Де хьалха Нохчийчохь вийна ТимурзиевгIеран ши воI билггал террорхой бара алий, тоьшаллаш гайта шайна аьлла, СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а ГIалгIайчохь бехачу вежаралин тайпанаша. Иштта цара хаамбина, байъинчийн гергара нах лаьцна хиларх, уьш маьршабаха аьлла, тIе а дожош.
"Соьлж-ГIалахь байъинарш- тхан нах бу, нагахь санна, уьш билггал террорхой хиллехь, зорбане даха тоьшаллаш, цхьа видео хилла а тоьшалла хила ма деза, цкъа делахь. ШолгIа аьлча, шун бакъо яц церан дай-наной а, йиша а лаьцна латтон, оха тIедожадо уьш дIахецар а. КхозлагIа, схьало тхан байъинчийн декъий, уьш тхайн Iадатехь дIабохка", - боху массеран а цIарах юкъаралхочо Султыгов Сараждина, цхьахйолчу гIалгIайн телеграм-каналехь бинчу видео кхайкхамехь.
Султыговс билгалдаьккхина, ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а цIийнах мел болчийн цIарах ша вистхуьлуш хилар.
ГIалгIайчохь шуьйра дийцадаьккхина оцу хиламех. Соьлж-ГIалахь байъинарш тIемалой бара аьлла, дIакхайкхор шеконашка диллина цхьа могIа юкъаралхоша а, блогерша а. Цара тIедожийна, уьш гIаттамхой хиларх тоьшаллаш Iорадаха аьлла.
Оцу юкъанна IADAT телеграм-канало хаам баржийна, кадыровхоша Соьлж-ГIалахь ехаш хилла ТимурзиевгIеран 20 шо долу йиша а, нана а лаьцна, йигина аьлла. Иштта, дуьйцу байъинчийн доттагIий а, цаьрца школехь цхьана классехь дешнарш а бигина бохуш.
Дахначу оршотдийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, ППС-н полисхошна динчу тIелатарехь цхьа полисхо вийна аьлла. ШолгIачунна чевнаш йина бохура цо. ТIелеттачарех цхьаъ вийнера, шолгIачунна чевнаш йинера. ТIаьхьо дарбан хIусамехь велира иза а.
Кадыровн версица, полисхошкара герз даккха гIоьртинера уьш. 2012-чу шарахь дуьйна Соьлж-ГIалахь шайн деца-ненаца вехаш хилла ши ваша: Тимурзиев Хьасан а, Хьусейн а хиллера и шиъ.