Википедин нохчийн маттахь долу дакъа тIехдаьлла 200 000 артиклална. Иза тоьшалла ду иза уггаре доккха а, сиха кхуьуш а дакъа хиларан, Советан пачхьалкхан юкъахь хиллачу къаьмнийн меттанашна юкъахь.
Оццу Википедехь бинчу хаамца, 200 000-гIа ю Мисарбиев СаьIида язйина «Ланцет» це йолу артикл.
Нохчийн Википеди кхоьллина 2005-чу шарахь Чиллан-беттан 26-чу дийнахь. Лелош йолу графика ю кириллица.
2015-чу шарахь цу тIехь дIахIоттийнера 100 000 артикл. 2014-чу шарахь дуьйна, Оьрсийн Википеди дIаяьллачул тIаьхьа, шолгIачу меттехь ю Нохчийн Википеди Советан пачхьалкхан юкъахь хиллачу къаьмнийн меттанашна юкъахь.