Добавить новость


World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Даудовс бехкбаьккхина Ичкерин векалшкара, Францехь хьехархо вийначу кIантана тIе ца хIиттарна

Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр волчу Закаев Ахмадера а, Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIантера Масхадов Анзорера а бехкаш дохучу нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада дIахьедина, Францехь историн хьехархо Пати Сэмюэль вийна нохчо Анзоров IабдуллахI "жихIадехь велла" ала кхийрира уьш аьлла.


"Шух цхьаммо охьа а хиъна, и кIант жима вара, вий иза, Мохьмад Пайхамарна карикатураш яхкарна дуьхьал хиларна, Дала гIазот къобал дойла цуьнан ца элира. ХIетахь-м ца элира аш, шаьш майра делахь хIинца алийша. ХIан-хIа, аш эра дац. ХIунда эра даций? Аш иштаниг алахь, шу цIа хьовсор ду, цундела тапъаьлла Iийр ду шу. Иза кхонах вара ала къонахалла ца тоьира шун. Иза гIазотехь велла ала а ма ца даьхьа шу", - дIахьедина Даудовс шен инстаграман агIонехь йоьдучу эфирехь.





Ишта спикеро Даудов Мохьмада кхин а дIахьедар дина, Закаевн гергарчаьрга ма-дарра дуьйцуьйтур ду ша, иза хIу стаг ву аьлла.
Кху беттан 22-чохь муьлш бу ца хуучу, герзашца болчу наха дIабигинера Закаев Ахьмадан гергарнаш, декхаре бира камерана хьалха иза аьшнашван.
Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна хилла кхаарин дийнахь герзашца, муьлш бу цахуучу наха. Цуьнах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига ТIехьа-Мартанарчу хьасташа.
Хьалхо хаамбора, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца юкъахь дIахьочу эфирехь Кадыровс кхерамаш тесна хиларх Закаевна, иза "сийначу цIарах вагор ву" ша аьлла. Делахь а, дуьххьара дац Закаев Ахьмадна Кадыровс кхерамаш туьйсу. Политикна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus