Цхьа йовхо
Адамаш гергардан аьлла
Цхьа йовхо дуьненчу яьлла.
ЦIинйо цо сийна стигла а,
Дохдо цо Iаьржа латта а,
ЙоIаца кIант лаьттан дакх а,
Лулара доккха шистаг а,
Доккхачу шинастеган нуц а,
Зезагаш тIедуьйшун буц а.
Туьйранийн дуьненийх хьирчи,
Пондарийн эшаршца йилхи,
Адмашна хелхарш а Iамий,
КIанте йоI маре а ялий,
Техка а ди, хьоьстуш нана,
Пхьераша мел дина ага
Цо хIинццалц.
Кхин а мел еха
Адамаш ша Iамор деца:
Бепигаш чам болуш датта;
Маттана, марзо луш, карча;
Вовшашна хила а аьхна,
Дуьненчохь довллалц вай даьхна .
Дуьххьара йоI езаелла ,
Дуьне а синна гатделла
Мел лелан волчор ю иза
Дахарал къона, цул шира!
ЦIеххьана и йовхо кхетта
Со а ву дагах цIе летта.
Мотт хьоькхуш, хьоьсту цо, дотту
Лулара шистаг а доккха,
Доккхачу шинастеган нуц а,
Зезагаш тIедуьйшун буц а.
1982 ш.