Нохчийчуьра бюджетан белхахоша 50 миллион сов комментарий йитина мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан а, кхечу Iедалхойн а посташна бухахь телеграмехь а, Оьрсийчохь йихкинчу инстаграмехь а. Дуккха а шераш ду хьаькамаша зорбане дохучу йозанашна лайкаш хIиттор регионан бахархошна тIедожийна. Оцу йукъанна цу доллучо а мелхо а чам боккху нохчийн, бохура оппозицин блогерша а, жигархоша а.
Iедалхошна пайден йолу контент социалан машанашкахь хьалхатоьттуш верг ву Нохчийчохь къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министр Дудаев Ахьмад. Тоххара "Грозный" пачхьалкхан телеканалан директор вара иза, Американ Цхьаьнатоьхначу Штататша цунна дуьхьал йаьхна санкцеш а йу.
ХIотточу чоьтехь урхалло цу тайпачу "балхах" олу "регионехь а, цул арахьа а хуьлучу хиламех йукъараллина хетачунна тIехь терго латтор". Цо ишта тIетуьйхира, комментарешкахь "зорбане доху фейкан а, питане а йозанашна луш долу жоьпаш" ду уьш аьлла.
Зорбане даьккхинчу документа тIехь йаздина ду, инстаграмехь цара 4,2 миллион реакци йитина 658 публикацина бухахь аьлла, иза а 2024-чу шеран йоьалгIа квартал йу йуьйцург. Рапортехь билгал ма-даккхара, леррина схьайиллина 41 эзар аккаунт йу лелош. Телеграмехь республикан Iедалхошна муьтIахь йу 39 эзар бюджетан белхахойн аккаунт, цара кхаа баттахь 876 публикацина бухахь йитина 19,4 миллион комментарий.
И гайтамаш – цхьана шарахь хилла бу: масала, дечкен-зазадокху а беттанашкахь бюджетан организацийн белхахоша йитина инстаграмехь миллион реакци, телеграмехь 5,3 млн, шолгIачу кварталехь 2,3 а, 12,5 миллион. КхоалгIачу кварталехь – 2,7 а, 12,5 а миллион. Цхьана шарчохь посташна бухахь йитина йерриг а 50 млн реакци.
Нохчийчохь бюджетан сферехь официалехь болх беш 150 эзар сов белхахо (1,5 млн вахархо а волуш) хилар лерича, хIора муниципалан а, пачхьалкхан а гIуллакхдархо декхаре ву хIора денна дикачу агIор йазйина комментарий йита.
Зорбанан министраллин болх жигараллин цхьа сурт хIиттор санна гуш бу – иттаннашкахь эзарнаш аккаунташ лелор а, цхьана чулацамехь, мехалла йоцу комментареш йитар, тешна ву нохчийн блогер Халитов Хьасан. Цуьнан дешнашца аьлча, "дуккха а нах шайгахьа бу бохуш, эхь ца хеташ, кеп хIиттон гIертар ду и", ишта адамашна тIехь терго латтор а, ткъа махкара бахархой а цунах дукха дика кхеташ бу.
Шалхалла лелош хиларх кхегина масал ду бохура цо, Оьрсийчохь и маша бехка а бихкина, цунна блок тоьхнашехь, нохчийн хьакамашлахь а, урхаллашлахь а цунах жигара пайдаоьцуш хилар: "Йихкинчул тIаьхьа Кадыровн гергарчийн аккаунташ, цуьнан йишин-вешин берийн а цхьана, йуха а йаржош йара даккхий ахчанаш йукха а дохкуш. Гуш ду, оцу агIонашца аудиторин интерес йу бохуш, шайггара дестийна дуьйцуш хилар. Йоццачу хеначохь гулбо агIонашка нах, ткъа лайкаш а, хьоьвсина нах а билггал долчу суьртаца догIуш а ца хуьлу".
Бюджетан нохчийн белхахошка комментареш а, лайкаш а йитийтина ца Iаш, изза тIедожадо церан доьзалхошна а, оцу кепарчу хIумано эргIадалла гIаттайо, билгалдоккху блогеро: "Шаблонан кепехь комментареш дIасакхехьийтар, уьш а йу дашана гал а ца бовлуш, ма-йарра шайна оьшшучу постана бухахь иттаннашкахь дIахIиттош, цо а билгалдоккху оцу системин лартIахь цахилар.
ТIехьерчор а, цхьатерра комментареш а
Кадыров Рамзанан телеграм-каналера посташна бухара комментареш бIаьргтоьхна теллича а тIечагIдо Халитовн дешнаш. Масала, гIуран-беттан 29-чохь цо хаамбира, регионалан автодоран министраллин белхан жамIашкахь ша дакъалацарх лаьцна. Цунна бухахь тайп-тайпанчу аккаунташкара цхьатерра, цуьнца йоьзна а йоцу иттаннашкахь комментареш йитина: "Шеф уггар а диканиг", "Ахмат Сила", "Даггара баркалла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна республикехь машар а, паргIато а латторна!" (оригиналан орфографи хийцаза йитина. – Редакцин билгалдаккхар).
Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца а, Пачхьалкхан Кхеташонан секретарьца Дюмин Алексейца а хиллачу цхьанакхетарх лаьцна бинчу хаамна кIел иттаннашкахь кеп-кепарчу аккаунташкара йазйина комментареш йу: "Дала аьтто бойла хIиттийна Iалашонаш кхочушйеш!", "Йуха ма вала толаме а, токхене а воьдучуьра!", ишта кхин дIа а. Церан доккхачу декъехь – йукъара дешнаш а, декъалвар а ду, ишта Нохчийчоьнан урхалла хестор а, бинчу хаамах лаьцна олуш дош а доцуш.
Ши миллион сов стаг агIоне йазвеллачу Кадыровн телеграм-каналаца билггал аьлча бала цахилар гуш ду премиум-аккаунташкара цуьнгахьа кхаж тесна терахье хьаьжча. Керлачу тIегIане кхача оьшучу бархI эзар бустах цунна кхьачна 115, ткъа цуьнан чатехь кхаьжнаш тесна оьшучу 509 стагах 51-ммо.
Социалан машанийн анализ йечу эксперто, шен цIе къайла а йаьхьна, билгалдаьккхира оцу каналана "накрутка" йина хиларан цхьа могIа билгалонаш: цхьана шарахь эхашарахь агIоне йазбеллачийн терахь ма-дарра лаьтташ ду – шина миллионан йешархочун тIегIанехь.
"Коьрта гайтам бу агIоне йазбелларш йукъаозийна хилар, аьлча а, хаамаш, комментареш, реакцеш дIасакхехьийтар. Телеграм-каналехь 10-20 процент жигаралла йолуш белахь дика лоруш ду. Аналитике хьаьжча, Кадыровн каналан жигаралла дикка лахара йу, цо тоьшалла до цуьнан аудиторина йукъахь боташ хиларан", - билгалдоккху къамелдечо.
Цо тидам тIебохуьйту, Кадыровн каналехь 2024-чу шарахь уггар а гIарабаьлла хаам бацара Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхех лаьцнарг, губернаторан каналехь и дара коьрта хета дезарг. Амма массеран а тидам тIеоьзнера Wildberries маркетплейс йиллинчех волчу Бакальчук Владиславца хиллачу цхьанакхетарх болу хаамо. Цу тIера доладелира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Дагестанан цIарах сенатор волчу Керимов Сулейманца маркетплейсан гонах дов а. Дахначу шарахь къовсаме даьлла бизнес-дов гIараделира Кадыровс шен агIоне хIоттийна видео бахьана долуш, цунах лаьцна жигара дийцира зорбанан гIирсашкахь.
Вовшашца уьйр йоцу инстаграм
Махкара хьаькамийн социалан машанашца къаьстина интерес хиларх дуьйцучу оппозицин NIYSO боламан векало Дишни Ансара дагадаийтира Кадыровн инстаграмца хиллачу йукъаметтигех.
Дуьххьара цуьнан аккаунт дIайаьккхира 2017-чу шеран гIуран-баттахь, Нохчийчоьнан куьйгалхо "Магнитскийн тептаре" йазвича. ХIетахь Кадыровс дIахьедира, оцу майданера аравала дагахь вара ша ишта а, цуьнан метта чIагIо йира цо, керла нохчийн Mylistory цIе йолуш маша йукъабаккха. Цхьана хIумана тIехь эшна хир йац и дозанал а арахьайолчарел а, бохура цо. Амма цунах кIад а ца хилира, тIаккха дуккха а болу нохчийн хьаькамаш йухабьхкира инстаграме.
"Керла информацин хьоста йу бохуш, дозаллийца пиар йина "Iаламат-апликаци" болх беш йоцу масех шо а ду", - дагадаийтира NIYSO-н векало.
Кадыровс а, цуьнан гонерчара а официалехь йоцу аккаунташ схьайиллира, видеоэфираш хIиттош, журналисташна кхерамаш туьйсуш, жигара пайдаоьцура царех хьаькамаша. Масех бутт баьллачу хенахь и агIо а дIайаьккхира цуьнан. Йуха а, йуха а йоьллура цо аккаунташ, ишта рогIерачунна йуха а блок туьйхира 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.
"Оьрсийчоьнан кхинйолу медиаресурсаш а, хьаькамаш а санна, Кадыров а гIерта нахалахь йаьржинчу майданашкахь виса. Инстаграм чIогIа гоьйаьлла йу Нохчийчохь, цундела цецвала хIума дац, цигара Iедалхой цунах тийсабалар. Амма Кадыров воцург а, дуккха а Оьрсийчоьнан хьаькамаш бу, и маша бихкинашшехь, цу тIехь аккаунташ йолуш", - кхин дIа а дийцира къамелдечо.
Зорбанан министраллин кхечу коьртачу балхах – "эладитанаш а, шайггара хабарш а даржочаьрца" къийсам латтор - цунах дерг аьлча, NIYSO-н векало бохура, боламан агIонашна денна тIелетарш до боташа, ткъа ютюбера каналана - латкъамаш бо.
Оппозицин важа гIирс – 1АДАТ болам - иза а иштта Iиттало реакцеш, комментареш йуьтучу ботех. "Грозный-Сити" гIишло чохь йолчу цхьана офисехь дIатарйинчу бот-фермо дуьтуш ду и йозанаш, чIагIдо боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрахIима.
Кадыровн зорбашна бухахь лайкаш хIитторах лаьцна дуьйцучу Янгулбаев ИбахIима билгалдаьккхира, и дерриг а Кремлан политикан хоршахь нислуш хилар: "Кадыров шеггара лелаш вац, шен лаамехь лела адам ма даций иза. Москвара тIедожийна лелош ду социалан машанашкахь шайна оьшу васт хьалхатеттар. ХIунда аьлча, Путинна Нохчийчоь – визитан карточка ду, цунна коьрта ду тIемаш бирзинчул тIаьхьа йухаметтахIоттийначу мехкан сурт".
1АДАТА-н векало билгалдаьккхира, бюджетан белхахойх хастаме комментареш йуьтучарех дукхахберш – дукха дика Кадыровн а, цуьнан гонан а политикех кхеташ болу беккъа республикера белхахой хилла ца Iа. Уьш арахьара йешархой а бу, царна оьшу 1990-чу шерашкахь тIемаша йохийна, "Путин волчу заманчохь кхиъна йогIучу" регионах месседж кхолла.
"Кадыровн а, кхинболчийн а официалан агIонаш нохчашлахь кхин дIоггара дош хеташ тIе а ца оьцу. Цара мел дукха нахалахь аккаунташ йаржорах, нохчочун бIаьргаш чохь хIумма а хийцалур дац. Мелхо а, арахьарчу аудиторин гIоьнца агIонаш латтон гIертар, конкурсаш а хIиттош, миллионникаш-блогерийн майданашкахь каналашна реклама йар беламе го. Цхьа дегаза хоьтуьйту-кх и дерриг", - дерзийра жигархочо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан доьзало дакъалоцура социалан машанашкара шайн аккаунташ дIасайаржош, хIора аккаунт шорйийриг 400 эзар сом лора, аьлла журналистана Дудь Юрийна интервью луш дийцира Оьрсийчуьрчу кегийрхошлахь алссам вевзачу репера Моргенштерн Алишера 2020-чу шеран гурахь.
2023-чу шеран дечкен-баттахь дийца даьккхира, Нозхийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца йоьзначу аккаунташка йазвеллачунна, Оьрсийчохь йихкинчу инстаграмехь айфонаш а, спортан Mercedes-AMG GT мерседес а лур йу бохуш. 10 миллион сом бара оцу совгIатийн боллу мах. Лур ду аьлла совгIаташ мича ахчанах эцнера а, хууш дац.
Конкурс йу аьлла информаци гучуйелира скандале блогеран, ийначу кепехь латарийн Hype Fighting Championship лига кхоьллинчу Тамаев Асхьабан агIонехь. Йазбала безара ya_pomoshnik_kra_95 аккаунте – Кадыров Рамзанца йузу иза, дийцарехь, политикан гIоьнча Даудов Iумар ву иза лелориг. Иштта bugor_jr , bugor_jr аккаунташка а, уьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIентан, цхьана хенахь спортан министр хиллачу Кадыров Хьамзатан йу, dustum –аккаут политикан, цу хенахь I5 шо долчу кIентан, Кадырова Адаман йу.