Добавить новость


World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Москвахь автобусчуьра нахана кхерамаш тийсина дагестанхо лаьцна

Кху деношкахь Москвахь йоьдучу автобусчохь националистийн къамелаш а деш, пассажирашна кхерамаш тийсина 29 шо долу Дагестанера вахархо лаьцна Калуган кIоштахь. Оцу хиллачунна тIехула бехктакхаман гIуллакх долийна къаьмнашна юкъахь гамо гIатторна, хаамбина ТАСС агенталло.


Хьалхо социалан машанашкахь видеоролик яржийра, ша дагестанхо ву боху жимстаг Москварчу автобусан пассажирашца девне вуьйлуш, националистийн къамелаш а деш. Соьцийлашна юкъахь автобус сацор тIедожийнера оцу стага. Шена дуьхьало йича, цо дIахьединера нагахь санна, ша оьрси хиллехь, ша бохург дийр дара машенлелорхочо аьлла. Цул тIаьхьа нацизмна бехке бира цо машенлелорхочуьнгахьа бевлла пассажираш.




Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс терго йира видеон, "дагестанхочо лело дезачу гIиллакх-оьздангаллица" цуьнан лелар догIуш цахилар билгалдокхуш. КъинтIера баха и нах аьлла, кхайкхамбира Меликовс. МостагIалла йа гамо гIатточу артиклехула ялх шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо.


ГIадужу-беттан юьххьехь Дагестанерчу кхаа вахархочо йиттинера Москварчу метро чохь, йоIехьа гIо даьккхинчу цхьана пассажирна. "Стаг вен гIортарна" а, "Iедална векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна" а аьллачу артиклашкахь бехкаш дехкина царна.


Керлачу Москвахь леттачу "кавказхойх" лаьцна федералан хаамийн гIирсаша зорбане баьхначу хаамаша эргIадбахийтинера Къилбаседа Кавказерчу социалан машанийн сенгментехь. Блогершна ца тайнера, леттарш "кавказхой" бу аьлла, керланийн лентехь яздар а, пачхьалкхо ахча латточу Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас комментарий яр а. 


Москвахь таксистана мах дIабала дуьхьал хиллачу кегийчу нахера бехкбаьккхира 2020-чу шарахь Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама. "Грозный" телеканало цуьнах лаьцна сюжет гайтира.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus