Добавить новость

Ремонт филиала РГГУ в Домодедове завершат к началу учебного года

В Москве мужчина пнул свою девушку, а затем от стыда выстрелил себе в ногу

Многодетная мама в Клину приобрела квартиру по губернаторской программе

Избитому боксеру Дмитрию Двали провели операцию на поврежденном глазу



World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ГIалгIайн кхел". Стенна хьовсийна набахте Нохчийчоьнца доза къастош бина барт цатайнарш

Ессентукехь дIадаьхьначу ладегIаршкахь Кисловодскерчу гIалин кхело ГIура-беттан 15-чохь 7,5 – 9 шераш кхайкхийна набахтехь даккха "лаьттан протестах" долчу девне ийзийначу ГIалгIайчуьрчу жигархошна.

ГIалгIайн тайпанийн кхеташонан куьйгалхочун гIовса, Магасехь полицица дов эккхарца 2019 шеран бIаьста йирзинчу протестан митинган декъашхочо кхелан сацамна ша резавацар иштта хаийра: "ХIара ю-кх демократи, езарий шуна? ХIара ю-кх кхелан нийсо! Делла дIадовлалалц чудохка аьллехь, цара-м мел йсинчу ханна а чудухкур хилла".

Юстицин министралло дIакъевлира тайпанийн кхеташо. Цуьнан куьйгалхо Ужахов Малцаг а ву хан тоьхначарна юкъахь. Барахоевн шеко яцара ша а, шеца кхеле озийна ялххе а бехкевийриг хиларх. Хаалуш яра кхелехь полициний, девне ийзиначех сагатдеш баьхкинчарний юкъахIоьттина гамо.

"Сацам иштта бийр бу ца моьттура. Лецнарш бакъбийр боцийла хаьара, сатийсам а бацара, амма хетара, аьр вай, диъ шо тоьхна мукъане а буьтур бу. Ца моьттура оццул луьра хир бу сацам. Ирча де ду хIара. Нахана воший бевзаш а хилла. ХIун экстремизм? " – боху чувоьллинчу цхьаннан, Чемурзиев Барахан зудчо Чемурзиева Асета.

Ессентукерчу кхеле хьовса ГIалгIайчуьра баьхкинарш бара 60 хиллал, гIишло ларъеш лаьттара полици. Эшам хиллачийн могIарахь ву девнехь 57 полисхо, царна массарна а "догIмаш тIехь ларш йоцу, амма лазар доссош йолу гIело йина", цара а, талламо а бахарехь. Кхин а бархI полисхочо чIагIдо шайна могашаллина зе ца динехь а, чевнаш йира, шиммо боху, юккъерчу барамехь дара шайна хилла дараш.

Чубоьхкинчийн адвокаташа дицарехь, дов юьхьанца дуьйна а дара политикан бух болуш, лецначаьргара даьлларг билггал хIун ду кхетийна а дац.

"Йоьху хан, ур-атталла баттана а ца лахъеш, тIеяхийтина кхелахочо. Прокурора еххна хенаш кхайкхийна. Иза хьалххе дуьйна бина сацам бу, нах чубохка бен Iалашо а йоцуш, тхуна чIогIа йоккха харцо го цуьнца. Дов деккъа цхьа политика бен шена бухахь йоцуш ду, наханна максал гойIIтуш, кхерош тоьхна хенаш ю оццул, низам Iалашдархьама я нийсонан дуьхьа бина сацам бац иза", - элира адвоката Куриев Жабраила.

ГIалгIайчуьрчу протестех долчу бехктакхаман гIуллакхна цIе тиллина "керла болотное", верриг а жоьпе озийнарг ву 49 стаг.

20I9 шеран Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасан центрехь митинг хIоьттира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къастош тIеэцначу документна дуьхьал – 1991-чу шарахь дуьйна билгало йоцуш лаьттара шина мехкан латтанаш. Iедало агIонша льттн дакъош хийцар нийсонца дIадаьхьина, чIагIдо, амма гIалгIайн жигархой тешна бу иза иштта дацарх. Митинге араевллачара къоман гIуллакх эшорна бехкевира хIетахьлера мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Гулам бирзира полицица нах тийсабаларца а, тIаьхьо жигархой лецарца а.

"Дуьххьала дара цхьана протесте, цхьана агIор а болуш, кеп-кепара хенаш йолу, дин шайн-шайн долу нах арабовлар. Оцо, гарехь, кхерийна гIалгIай оцу кепехь меттахбевр бу аьлла ца хетта йолу Москва а, Кадыров а. Вайна гуш болу кхелан сацам – иза нах хьашар ду, цара ина митинг маьрша яра, жигархоша дерриг а дира из маьша ерзийта", - боху историка-политолога Соколов Дениса.

Адвокаташа 100 сов теш кхачийра кхеле, иза тешорхьама. БехктIехьочу агIонан тешаша динчу дареша цакхетамехь битина адвокаташ."Дай я видео-тоьшаллаш а, я нехан дареш а, я талламчийн материалаш а. Ткъа дерриг а тоьшаллаш лаьтта оперативан-талламан декъо бинчу балхах", – боху Мальсагов Мусан адвоката Беков Мохьмада.

Сацам дIабеша кхелахочунна тоьъна ах-сахьт. Адвокаташа аппеляци йийр ю, амма ца лецкъадо цара шаьш хиндолчух догдиллина хилар.

Набахти къастийначу жигархойн агIончаш дIасабахара, полицин гонера ара а бевлла, ГIалгIайчу, амма шеконе дуьллу цара шаьш цIахь кхерамзаллехь дехар ду бохург. "ДIаделла латта ГIалгIайчоьнах дIахадийна латта ду, цигахь гIалгIайн орам бу, иза бакъдолу гIалгIайн латта ду. ХIинца сан цхьа а даймохк а бац", - хезара кхелан цIенна хьалха лаьттачех цхьаьнгара.

Г]IалгIайн протеста лидерш политикан тутмакхийн тептара баьхна адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро.

"Динчу къамелашца экстремизм яц, аьлла эксперташа". Адвокатан комментари.

9 а, 8 а шераш набахтехь такха кхайкхийначу Барахоев Ахьмадан а, Чемурзиев Барахан а адвокат ву Ахильгов Калой. Цо стенна лору дов бухахь политика йолуш, хаьттира цуьнга Настоящее Время проектан журналисташа.

— Бехктакхаман гIуллакх айдан бахьана цхьана инстаграмерчу йозано делла аьлла долийра дерриг а - оцу тIера схьа дуьйцур вай. Цхьа а арз я тоьшаллаш дацара бехктакхам гIаттош бухе дехкина.

— ХIун йозанаш?

— Инстаграмехь нах Iедалх лата кхойкхуш йоза дара, боху, иза диллина девнан юьххье. Ткъа гIуллакхан материалаш шайн каракхаьччинчух тегна хилар ган ца оьшу адвокат хила а. Хьуна хаийта боху ас, бехк – экстремистийн тоба кхоллар а, цигахь дакъалацар а – 2020 шеран ГIуран-беттан 27-чохь тIебахьна талламо, аьлча а, гIуллакх теллина даккха ши бутт а буьсуш. Документаша гойту, бехк, цхьа кхин хIума дуьхьалдалахь а аьлла, хьалххе кечбина, тIебаьхьна. Амма бехк тIебахьа бух бац, хIунда аьлча, массо а эксперташа шайн сацамашкахь боху, ца карийна экстремизм яржош долу маьIна. Амма и экспертизан кехаташ дов талламчийн цIеххьана – адвокаташна экстремизм яц ала бух ца битархьама дайъина уьш. Юха оха кхечу, шакъастийна дIахьочу девнан материалашкара схьаоьцу уьш. Хаттар: стенна ца магийна и документаш гIуллакхна юкъадахка?

Экспертиза ю экстремизм шайца гучуяьлла аьлла жоьпе балийначийн къамелашна йина. Иза хIун ду? Талламчашна и экспертиза къайлаяхьа эшна бохург ду-кх. Оха дIакхачийра уьш, оха гайтира къамелашкахь экстремизм хилла цахилар. Амма кхел ца тешна.

Цул сов, бехкан чарх ю "Iедалан векална дуьхьал ницкъбар вовшахтохар" аьлла хIоттийна. Ницкъ бина хилар бехке дуьллуш, хенаш йиттина цхьаболчарна хьалхо, амма ницкъбан бина кечам бара ала дац тоьшаллаш. Талламо чаккхенера болийна юьххье баьккхина шен болх: юхьанца тоьшаллаш далийна, ницкъ бина аьлла, юха цунах доьзна и ницкъ вовшахтохарх дерг. Ткъа дуьхьало йинчара кхеле дийцина, шаьш стенна хIоттийра дуьхьал ницкъ. Амма кхеланна ладогIа а ца лиира. Доцца аьлча, дукха ю нюансаш.

— Калой, мила ву и гIуллакх айдайтинарг?

— Хьуна ца хаахь, ас дуьйцу, ГIалгIайчохь гурахь митинг йоьдуш, цуьнан жигархой Пятигорске бахара президентан векалца Матовниковца а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин чохьарчу политикан урхаллин куьйгалхочуьнца Яринца а, кхечу куьйгалхошца а дагабовла. И вовшахкхетар дирзира гIалгIайн жигархоша иштта аларца: "Тхо реза дац аш цхьа а пайда болу некъ цабаларна, оха доьхург кхин ду, оха дозанах болчу бертан кехаташ юхаэца боху". И къамел цатайра хьаькамашна. Цундела хета тхуна и гIуллакх айдайтинарг президентан администрацин векалш бу аьлла. Ца хаьа царех билггал мила ву, амма тIеIаткъам цара болабайтина, шеко а яц цуьнан.

— Кхетта, президентан администрацин белхахоша. Бехкебинчийн цхьаннан, Барахоев Ахьмадан, кIанта дуьйцу, Кадыровна герга волу нохчийн парламетан спикер Даудов вара Барахоевга Кадыровс иза ШарIан кхеле кхойкху, бохуш, Барахоевс дуьхьал аьлла, боху: "хам бац". ШарIан кхел ца хилла, Даудовс хаийтина Барахоевна, Кадыровс цуьнга а, цуьнан кIенташка а чIир кхайкхийна хилар. Оцу бехктакхаман гIуллакхехь а, хенаш тухуьйтуш а Кадыровс мел дакъалаьцна аьлла хета хьуна?

— Хила тарлуш ду иза, цо кхелан сацам луьра хилийта администратиан ресурсах пайдаэцна хила мега.

— Хьуна хетарехь, тIаьхьало муха хир ю оцу кхелан сацаман республикехь?

— Бакъдерг хьуна дезахь, суна хала ду цунах ала. Амма суна цхьаъ ду хууш билггала – ГIалгIайчоьнан исторехь халачу денойх ду хIара де. Иза сов чIогIа аьлла хила а тарло ас, амма со тешна ву, лаххара а, тезетан де ду тIехIоьттинарг - иштта боху ГIалгIайчуьра соьга кхочучу хаамашкахь. Кхелан сацам сингаттаме хилам бу гIалгIашна. ХIун хир ду, муьлхачу протесте доьрзур ду хьал я дац – иза соьга а алало, халахеташ делахь а.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Беспрозванных обсудил с главой Минцифры развитие связи в Калининградской области

Икону «Троица» разрешили вывозить на время из Троице-Сергиевой лавры

Столичный пенсионер отдал аферистам почти 83 млн рублей

Завидные звезды-холостяки, которые еще не встретили настоящую любовь

Музыкальные новости

Выставку копий известных картин мира открыли в Воскресенске

Бизнес коуч просто молчала по часу на созвонах с клиентами, которые заплатили ей 500.000 рублей

В Новосибирской области построено более 156 км ЛЭП в рамках инвестиционной программы «Россети Новосибирск»

Чемпионат России по гребле прошел в Богородском округе

Новости России

Стало известно, за какие нарушения московских самокатчиков хотят штрафовать на 100 тысяч рублей

«Мой арбуз»: Московский зоопарк показал кадры кормления бурого медведя

Столичный пенсионер отдал аферистам почти 83 млн рублей

МИД Финляндии назвал возможные сроки обсуждения открытия границы с Россией

Экология в России и мире

Слесарь СЛД «Москва-Сортировочная» филиала «Московский» компании «ЛокоТех-Сервис» - лауреат Всероссийского фестиваля «Семья России»

Рустэм Султанов возродил в «Звёздном доме» традиции космического поп-рока

СИЛА В ПРАВЕ: НОВЫЙ СЕЗОН «ЗАСТУПНИЦ» НА «ЧЕ!»

Команда СЛД «Узловая» филиала «Московский» компании «ЛокоТех-Сервис» заняла 2 место в соревнованиях по рыбной ловле

Спорт в России и мире

ATP частично удовлетворила апелляцию Шаповалова. Его оштрафовали, но сохранили призовые и очки

Я — сноб: теннисистка Надежда Петрова

Потапова проиграла Френх на старте турнира WTA в Торонто

Парижский прииск Новака Джоковича // Он выиграл золото на своей пятой Олимпиаде

Moscow.media

«Уже и бомжихи в никабах!»: сколько зарабатывают цыгане-попрошайки?

Экс-гендиректор ЧЭМК останется под стражей до середины ноября

Команда СЛД «Узловая» филиала «Московский» компании «ЛокоТех-Сервис» заняла 2 место в соревнованиях по рыбной ловле

Volkswagen тайно вернулся в Россию под другим именем











Топ новостей на этот час

Rss.plus






«Атмосфера» на Шелепихе станет более комфортной для жителей

Взрыв в Лобне. Грузчику оторвало руку, когда он переносил вещи

«Мой арбуз»: Московский зоопарк показал кадры кормления бурого медведя

В России вырос спрос на сельскую ипотеку