Йалх нохчочух лаьтташ йу маьршачу кепехь тийсаваларан Францера тоба – Румынехь дIахьочу Европерчу кегийрхойн чемпионатехь дакъа лоцу цара. Церан доьзалаш дIабахара даймахкара Оьрсийчохь контртерроран операци дIахьочу хенахь. Бакъоларъярхочо Черкасов Александара дийцира, муха, стенга дIаидира Нохчийчуьра бахархой хIетахь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь шен республикехь дерриге чIогIа вуон доцуш ду; дерриге Путин бахьана долуш дика схьадогIу,” - аьлла, президентана баркалла элира. 2022-чу шарахь регионехь тайп-тайпачу сферашкахь тоьллачарех меттигаш йаьхна ду шаьш. Амма цо мел дийцинарг официалан – статистикица цхаьанадогIуш дац. Иштта Кадыровс Путине дийцина, Нохчийчоьно дIадаханчу шарахь хьалхара меттиг баьккхина дукха "пачхьалкхан программаш къиамца кхочушйарехь а... Читать дальше...