Нохийчуьрчу Iедалхоша шен гергара нах юкъа а балийна, ша сийсазвойтуш, шена тийсинчу кхерамашна жоп делла Лондонехь вехачу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада. Цунна хетарехь, махкахь Iедалан коьртехь берш "шайн даймахкана ямартбевлла нах бу"
Телефонашна ток лучу гIирсашна юкъахь болу тIом дIаберзийна Еврокомиссино. Кхечу смартфонашна лерина болу сара арахеца дезар ду Apple-а а
Антинаркотикан жигархо Абдурагимов Вали верна бехкевечу меттигерчу вахархочунна Болатханов Джаммалитдинна ша динчу таIзарх вердикт кхайкхийна ХIинжа-ГIалара Советский олучу кIоштан кхело. Таркхи эвлахь кху шеран Дечкен-баттахь вийра Абдурагимов. Болатханов бехкехилар тIе а чIагIдина, шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха итт шо хан тоьхна цунна, яздо "Махачкалинские известия" гIирсо. ХIинжа-ГIалара 28 шо долу вахархо Болатханов лаьцнера Дечкен-беттан 5-чохь. Хаамбарехь, Дечкен-беттан 3-чохь еххачу... Читать дальше...
COVID-19 вирус Оьрсийчохь юха а яржар билгалдаьлла. Роспотребнадзоран зерашца, пачхьалкхан 36 регионехь ун даьллачийн терахь 6,7 проценте даьлла, Москвахь а цхьаьна. Дийнахь керла ун даьлла 21 эзар стаг хилар къаьста, пандеми яьржичхьана верриг а цомгашхилларг ву 7,5 миллион вахархо. ЙоьалгIа тулгIе йолаяларх дIакхайкхийна Нижегородскан кIоштарчу могушалла Iалашъяран урхаллин министро Мелик-Гусейнов Давида: "Ун маса даьржаш ду. Чолхечу хьолехь берш дукха бу, хьалхарчу кхаа тулгIенехь хиллачул а. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана эцна Оьрсийчохь уггар а дукха титулш йолу, Титан цIе йолу бекъа. Шен инстаграм-аккаунтехь бина цо цунах лаьцна хаам, яздо Lenta.ru гIирсо. "Муха хета шуна тхан Титан?",- яздина регионан урхалхочо видеона бухахь. Тренеро куьйгалла а деш, говро кеп-кепара трюкаш кхочушъеш гойту видео тIехь. АйгIар бохкарх информаци тIечIагIйина ишта инстаграмерчу шен агIонехь говраш лелочу Либонтова Аринас а. «Hermits Titanium", Оьрсийчуьрчу тинкер породех схьаяьлла уггар а титулш дукха йолчу говро хийцина шен да... Читать дальше...
Лондонехь вехачу Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министрна Закаев Ахьмадна неIалташ кхийкхош, иза сийсазвойтуш видео дIаязъяйтина Iедалхоша цуьнан гергарчу нахе Нохчийчохь. Маршо Радионо яздира, даханчу кхаарин дийнахь цабевзачу, герзашца болчу наха стенга буьгу а ца хоуьйтуш, Закаевн гергара нах дIабигарх. Еарин буса Кадыровна муьтIахь йолчу инстаграмерчу масех аккаунташкахь видеоролик яржийна. "Ахьмад дIавахна, ЛГБТ-н векалш бехачу цига, хIунда аьлча, иза ша а царех волу дела (сийсазе, дастам... Читать дальше...