Нохчийчохь Къоьзан-Iомана йистехь йинчу туризман базано шена тIеоьцур ду ЧIеберлан-кIоштарчу бахархойн ловзаршна харж яр. Цунах лаьцна социалан машанехь хаам бина кху деношкахь цу курортан куьйгалхо хIоттийначу Успанов Юнис.
Цо куьйгалла дечу "Къоьзан-Iам" курорто, зуда ялош чоьнаш а, даарш а кечдина ца Iаш, буьззинчу барамехь даздар вовшахтухур ду, керла доьзалш кхуллуш Нохчийчоьнан културан министраллица цхьаьна.
Успановс дIахьедар дина, чIебарлойн кегийрхоша шайн доьзалийн дахар доло лаьа шена, шайн дай баьхначу лаьтта тIехь аьлла, яздо "Кавказ.Реалиино".