Мархийн беттана лерина сагIадаларан акци дIахьош бу некъа тIехь Гермачигара жигархой. Марха даста хан герга еача ара бовлу уьш, шайн цIахь хьалххе кечйина хурманаш чохь йолу тIоьрмигаш а, хиш а дIасадекъа. Марха достучу хенахь некъаца нисбеллачу нахе марха дастийтар ю кегийрхойн Iалашо. ХIора сарахь эзар сов стагана кхочу церан сагIа.