Мы в Telegram
Добавить новость

Обнародованы подробности развода певицы Нюши

В Новосибирске потушили пожар на складе ГСМ

Эксперт назвал пять минусов работы в IT-сфере

В Гагаузии заявили о колоссальном давлении со стороны Кишинева



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Нуьцкъала кхажтасар". Нохчийчохь муха туьйлира Кадыров

Кхечу регионашка хьажча, Нохчийчохь цхьа а харцо лелор гучу ца даьлла харжамийн каппашкахь. Харжамхойн бакъонаш ларйон "Голос" боламан (Оьрсийчохь лерина бу иза арахаьра агент санна - Ред.) "Низам дохоран" картана тIахь гайтина цхьа а хаам бац (Нохчийчохь) цхьаъ хилла аьлла. Ткъа дуй иза Нохчийчоь Оьрсийчохь уггар цIена харжамаш дIабаьхьна регион ю бохург?

Республикехь дац "Голос" боламан дакъа а, бац тергамхой а, билгалдоккху оцу болман кхеташонан декъашхочо Аверин Виталийс.

"Хьан хаам бийр бу хьоьга харцонах лаьцна, иза дан стаг ца хилча? МогIарерчу харжамхоша дуьйцур-м ду хьоьга, амма, шуна гуш ма хиллара, цу тайпа майра стаг ца велира, ваьллехь бехк ма билла баха дезар дара цуьнан султанна Кадыровна хьалха", - боху Аверина.

Эксперта бигалдоккху, гарехь, Нохчийчоьнах тера йолу Дагестан а, ГIезалойчоь а санна "электоралан султанаташ" мухха делахь а къаьсташ ю "Кадыров Рамзанан вотчинех".

"Дагестанера хаамаш богIу, ГIезалойчуьра кхин а алсам богIу уьш, хIунда аьлча ГIезалойчоь – изза Казань, республикан коьрта гIала, европин кеп йолу, дешна йолу, цигахь вуно жигара тIехьажархойн юкъаралла ю… Ткъа Нохчийчохь 2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь Москвара а, кхечу регионашкара а цига бахначу тергамхоша билгалдаккхара, цара тергам бинчу каппашкахь кхаж таса баьхкинчу нехан терахь дара 40–70%, республикехь даима а гойтуш 90 а, кхин алсам а процент а йолуш", - дуьйцу Аверина.

Нохчийчуьрчу цхьана кIоштан харжамийн комиссин декъашхочо, анониман кепаехь" дийцира Кавказ.Реалии векална, берш ала мегар долуш шайн куьпехь кхажтеснарш бюджетникаш а, эскархой а, Iедалехьа йолчу юкъараллийн а, вовшахтохараллийн а декъашхой бара аьлла.

"Цхьаберш шаьш баьхкинера, цхьаберш балийнера, амма и нах бозуш бара балхах а, хьаькамех а. Цхьаболчарна моьтту шайн куьйгаллина хуур ду аьлла, шаьш хьаьнгахьа кхаж тесна. Харжамашка ца баха йиш яцара церан, иза тIедожийна дара. Кхаж тасара Кадыровна а, Делимхановна а, ткъа арабевлча, суна хезира, вовше бистхуьлуш цара неIалташ кхийкхадора".

Соьлж-ГIалин юккъехь йолчу цхьана компанин менеджера дийцира, шайн фирмин белхахой кхажтаса цабахарх лаьцна. Ша а ца яхнера иза харжамийн куьпе.

"Кхузахь кхажтасар тIехь дац. Коьртаниг ду, адам цига деана хилар. Iуьйранна дуьйна гIалахула дIасахехкалучу Iедалхоша балийра бюджетникаш. Царах къахета суна. Суна хезира адамаш [харжамхой] вуно тоьаш дац, харжамашка бахначу нехан терахь дукха лахар ду бохуш. Низам дохийна меттигаш а яц. Беламе ду иза. Кадыров – 99%, Делимханов а 150% гергга", - эргIад оьху иза.

Кадыров воцург милла а томехь верг

Республикан куьйгалхочун Кадыровн оппоненташ бара кху шарарчу харжамашкахь Соьлж-ГIалин мэр Хаджимурадов Iийса а, меттигерчу парламентан депутатех цхьаъ волу Накаев Халид а. Хаджимурадовс гулбира 0,15% кхаж, а Накаевс – 0,12%.

Оппозицин 1ADAT телеграм-канала, шеш ешархошна тIетевжаш бинчу хаамца, кхажтасар хилира дуккха а харцтардаршца а, шайн кандидатехьа кхаж тасийта харжаман каппашкахула лолош "каруселаш" лелош а.

1ADAT-ан векалша дийцира, шайгахь долчу терахьшца, Нохчийчуьрчу дуккха а нахана харжамаш харц хета, и бахьана долуш ца боьлху уьш каппашка бохуш.

"Вайна гинарг рогIера театр яра, демократи аьшнашъеш йолу.

"Кхажтасар дIадахара ша даха дезаш ма хиллара, и кхажтасар баккъалла а дан а доцуш. Кадыров халкъо хIоттийна вац, халкъо хоржуш а вац. Кадыров Кремлан сардал ву… Даиман а санна хаьрамлонаш лелош пайда ийцира бюджетникех, билггал аьлча, цара дакъалоцуш йолчу "каруселех,"- дийцира Кавказ.Реалиига каналан векалша.

Блогерша дийцарехь, республикехь цхьа а политикан дахар дац, "даиман а кхаж тосу "Единая Россия" партехьа, ткъа кхечу партийн кандидаташ а бу кадыровхой".

"Вайна гинарг рогIера театр яра, демократи аьшнашъеш йолу. Ур-аттала "бозуш боцу тергамхой" а бара кадыровхой, Iех а ца хетара царна шайн лоцунг дIакхийкхо", - дуьйцу 1ADAT-ан векалша.

Цара чIагIдарехь, билггал лелийначу харцонех лаьцна хаамаш цаьрга кхаьчна бац.

"Лаьтта сурт дуьйцуш яздора тхоьга, билггала меттигийн цIераш а ца йохуш. Хуьлург экар хIума хиларна, адамаша ницкъ а ца бора шайна, билггал хуьлчу харцонех лаьцна яздеш. Тхан Хаджимураловна гIортор яран флешмобан кеп Ӏиттарш яран амал йолуш яра (канала кхайкхамаш бора цуьнгахьа кхаж таса бохуш). Тхуна гайта лаара халкъа хьанна а гIортор йийр хилар, иза Кадыров ца хилчхьана. Амма Хаджимурадовс дIакъевлира шен инстаграмера агIо, дIакъовлара цо комментареш, сацайора шен эфир, нагахь адамаша шена тIехIуьттуш къамелаш дан долийча", - дагалоьцу 1ADAT-ан векалша.

"Дера бан ма бара баккъалла а цуьнгахьара кхаж теснарш а, оха ечу Iоттарех цакхеттарш а, оха зорбане ехира оцу тайпа тексташ а, суьрташ а, амма оха къобул ца дон оцу тайпаниг, оха сихха дIахьедира, оцу "харжамашкахь" дакъалаца мегар цахилар", - дуьйцу болгерша.

ГIант, лами я бел

Политолога Кутаев Руслана дагалецарехь, 8-10 шо хьалха Нохчийчуьра Iедалш баккъалла а харжамаш хиларан кепаш лелош хилара. Ткъа хIинца иза дан гIерташ шайна ницкъ а ца бо цара, бохуш дуьйцу цо.

"Цул тIаьхьа иза дан а цо оьшуш хьал хIоьттира. ХIинца ур-аттал "харжамакахь дакъалаца дуьйла" а ца олу. Шаьш хIоттадо цара шайна оьшу терахь, цхьаммо а къийса а ца къуьйсуш. Амма хIинцалера харжамаш ша-тайпа бу. Суна гуш ду кIиллойн Iедал мел эгIаза ду, мел кхета иза, бахархошна юкъахь шена еш гIортор цахиларх. Цундела цара сацам бира нуцкъала адамаш арадаьхна халкъ кхаж тосуш хилар гайта. Иза Iедалан моха а, гIаддар а ду. Иза цхьатерра хьакхалуш ду Москвах а, Кавказах а. ХIара харжамаш суна лакмусан кехат ду Iедалх лаьцна хетарг гойтуш долу. Иза кхераделла ду", – тешна ву Кутаев.

Цунна хетарехь, КПРФ партин цIарах кхажтасарехь дакъалаьцна волчу Дениев Хасмохьмадна гIортор йина Навальныйн "Хьекъале кхажтасаран" хьехарш, пайдена ца хилира.

"Навальныйн хьехарша цхьана декъана болх бина хила а мега Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, амма Кавказан кхечу регионашкахь карарчу хенахь мехала ца хилира уьш", - жамI дира Кутаевс.

Политолог тешна ву, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисашна а, пачхьалкхан куьйгаллин а хаа лууш хиларх, Нохчийчохь баккъалла а хуьлуш дерг хIун ду бохург.

"Цхьа а шеко яц сан, дерриг хуьлург ФСБ-но Iуналла деш а, дIаяздеш а хиларх. Уьш ган лууш бу карарчу хенахь долчу нохчийн Iедална тIехьа лаьттарг хIун ду. Кадыровна а, цуьнан гонна а иза ша-тайпа экзамен ю, цундела тIеозийна цара берриг а аьттонаш. Амма уьш харжамаш бац, нуьцкъала кхажтасар ду иза. Харжам бацара, харжа хьакъдерш бацара. Ткъа иза юх-юха а хуьлуш ду Нохчийн республикехь", - дуьйцу Кутаевс.

Административан кандидатан къийсархоша шайн харжамхошка шайгахьа кхаж а ца тосуш, оцу кандидатехьа кхаж таса, бохуш кхайкхамаш бар а, шена цхьамма гIортор ярх иза инзаре кхерар а Нохчийчоьнна керла хIума дац, аьлла хета Кутаевна.

Цо дийцарехь, харжамаша шайна тIе тидам озор бара, нагахь Нохчийчохь, милла хилла а, баккъалла а маьрша кандидат хиллехь.

"Нагахь дозуш доцу гIант, лами, я бел Кадыровца къовсаме яьллехь, адамаша жигара кхаж тосур бара: республикан бахархошна юкъахь инзаре ю чоьхьара протест, тахана санна Iедало бечу Iаткъамо психика галйоккху адамийн. Со тешна ву цу тайпа (маьрша) кандидаташ мацца бевлла а бевр бу бохучух, ткъа адамаш тIегIоьртар ду харжамийн каппашка, шайн кхаж бакъдолчунна, нийсонна, кханенна дIабала", - билгалдоккху Кутаевс.

***

Кадыров Рамзан куьйгалла деш ву Нохчийн республикана 2007-чу шарахь дуьйна. Оцу хеначохь Оьрсийчуьрчу бакъонашларъярхоша а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евробарто а дуккхазза а билгалдаьккхина республикехь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал вуно ледар хилар. Хаамаш баьржина Нохчийчоьнан территорина тIехь бина таллам а, йина кхел а йоцуш, адамаш дайъарх лаьцна а, ЛГБТ тобанца уьйраш йолу нах хьийзош хиларх лаьцна а. Кадыровс а, цуьнан гоно а тIе ца дуьту шайна дехкина бехкаш.

Стохка Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа вуно кIоршаме адамийн бакъонаш талхона санкцийн тептарна юкъавахийтира Кадыров. Уьш хьакхаелла иштта цуьнан хIусамненах Кадыров Меднех а, йоIарех Кадырова Iайшатах а, Каринех а. Санкцешца дихкина ду царна Америке бахка а, бизнесца йоьзна юкъаметтигаш лелор а, ткъа иштта болх бечура совцийна ю банкашкара чоьташ а, кхин йолу активаш а. Хьалхо Америко Кадыровна дуьхьал кхайкхийнера экономикан санкцеш.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Внук Манделы заявил о планах укрепить сотрудничество с Россией

Физмат-лицей на 525 учеников в Сергиевом Посаде начнет работу в сентябре

Утверждены получатели стипендии мэра Москвы

Центральный музей Росгвардии и Мариупольский краеведческий музей заключили соглашение о сотрудничестве

Музыкальные новости

Топ-клуб РПЛ из Москвы заинтересован в трансфере Зайнутдинова

Гендиректор Быстринского ГОКа стал старшим вице-президентом «Норникеля»

"Гриша, уходи!": реакция интернет-сообщества на вылет "Урала" из РПЛ

Собянин: Новый корпус больницы святого Владимира планируется открыть в 2025 году

Новости России

Внук Манделы заявил о планах укрепить сотрудничество с Россией

Более сорока семей поучаствовали в большом семейном фестивале в Лобне

Полиция арестовала напавшего на следователя в Москве молодого человека

Центральный музей Росгвардии и Мариупольский краеведческий музей заключили соглашение о сотрудничестве

Экология в России и мире

Доктор Кутушов назвал болезни, которые поджидают отдыхающих у водоёмов

Конференция «Общество и психическое здоровье» прошла в Ставрополе

«585*ЗОЛОТОЙ» выступила партнером медиафестиваля творческой молодежи YOUPITER

Условно разрешенные виды использования земельных участков

Спорт в России и мире

Главный русский теннисист заставил Париж аплодировать ему стоя. Что удалось Осьминогу Медведеву?

Ролан Гаррос. Расписание 2 июня. Потапова и Швентек сыграют первым запуском, Синнер – последним

Прямая трансляция матча Рыбакиной с победительницей четырех "Больших шлемов"

Прямая трансляция матча Елены Рыбакиной против экс-первой ракетки мира на «Ролан Гаррос»

Moscow.media

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика

Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G

Дизельный, рамный, с блокировками. Новый внедорожник скоро появится в России

Дайджест новостей «Грузовичкоф» за май











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Гоша Куценко признался, что в актерство его привела любовь

Внук Манделы заявил о планах укрепить сотрудничество с Россией

Сотрудники Росгвардии задержали устроившего стрельбу мужчину в Подмосковье

Физмат-лицей на 525 учеников в Сергиевом Посаде начнет работу в сентябре