Добавить новость


World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Мекх-Кхелан" YouTube-канал яьстина Кадыровга кхайкхам бинчул тIаьхьа

ГIалгIайн "Мекх-Кхел" юкъараллин организацино дIахьедина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кхайкхам шаьш бинчул тIаьхьа шайн YouTube-канал ястарх. Шена дохку бехкаш вовшахтохий, уьш довзийта аьлла, Кадыровс кхо де хан еллачул тIаьхьа, "Мехк-кхелан" куьйгалхочо Султыгов Сараждина кхаа тайпа бехк баьккхира цуьнгара.


Султыговс дIаяздинчу къамелан видеона тIекхочийла дац, каналерчу кхечу роликашна а санна.


"Соьга телефонаш еттара, каналера видеога хьажа аьтто бац бохуш. Канал яьстина хилла, видеош дIа а йохуш. Шух тера со лелар вац, амма и динарш - къонахий бац", - дIахьедина Султыговс "Фортанга" ресурсе.


Жигархочун дешнашца, тIаьххьара канале бевлла Соьлжа-ГIалара кху беттан 16-чохь 15:29 хан яьллачу заманчохь. "Мехк-кхелан" куьйгалхочух волчо дIахьедина канал юхаметтахIоттон лаам хиларх.


Кху деношкахь Кадыровс дIахьедира, ГIалгIайчуьра схьа бехкаш ца дехкина шена, кхаа денна хIоттийначу ультиматумна, цо кхайкхамбира нохчашца хьалхо социалан машанашкахь луларчу республикерчу бахархойх лаьцна шаьш язйинарг дIадайа аьлла.


Дечкен-беттан 15-чохь суьйранна къоман политикан министро Дудаев Ахьмада дIакхайкхийра, "гIалгIайн къомах лаьцна мостагIаллица язйина муьлхха а комментарий дIаяккха аьлла", Кадыровс тIедилларх.


Кадыров Рамзана беттан 12-чохь шога дIахьедар дира ГIалгIайчоьнан бахархошка. Бахьана дара гIалгIайн делегаци Нохчийчу яр а, цул тIаьхьа шайн махкахошна хьалха бехк цабиллар доьхуш, бистхилар а.




Кадыровс кхерамаш тесира, луларчу республикера латтанаш схьадохур ду ша аьлла, цо ультиматум хIоттийра къаношна. Кхаа дийнахь шена дохку бехкаш вовшахтохий, шега схьахаийта, амма ша сийсазвеш къамелаш дахь, "ша хIуъа а дийр ду" аьлла. 


Шина махкана юкъара дозанех лаьтта хаттар дийцаредан нейтралан территори тIехь вовшахкхетар хьийхира "ГIалгIайчоьнан Къоман кхеташон" юкъараллин организацино гIалгIайн а, нохчийн а векалшна. 


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бинчу бартана куьг таIийра шина республикан куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а 2018-чу шарахь Гезгмашин-беттан 26-хь. Бинчу бартана реза боцчу наха масех митинг дIаяьхьира 2018-чу шарахь гуьйранна а, 2019-чу шарахь бIаьста а. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus