Маьршачу кепехь латаран Европерчу кегийрхойн чемпионатехь Францин цIарах дакъа лоцур ду беккъа нохчех лаьттачу цхьаьнатоьхначу тобано. Летарш хIиттор ду Бухарестехь (Румыни), зазадокху-беттан 13-чуьра 19-чу дийне кхаччалц лаьттар ду уьш. Ялх латархочо – Бибулатов Адама, Арсамерзуев Хьамзата, Сангариев Мухьаммад-Амина, Делиев Мохьмада, Магомадов Рахьима, Висханов Iадлана – дакъалоцур ду кеп-кепарчу йозаллин категорешкахь, аьлла ду Францин латаран Федерацин публикацехь. Стохка оццу чемпионатехь... Читать дальше...
Терроран гIуллакхехь дакъа а лаьцна, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, гIалгIайн берийн лор Гайтукиев Багаудин жоьпалле озош ГIалгIайчоьнан прокуратуре арз хьажийна, хаамбина "Мемориало". Террорхойн гIуллакхна тIехула таIзар динчун мукIарлонна тIехь бехке хIоттийна иза Цхьа шо а ду бехкечун статусехь Гайтукиев вуьсу гIаттамхошна гIоьналла латтийна аьлла долийначу хьалхарчугIуллакхехула. Талламан версица, террорхойн тобанан декъашхочуьнга Абадиев Мохьмаде молханаш дIаделла цо. Лоьро бакъ ца до ша Абадиевца цхьаьнакхетар... Читать дальше...