Москвахь яхначу буса а, дийнахь а 3 505 коронавирусан ун даьлла стаг къаьстина, Охан-беттан 30-чу дийнера схьа иза тоьлла гайтам бу аьлла, тоьшалла до эпидемица къийсам латтон Iалашонца вошахтоьхначу оперативан штабо. Стигалкъекъа-бутт карабеачхьана ун даьллачийн терахь Москвахь 24 сахьтехь 5-6 эзар хуьлура.
Иштта, яхначу буса Оьрсийчохь кхин а 9 200 стагаца COVID-19 вирус къаьстина 83 регионехь, шайлахь аннекси йинаГIирма а йолуш. Эпидеми юкъаяьлчхьана пачхьалкхехь ун даьллера 272 эзар стагана. Карарчу хенахь вирус кхетта ву 206 340 дархо.
Дарба хилла 63 166 пациентана. Кхелхина 2537 стаг. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса динчу зерашца, велла 119 вахархо.