ТIаьххьарчу деношкахь цIийнех хьуьйсуш, лоьцуш хиллачу гIалгIайн батIалхьажойн вежараллехьа узуш шен телеграм-каналехь вистхуьлуш видео хIоттийна Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан урхалхочо чIагIдо, лецначарлахь бехкебоцурш а бу бохуш. "Дозанал арахьара динехьа къамелш деш, БелхороевгIарна шайн ма-хуьллу доцурш тIеухкуш" жигарабевллачу "интернет-питанчах"лаьцна ду публикацихь дуьйцуш дерг. Кадыровс бахарехь, "таллам а бале бехкебо БатIалхьаьжа къобалвийраш, иза цхьа кечйина интернет-кампани йолуш санна хета". Читать дальше...
Цхьа могIа шога зуламаш дарна хан токхучу Тангиев Тимура Чернокозовера номер 2 йолчу колонина латкъам беш Ноьвран кIоштан кхеле чуйеллачу искехула бина сацам Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело юхабаьккхина. Цо арз динера, колонин куьйгалло "кхерамзалла Iалашъярца" бохуш, бертаза кхечу тутмакхех дIахадийна ша аьлла. Документашца а догIуш, "кхерамзаллин меттиг" бу гIуда туху изолятор йа камерех тера йолу кхечу контингентех дIакъастийна чоь Шен искехь Тангиевс билгалдоккху, ша кхечарех дIакъастош хIоттийначу рапортана "аьттехьа а реза ца хилар"... Читать дальше...
Зударийн бакъонаш Iалашъяран болх караберзош хилла нохчийн жигархо Сакаева Гистам дIахецна хеттарш динчул тIаьхьа. Карарчу хенахь маьрша ю иза. Цунах лаьцна хаамбо "ОВД-Инфо" хьостано, иза евзачу зудчунна тIетевжина. Бакъоларъяран проекто кхин совдаьккхина дийцина дац цунах лаьцна. ГIоьналлин "Тешам" юкъаралла схьайиллина Сакаева Гистам яйнера лахьан-беттан 1-чу буса казахийн а, оьрсийн а доза хадочу юкъанна. Шен доттагIчуьнга дIахаийта ларийнера иза, шегара кехаташ схьадаьхна, сахьт сов хан ю дозанхойн пунктехь латтон аьлла. Читать дальше...