Добавить новость

Синоптик Вильфанд: температура в Москве ночью будет не ниже +24 градусов

Лучших зоотехников-селекционеров определят в Якутии

Коллапс в Анталье: российские туристы попали в капкан в Турции

Фармацевт Сапронова: состав офисной аптечки есть в приказе Минздрава

World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчоь а, коронавирус а: ца лаахь а, лууш санна вакцинаци яйтар

Нохчийчоь а, коронавирус а: ца лаахь а, лууш санна вакцинаци яйтар

Нохчийчуьрчу бахархоша латкъамаш бо, коронавирусна дуьхьал нуьцкъаша прививкаш йойту шайга, бохуш. Нах мехий деттийта декхаре беш Iедалхоша административан ресурсах пайдаоьцу. Оцу кепашца махкара гайтамаш дикачу агIор хилийта хьийза Iедалхой, яздо Кавказ.Реалии портало.

Махкара бахархой бертаза, лоьрашна тIе буьтур бац, балхара дIадохур ду бохуш, кхерамаш тийсар а, прививкашна нохчий дуьхьалбовлар а доза мегар ду Iедалшкара схьа долчу цхьана а хIуманах халкъ тешаш цахиларца. Я федералан Iедалх а, я меттигерчех а.

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана пандеми йолаеллачу муьрехь массарна а хезаш юьхь яьккхира, инфекцех шаьш баларна кхоьручу нахера.

"Ишта а, вуьшта а шу лийр долуш ду, шайн хан тIекхаьчча, лимон а, моз а тухуш, хи мела, саьрмасекх тIе а кхоллуш", - хьийхира Кадыровс цамгарх дарба, 2020-чу шеран Зазадокху-баттахь.

ТIаьхьо, хIинццалц денна шен жигаралла социалан машанашкахь гойту иза, шина кIиранна къайлаваьлча, дуккхаъчу хаамийн гIирсаша яздора, Кадыровх коронавирус хьакхаелла, бохуш. Ткъа цо тIе ца дуьтура, ша могуш вац бохург.

Кху кIиранах Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана билгалдаьккхира, республикехь COVID-19 уьнна дуьхьал хIинцале а привикаш йина 21 % бахархошна (113 эзар стаг), верриг а чекхваккха лерина ду шаьш 60 процент аьлла.

Вице-премьер йолчу Голикова Татьянас билгалдаьккхира, и терахь Оьрсийчуьрчу регионаша гойтучуьнга хьаьжча шозза лакхара ду аьлла, ткъа могушлла Iалашъяран министран гIовс волчу Гриднев Олега хьийхира Оьрсийчоьнан субъекташна, вакцинаци ярна тIехь Нохчийчоьнера масал эца аьлла.

ХIетте а, карарчу шеран Охан- бутт болалучу юкъанна Нохчийчуьрчу бахархошлахь баккхийчарна привика яр Оьрсийчоьнца дуьстича уггар а лахара дара.

ГIо ца хуьлура, республикехь прививкаш ян ярташка дIасалелаш вовшахтоьхна бригадаш йоллушехь а.

Муфтиятан векалшка дехар дан дийзира могушалла Iалашъяран министран, бахархошка мехий деттийтар пайден хиларх дIахоуьйтуш, болх болабахьара аьлла.

Кадыровн тIедиллар кхочушдан Iалашонца махкахула чекхбевлира парламентан депутаташ, оцу меттигашкахь вакцинаци дIаяхьар муха дIадоьду таллам беш.

Соьлжа-ГIалахь префектурин говзанчаш а, лоьраш а, полисхой а адресашца нехан неIаре хIуьттура, шайна гергарчу поликлинике а гIой, прививкаш яйта бохуш. Ткъа дукхахболчу бахархошна-м шаьш бертаза дIаийзадо олий хетара, лоьрашна улло бевлла баьхкина полисхой гича.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхилира, бертаза вакцинацех нах чекхбаха мегар дац, Iалашойоцург ду иза аьлла.

Амма, шен лаамехь ду мехий деттийтар алар кеп-кепара кхетийра Оьрсийчоьнан регионашкахь.

Пачхьалкхан президенто оцу кепара дина дIахьедар доллушехь, Нохчийчохь "кхуьйкху" хьаькамийн а, бюджетан белхахойн а боллу доьзалаш вакцинацех чекхбовла.

Цул совнах, Нохчийчохь прививкаш яр ледара дIадоьдуш хиларна, Стигалкъекъа-беттан 26-чохь Кадыров Рамзан шога лен велира вакцинаци яйта дуьхьал болчу нахана.

Вакцинаци яйта резабоцчарна лоьрашкара гIо тIаьххьарчу рогIехь бен кхачо ца деза, "кислород ца тоар мел ирча хIума ду царна дIахаийтархьама" аьлла, дIакхайкхийра Кадыровс. 

Шен дешнаш бахьана долуш йоккха гIовгIа яьллачул тIаьхьа, декхаре хилира иза, ша бохучу нийса ца кхетта журналисташ бу бехке бохуш, кIелхьарвийла.

Прививкаш бертаза йойту шайга бохуш, диллина дIахьедечу Нохчийчоьнан бахархоша бехк ца биллар доьху "хьекъалх тиллера шаьш, я ала гIертарг нийса ца аьллера" бохуш. Масала, Нохчийчоьнан Iедало пенсионераш пенсех бохур бу, нагахь санна цара шайна "Спутник V" вакцина ца тохийтахь, аьлла аудио яржийначу ГIойтIарчу вахархочо шена къинтIерабовлар дийхира официалехь.

Кавказ.Реалиин корреспонденто хеттарш мел динчара чIагIонаш йора, баккъал а кхин некъ бисина бацара шайна, бохуш. Царех цхьаммо дуьйцу, вакцинацина кечйинчу кабинеташ чохь хIиттийна видеокамераш ю, шайгара пурба а доцуш, пациентан а, лоьран а къамелаш а, дийриг а дIа а яздеш аьлла.

Кхечу респонденто даредо, ша гипертони йолуш хиларна масийттазза а лоьраша дуьхьало йира шена првивка ян.

КхолгIаниг ковид-скептик хиллера. Цо дIахьедира, вакцинаци яйта ша реза вац, кхо эзар сом дIа а делла, прививка йина аьлла, сертификат оьцур ду ша.

Вакцицнаци яйта шайн реза цахилар дуьйцучу Нохчийчоьнан кеп-кепарчу эвлашкарчу наха билгалдоккху, Европехь регистрацех чекхъяьлла йоцу вакцина шайна еттийта ца лаьа шайна бохуш. Церан яккхий шеконаш ю цунах.

Оцу юкъанна, Путин Владимира бахарехь, дуьненчуьрчу 66 пачхьалкхехь къобалйина ю "Спутник -V" вакцина.

ШолгIа аьлча, радикалисташ болчу цхьаболчара боху, исламехь прививкаш яйтар магош хIума дац, хIун ю ца хуу хIуманаш дегIах еттийтар шарIо къобалдеш дац бохуш.

Оцу юкъанна, гоьбевллачу бусулба динан дайша магийра вакцинаца, ур-атталла, мархийн Рамадан баттахь йича а марха духуш дац, бохуш. Цунах лаьцна дийцира Нохчийчоьнан муфтийс а цхьаьна.

КхозлагIа, цхьаберш тешна бу, къайлаха барт а бина, лелош хIуманаш ду аьлла. Царна хетарехь, вакцина йо а бохуш, адамийн догIмех чипаш йохкуш бу уьш, тIейогIучу заманчохь царна тIаьхьа бевлла лелархьама аьлла бу церан хьажам.

ДоьалгIа аьлча, Нохчийчоьнан бахархйох доккхадолу дакъа теша, оцу вакцинана тIехула могушалла эгIаш ю, белла нах а бу бохучу информацех.

ХIетте а, Кавказ.Реалиина тоьшаллаш ца карийра дуьйцург бакъ хиларх йоллу Оьрсийчохь а, я Нохчийчохь а.

Делахь а, бу царлахь шайн лаамехь прививкаш йойтурш а. Масала, Гуьмса кIоштарчу цхьана хьаькамо дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, шен гергарчех шиммо "Спутник V" вакцина яйтина, тIейогIучу заманчохь шена а прививка яйта дагахь ву ша, хIунда аьлча, оцу вирусо боккха кхерам латтабо аьлла.

Делахь а, бисина цуьнан цIийнах болу нах дуьхьал бу вакцинацина, Кадыровс биллина хезон кхерамаш хила йиш йоцург а, адам аьшнашден хIума а ду аьлла, хеташ.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Фармацевт Сапронова: состав офисной аптечки есть в приказе Минздрава

Коллапс в Анталье: российские туристы попали в капкан в Турции

"Рэмбович" займётся делом Васильевой? Как сейчас живёт спутница Сердюкова, которая нажила миллиарды за счёт МО

Синоптик Вильфанд: температура в Москве ночью будет не ниже +24 градусов

Музыкальные новости

Дмитрий Добровольский получил премию «Спорт и Россия»

Тверская область:ввозили муку из Италии, землянику из Беларуси

Валерий Леонтьев возмущен слухами о принятии им гражданства США

Более 2 млн человек обучили инклюзивным подходам участники проекта АСИ «Открыто для всех»

Новости России

Лучших зоотехников-селекционеров определят в Якутии

Москвичей предупредили о климатически опасных ночах

Сотрудников могут запретить наказывать за опоздание на работу из-за жары

Фармацевт Сапронова: состав офисной аптечки есть в приказе Минздрава

Экология в России и мире

Дирекция по качеству АО "Желдорреммаш" посетила локомотивостроительные заводы ТМХ

В Центре хирургии клиники «Будь Здоров» провели 1000-ю операцию

Профилактика утоплений

Ужалила медуза: что делать и как себя вести, рассказал доктор Кутушов

Спорт в России и мире

Российская теннисистка Александрова снялась с "Уимблдона" из-за болезни

Тернистый путь: Медведеву и Андреевой не повезло с жеребьёвкой на Уимблдоне, у Калинской и Рублёва сетки полегче

Уимблдон. 2 июля. Джокович сыграет вторым запуском на Центральном корте, Маррей – третьим, турнир начнут Рублев, Сафиуллин, Швентек, Самсонова

Дубль перед Уимблдоном: Касаткина и Шнайдер выиграли турниры WTA в Истбурне и Бад-Хомбурге

Moscow.media

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70

Фестиваль троечной езды и гастрономии "Русский драйв"

S&P повысило прогноз по рейтингу «дочек» Freedom Holding Corp. до позитивного

Острова укладываеюся спать...











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Расплата за расстроенных йогинь: турагенту Китаевой вынесли приговор

Сотрудников могут запретить наказывать за опоздание на работу из-за жары

В Благовещенске умер известный спортсмен и тренер Абдурашид Раджабов

Суд приговорил бывшего директора НИИ «Роскосмоса» к пяти годам колонии