Йозуш йоцу пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайийначу Абхазехь кхоччуш дихкаина дешархошна гуьржийн маттахь деша. Цуьнах лаьцна дIахьедина Гуьржийчоьнан маслаIат даран а, бахархойн цхьатерра бакъаонаш хиларан а хаттаршкахула волчу пачхьалкхан министран аппаратехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Тбилисехь эргIада бахна бу хилларг бахьана долуш, цара дIахьедар дина берийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна.
Пачхьахкан министран аппаратехь билгалдоккху, гуьржийн мотт школашкахь леларца йоьзна проблемаш хилар Ахалгорин кIоштахь а. Министран векалш дагахь бу и хаттар дийцаре дан Гуьржийчоьнан дуьненаюкъарчу парнерашца, оцу кIошташкахь бехачу нехан ненан маттахь деша бакъо хилийтархьамма.
Хьалхо хаам бинера, Гальски кIоштахь школаш оьрсий маттана тIе йохур ю цхьацца йоккхуш аьлла. Карарчу хенахь гуьржийн маттахь дешар дихкина ерриг а классашкахь. Зорбан гIирсаша бечу хаамашца, хIинца дуьйна дIа гуьржийн мотт а, литература а Iамор ю Гальски кIоштахь кхечу пачхьакхан къоман мотт а, литература а санна.