Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре хаам кхаьчна Интерполера, Владимирерчу кхелах ведда криминалан къу Абуладзе Леван, Сухумский Леван цIарца вевзарг, Испанехь лацарх. "Абуладзе дIавоьхуш хаттар Испанин компетенте органашка дахьийтарх дерзо дагахь бу, 1957-чу шеран Дечкен-беттан 13-чохь Европан конвенцино дIаваларх магийначу хенаца а догIуш", - хаамбина Новости агенталле Инарла прокуратурехь. Гезгмашин-беттан юьххьехь Испанин Къоман полицино хаам бира, Владимирехь шен хьокъехь кхелан процесс йолалучу... Читать дальше...
Олимпикан чемпиоанан, теннисах ловзучу Веснина Еленин Подмосковьерчу цIа чуьра мидалш а, мехала хIумнаш а лечкъийна."Коммерсантъ" гезете а, ТАСС агенталле а цо дийцарехь, "дийнан делккъехь" дина цунна къола. Веснинас бахарехь, масех сахьтана цIера яьллера иза. Керта тIехула а ваьлла, неI а йохош чуваьлла хилла къола дан веанарг. Чуьра яьхьна цо Олимпиадашкахь яьхна дашо а, дети а мидалш. Веснинас бахарехь, гуччохь латтош ца хиллера цо уьш, ишта, яьстинчу сейфачуьра мехала хIумнаш а яьхьна. ЦIа чуьра сигнализацино болх ца бина. Читать дальше...
Афганистанан хиллачу президенто ГIани Ашрафа шен къам къинтIера даьккхина, Марсхьокху-беттан 15-чохь Кабул дIа а тесна, радикалан боламе "Талибане" пачхьалкх дIаяккхийтарна. "Ас гечдар доьху доллу Афганистанан къоме, кхечу агIор дерриг а дерзон ницкъ ца кхачарна. Афганхойн къомана со муьтIахь хилар шеконашка дилла йиш йоцург ду, велла дIаваллалц цаьрца хир ву со", - аьллачу веддачу президентан дешнаш далийна Tolo News гIирсо. Экс-президенто билгалдаьккхина, цхьаболчу арахьарчу бахархоша шена кIело кечъеш хилар. Читать дальше...