"Новая газетан" журналист Милашина Еленас д1ахьедина, Нохчийчуьра шена тийсина кхерамаш бахьана долуш, ша цхьана ханна Оьрсийчуьра д1а ца яхча ца йолу, аьлла. "Дождь" (Оьрсийчохь иза хаамийн г1ирс – арахьара агент лерина ю, амма телеканал оцу сацамна реза яц) телеканалан эфирехь цо аьлла: "Иза де боху соьга сан коьртачу редакторо а, сан тоъал лаккхарчу т1ег1анера хьостанаша а, цара боху боккха бу суна т1ехь х1инца лаьтта кхерам, цундела аса цаьрга ладуг1ур ду, сайна иза мел ца лаахь а". Милашинина хетарехь... Читать дальше...
Нохчийн ницкъхоша а, ша Кадыров Рамзана а юкъа а берзийна, хьийзош бу ЯнгулбаевгIеран доьзал. Доьзалхой лечкъабо, закъалтехь латтабо, церан могушалла а, дахар а кхерамна кIел а латтош. Гергарчарна тIаьхьабийлар - Кадыровн гона товш мел доцчух оцу цIийнах болчарна жоьпалла тIедожор ду. ЯнгулбаевгIаьрца хиллачо гойту, Кремло нохчийн ницкъхойн куьйгаш даьстина хилар. Оцу кепарчу тIаьхьабийларийн чакхе цхьаъ хуьлу: "бехкениг" шайн болчу ницкъашца Нохчийчу дIавига гIерта, цунна таIзар дан - гечдар дехийта, йа набахте волла - цигахь. Читать дальше...
ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийначу митингехь дакъа лаьцначех цхьаъ вара 14 шо долу Кадыров Адам – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIант. Цигарчу майданахь яьккхина видео цо ша кхоьссира шен инстрамерчу агIоне (иза вазвелла ву adam_benoevsky_095 аьлла – дуьйцург ду КадыравгIар схьабоьвлла Бенойн тайп – ред.). Цуьнан куьйга тIера сахьт вуно тера догIу Richard Mille (Ришар Милль) 035 олучу сахьтах, Цуьнан мах (республикан куьйгалхочун кIанта лелориг иза делахь) масийтта миллионе хьалакхача тарло. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан йозуш йоцчу "Синдикат-100" медиан юкъаралло шаьш "Новая газетана" а, "Дождь" телекалана а (арахьара агент лерина) тIехIуьттуш хилар дIахаийтина, Нохчийчоьнан Iедалхошкара редакцин белхахошка кхочучу кхерамшца доьзна. "Дуьххьара дац кхерамаш дIасабоькъу. Оцу тIехула хIуммаъ ца деш, амма кхечу меттигашкахь жигаралла гойту, федералан структураш гуш ю. Оьрсийчоьнан низамаш шога лардан дезаш ду, бохуш, кест-кеста вайна хазош болу хьаькамаш а тапъяьалла Iа", - аьлла ду "Синдикат-100" юкъараллан дIахьедарехь... Читать дальше...
Нохчийчуьрчу суьдхойн квалификацин коллегино кхелахочун статусах ваьккхина Янгулбаев Сайди. Квалификацин коллегин официалан сайтехь бинчу хаамца, и хаттар айдинарг вара Нохчийчоьнан суьдхойн Кхеташонан куьйгалхо Гардалоев Iалавди. Суьдхочун статусах ваккхаро Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан суьдхо лаьттинарг вохаво шена тIецакховдарх а, иштта кхиндолу бехктакхаман гIуллакхашка ша ца ийзавойту дехкарех а. Чиллан беттан 4-чу дийнахь дуьйна болх бан болабо оцу низамо, и сацам къовса аьтто бу судьхойн квалификацин Лаккхарчу коллегехь. Читать дальше...