Социалан машанашкахь кхайкхам баьржина, зорбанан гIирсаша лачкъийна, ницкъ ловш ю бохуш юьйцучу Трамова Хьалимата. Цуьнан къамел зорбане даьккхина pro_chechnya инстаграм агIонехь. Жимачу зудчо боху ша кIадйелла шех а, шен доьзалах а лаьцна харц хабарш а, эладташ а даржорах. Видео яккха дезна шен боху цо шен, ша йийна, подвала чохь латтош ю, хьийзош ю бохуш наха харц хабарш даржош хиларна . "Хоуьйту ас со лортIехь ю, со ца йийна, со сайн доьзалца а, гаргарчу а, юххерчу нахаца ю, ас чIогIа доьху йитахьара со", - боху йоIа. Читать дальше...
Социалан машанашкахь видео яьржина, Росгвардин белхахоша федералан территори санна билгалъяьккхинчу Сириус цIе йолчу хIордаца йолчу меттехь садоIуш болчу туристашна етташ яьккхина йолу. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. 10 минот йохалла йолчу видео тIехь Росгвардин ши эскархо ву шайх эххар ведда кIелхьарваьллачу стагана чхьонкарш тухуш. Эшам хилларг ву шеца йолу зуда ницкаллин структурийн белхахойх ларъян гIерташ дуьхьалхIоьттинарг. "Кубанские новости" новости газетан телеграм-канало дийцарехь... Читать дальше...
Донбассера тIеман конфликт дIаерзор дийцаре дийр ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дакъа а лоцуш. Цуьнах лаьцна дIахьедина Украинин вице-премьера Стефанишина Ольгас, хаам бо Радио Свободано. Стефанишинас дийцарехь, Вашингтон юкъаяхна оцу балхана Американ а, Украинин а президенташ цхьаьнакхеттачу дийнахь дуьйна. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн в, Украинин а президенташ Джо Байден а, Зеленский Владимир а цхьаьнакхийтира Вашингтонехь Гезгмашин-беттан 1-хь. Кхечарна юкъахь цаьршимма дийцаре дира кхерамазаллица а... Читать дальше...
Американ президента Джо Байдена омра делла Юстицин министраллана, 2001-чу шарахь Гезгмашин-баттахь терроран тIелатарш динчул тIаьхьа ФБР-ра бинчу талламан материалаш талла аьлла, уьш къайлаха йолчура схьаястар а, зорбане яхар а Iалашонца. Цунах лаьцна хаам бо Американ Аз портало. "Президентан дарже хIотта кампани дIахьуш, ас дош деллера Гезг-машин беттан 11-чу дийнахь Америкина терроран тIелатарш дарца доьзна документаш схьадостур ду аьлла. Айса аьлларг кхочуш деш ву со ибохаме де хилла 20 шо кхочуш", - аьлла ду Байденан дIахьедарехь. Читать дальше...