, юьхьанца ца кхийтира со, иза Даудов хиларх, ша Мохьмад ву цо аьллашехь. Кхин дIа къамелаш деш тIекхиира со, и мила ву. Даудовца сан хилла дуьххьарлера контакт яц иза, амма хIинца цуьнан амалца цхьа хийцамаш бара. Хьалхалера собаре стаг вацара иза – хIокху чатехь мохаоьхуш, эткийн пхьеро санна, боьха мотт а лебеш, со сийсазван гIерташ, со дуьхьал вистхила а ца вуьтуш, саццанза къамел дора.

– ХIунда ваьллера иза хьоьца зIене? Цхьа бахьана дара?

 

– Цул а масех де хьалха [Нохчийчоьнан куьйгаллин] Масхадов Анзорца (Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан воI) лер-аларш хиллера Анзоре дастам мотт лебеш, цуьнан хIусамнанна а цхьаьна коча а оьхуш, Даудов Мохьмадца хIоттийначу эфирехь. Закаев Ахьмада (нохчийн политик, Ичкерин арахьарчу Iедалан векал) Путинан пхьуй ду шу аьллера царна, цунна дуьхьал дIабигинера Закаевн гергара нах. ХIинццалц схьа цкъа а хезна доцчу кепехь аьшнашвора массарна а хьалха Закаев, гей ву бохуш, бехкаш дохкура, ткъа иза нохчашлахь боккха бехк бу. Массарна а хезаш оцу тайпа къамел деш тхан Iедал дац, къаьсттина баккхийчу нахах лаьцна муххале а. Ас оцу тIехула жоп деллера, шайн зударийн а дай дац шу аьлла, кадыровхойн хьал хьахош. ХIун ду а хаац, амма и дешнаш къаьсттина чIогIа хьакхаделла хиллера Даудовх, ас-м цуьнан цIе а ца яьккхинера, массаьрга а бохург дара сан и. Делахь а, Даудовс шена тIеозийнера, тIаккха аьзнийн чат чу а ваьлла, доллу шен дIовш суна тIедиттира цо. Цо лечкъа ца дора, сан гергарчаьрга жоп доьхур ду шаьш сан багах мел даьллачух бохуш, шолгIачу дийнахь шаьш бохург дан а дира цара. Делахь а, Кадыровн Нохчийчохь а дагахь доцург дара, сан ненахой болчу уьш бахар, царна чIир кхайкхор ю шаьш аьлла, ультиматум а хIоттош. 30 гергга герзашца нах хиллера уьш иттех машенашкахь бахана. Сан ненан ши ваша вехачу Йоккхачу АтагIа баханера уьш. Шайн претензеш дIа а йийцина, чIиран кхерамаш тийсина, дIабаханера. ТIечIагIъязчу информацица, ши де хан елла царна, амма суна билггал хууш дац цунах лаьцна а, йа кIорггера кхин хууш хIума а дац – сайн гергарчаьрца зIенехь вац со.

– Иштачу меттигехь Оьрсийчоьнан низамаш дохийна ца Iаш, ламасташ а талхадо?

– Оьрсийчоьнан низамех-м ас дийцанне а ца дуьйцу, тхан гIиллакхийн гурашкахь ненахошка чIир хьееш данне а дац – акхаралла ю иза, юкъараллехь цкъа а иштаниг хилла дац. Соьца дешначаьрга а, сан хиллачу белхан накъосташка а хьеян тарло ишта-м – Iовдал хIума ма ду иза.

 

Кхеташ хила деза, Нохчийчохь чIагIо йоллуш лелаш цахилар чIир, цуьнан низамех яздина дац. Тхан ишта долуш санна, хала ду ала, муха кхайкхош хуьлу чIир. ХIан-хIа, тхо долчахь и лелаш дац. Амма цIийца бекхамбар – Iанийначу цIийна дуьхьал бекхам бар ду, цхьаммо хаа а хуш стаг вехь, вийначун гергарчара духьал вуьйш хилла куьйгбехкениг. ТIаьххьарчу 100 шерашкахь тхан махкахь лелаш Оьрсийчоьнан низамаш ду, цхьаммо цхьаъ вехь, дуьхьал бехкениг вуьйш дац – иза набахте вуллу. Цундела, чIир екхар – пачхьалкхан институташна тIехваьлла, нийсо яр ду. Ткъа хIун чIир юьйцу, вийна стаг а воцуш? Цхьа а доцург ду! ГIиллакхех, ламастех долу хеттарш цхьанхьа а яздина дац, цхьа тIеэцна бакъонаш ю уьш. Амма цара хIинца дийриг – цкъа а цхьаммо а цадинарг ду. Доьзалхочуьнгара цхьаъ далахь, цуьнан цIийнах мел волчунна жоьпалла тIедожор – ламасташ а, гIиллакхаш а дохор ду иза, тхан хилла дац хьалха ишта.

– Нохчийчоьнан Iедалхоша хьуна чIиран кхел кхайкхош дуьххьара ма дац, дуьххьара дац хьан Даудовца къамел хилар а. Шаьшинна юкъаметтигех лаций дийцахьа.

– 2018-чу шарахь вевзина суна Даудов – сан ватсапе телефон туьйхира цо, со Нохчийчуьра дIавахначул тIаьхьа. Буданов вийна Темерханов Юсуп кхелхинера хIетахь набахтехь, Нохчийчохь доккха тезет хIоттийнера, цигахь къамел дира Даудовс а. Ас хIетахь дагадаийтира цунна, Юсуп церан турпалхо цахиларх, иза тхан турпалхо, къоман турпалхо ву аьлла. ТIаккха суна жоп луш телефон тоьхнера цо соьга. И къамел ас сайн каналехь даржийра, суна хетарехь, уггар а нахалахь даьржина къамел дара и.

 

ШолгIа соьца зIене велира иза 20I9-чу шарахь, Кадыров Ахьмад емалвеш, Шевченко Максимца ас дебаташ дIаяьхьначул тIаьхьа. Сан дешнаша чIогIа лазийна хиллера цхьа Даудов къаьсттина. Инстаграмерчу эфире велира иза соьца, оха дукха дийцира: тIамах, политикех, хиндолчух, къамел дерзош тIе а чийхаш. Цул тIаьхьа социалан машанашкарчу шен агIонехь ас аьллачунна дуьхьал чIир кхайкхийра цо.

– Цо цхьа а зен дирий хьуна?

– Дира, цхьа шо даьлча суна кIело йира – сан хIусамчу а иккхина, со вен гIоьртира цхьа стаг. Делан къинхетамца, сан аьтто белира кIелхьарвала а, и стаг полици дIавала а. 12 шо а тоьхна, Швецин набахтехь хан токхуш ву иза. Даудовца иза воьзна хиларх тоьшалла тIечIагIдан аьтто ца хилира тхан.

– Хьуна хIун аьлла хета, Даудов хIунда ву хьоьца къамеле вуьйлург? Ахь критика йо Кадыровн Нохчийчоьнна, логикехь хир дара, хьуна жоп лург Кадыров хилча.

– Суна хетарехь, логика ю кхузахь, хIунда аьлча, Кадыров кхеташ ву, ша соьца тоьлар воций, интеллектуалан хаарш дац цуьнан. Цундела, юьхьанца соьца зIене ваккха хьийзира уьш шайн дешан говзанча Умаров Джамбулат (Нохчийчоьнан вице-премьер. – редакцин билгалдаккхар.), амма сан цхьана хаттар тIехь юьхьӀаьржахӀоьттира иза. ТIаккха арене велира Даудов, со тешна ву, иза шен лаамца ваьлла хиларх. Дуьххьара тхан хиллачу къамелехь цо схьа ма элира, шен паччахьера бакъо яьккхина ша соьца зIене вала аьлла. Царна хета, цуьнга суна дуьхьало ялур ю аьлла. Бакъдерг ала деза, къамел дарехь Кадыровл а гIоле ву иза.

– Хьоьца дина къамел ахь нахаладоккхур дуйла а, ахь уьш дIаяздой а  хуушшехь, хьоьца контакте буьйлу уьш. ХIетте а ийза а ца луш, хьуна кхерамаш а туьйсу цара. Хьуна хетарехь, хIун Iалашо йолуш хьийза уьш?

- Кхузахь ала догIу, кхерамш тийсар даим а дара церан диллина. ТIаьххьарчу заманчохь кхин а гена бевлла уьш, ориентацех бехкаш ца дохкура хIинццалц схьа, хIинца цу тIе а бевлла. Вуьшта аьлча, уьш гIадъоьху, шаьш кхерамаш тийсина, цул тIаьхьа стаг валар нисделча – тхо чIогIа ма ду, тхаьш аьлларг – кхочушдо оха бохучу кепехь. Бандитийн низамашца бехаш бу уьш.

- Даудовн амал хийцаялар билгалдаьккхир-кх ахь, цуьнан "мохаярх" дуьйцуш. Цхьана хIуманца доьзна ду аьлла хетий хьуна иза?

 

– Суна хетарехь, тIаьххьара Кадыровн, Даудовн, Делимхановн чуьрабийлар доьзна ду,  царна товш доцу, царех лаьцна бакъдерг алар – Путинан пхьуй бу уьш алар. Харцоно чов ца йо, хууш ма-хиллара. Бакъдолчо вас йо, цундела шаьш хIун леладо а ца хаьара царна. Цундела йоьдучу эфирехь боьха къамелаш до Кадыровс, хIинццалц ша шена магийтина доцу, хIунда аьлча, церан экамечу меттигех хьакхаделла и дешнаш. Шаьш Ичкерина ямартдовларна а, Оьрсийчоьнехьа дерзарна а бехказбийла гIерта уьш шайн ма-хуьллу. "Грозный" ЧГТРК-н эфиран пхи сахьт дайира цара, нах тешо гIерташ. Ямартдовларан темано чIогIа хьийзабо уьш, ткъа цунах ахь цаьрга дIахьедахь, цо Iаткъам бо царна.

– Даудовца хьан хиллачу кхоалгIачу къамело хIумма а дохьур ду аьлла хетий хьуна? И къамел хиллачул тIаьхьа вогуш вуй хьо? Цхьаъ хир ду аьлла хетий хьуна?

– ХIан-хIа, цхьа хIума хир дац, даим а суо ма ваххара дIа Iаш ву со. Ткъа сан гуттарлера режим муха ю аьлча – сатуьйсуш вахар. Со даим ву кхерамна кIел, уьш соьца зIене бевлча а, ца бовлахь а. Со кхета, царна со вицвелла вац, со вен таро лоьху цара.  ХIинца хийцамаш хилла – гергарчийн коча оьху уьш, сан гергарчарна а, цхьаъ дуьйцуш волчу хIораннан а гергарчийн. Оцу практикех Iаламат чIогIа пайдаэца буьйлабелла уьш, цхьа дегайовхо йолчух тера ду церан, нехан баганаш иштта шаьш къовлур ю аьлла. Соьца дерг аьлча, эрна ду,  со соцур вац. Сан бага сацалур яц цаьрга, цара хIуъа дахь а.

– ХIунда ву хьо оцу тIехь ишта тешна? Хьан тIекхочийла а йоцуш, гергарчарна тIеIаткъам бар – ладам боллуш инструмент ма ю царна.

– Дера сайн гергарчарна ас са а ма гатдо. Суна уьш дукха а беза, царна уллохь хила а лаьара суна, амма сан кхин дахар ду, кхин реалеш ю, цундела цхьаьна а сагатдаро суна Iаткъам бийр бац. Уьш берриш тоьпаш йиттина, цара бойъур белахь а, сан Iа лакъор яц цара. ХIара къийсам бу, оцу новкъа хьо вала дагахь велахь, хьайн са дIадала а кийча хила веза хьо.

- И хьайн позици бахьана долуш, хьуо цхьалха хетий хьуна? Хьуо цхьаъ-м ца висина хьо доьзалехь?

- 2019-чу шарахь сан гергарчу нахе со долара ваккхийтира, суна чIир кхайкхийначул тIаьхьа, амма иза-м фарс, спектакль ма ярий. Суна хаьа, хIара зама дIаиккхича, режим а южур ю, сайн гергарчу нахаца хIара хан дага а лоцур яц ас. Массо а доллучух а кхеташ ву, сан нахана со дукха а веза, доллу къам а санна, соьгахьа а бу уьш. Айса дечух воккхавоь со. Цхьаллех дерг аьлча – доза хадийча дуьйна сан гергарчаьрца зIе хилла яц сан. Со цунах дIавоьлла. Ткъа ас сайца схьабалийнарш – сан ваша, сан нана – со цаьрца даим а контактехь ву, кхин дIа болчу гергарчаьрца уьйр яц, ас ишта ларбеш бу уьш. Соьца зIе латтаяхь, кхин а боккхачу кхерамна кIел хир бара уьш.

***

Нохчйчоьнан Iедалхошна а, дозанал а арахьа бехачу оппозиционерашна а юкъахь керла конфликт иккхина. Оцу юкъанна, цара лелочух жоьпалла жигархойн гергарчарна тIехь дуьту Iедалша. Масала, цхьана кIиранчохь шозза лецна бигира Ичкерин премьер-министран Закаев Ахьмадан гергарнаш. Дуьххьара цкъа видеокхайкхам байтира цаьрга, политикна критика еш, цул тIаьхьа тIеман структурин дозана тIехь церан телефонаш а листина, цара болх бен меттиагш дIа а язйина, маьрша битинера. Оццу заманчохь дIалецнера Закаев Ахьмадан агIончан, Лондонехь эмиграцехь вехачу Солтыханов Iела-Пашин гергара нах а. Муьлххачу а бахьанна тIехула чIираш кхийкхар сацаде аьлла, видео дIаязйинера цо кху деношкахь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Первое психологическое шоу без сценария выходит на телеэкраны при участии продюсерского центра New Vision

Выпускники и их родители в шоке: российские ВУЗы внезапно подняли цены на обучение

В иске отказано: конфликт Киркорова и Успенской принял новый оборот

В московском парке усадьбы Усачевых-Найденовых отреставрировали скульптуры и беседки

Музыкальные новости

"СВЯТОЙ ЛЕНИН: сенсация о прогнозах направит Америку и Европу творить добро?!

Сотрудники Дмитровского ОВО Росгвардии по Московской области приняли участия в спортивном празднике Динамо

В ЦДКЖ 18 августа ждут любителей группы «Рекорд Оркестр» на Квартирнике Евгения Маргулиса

Владимир Путин, Дмитрий Медведев, Анатолий Голод: признание Нато надо применить!

Новости России

«Это уже добрая традиция»: Звезды на празднике мороженого

В Нижегородской области теплоход врезался в грунт и пробил корпус

Свыше 40 мест для коллективных молитв в Курбан-байрам откроют в Подмосковье

В иске отказано: конфликт Киркорова и Успенской принял новый оборот

Экология в России и мире

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Как существовала платная стоматология в СССР — стране бесплатной медицины

Гастроэнтеролог Садыков рассказал, как не допустить отравления бутилированной водой летом

Какие украшения чаще всего дарят на годовщину свадьбы: исследование «585*ЗОЛОТОЙ»

Спорт в России и мире

Елена Рыбакина «заменила» Геннадия Головкина

Соболенко в купальнике зажигательно станцевала перед женатым бойфрендом. Видео

Блинкова вылетела с турнира WTA в Хертогенбосхе

Александрова вышла во второй круг турнира WTA в Хертогенбосе

Moscow.media

Закат на Катуни

Росгвардейцы обеспечили охрану общественного порядка в День поселка Вербилки

В Ингушетии чиновники похищали бюджетные средства, предназначенные для поддержки семей с детьми

Завершается устройство земляного полотна на дороге с мостом через Обь в районе Сургута











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Свыше 40 мест для коллективных молитв в Курбан-байрам откроют в Подмосковье

В Нижегородской области теплоход врезался в грунт и пробил корпус

Контейнеры для строительного мусора появились по 4 адресам в Истре

«Это уже добрая традиция»: Звезды на празднике мороженого