Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир бахархошца дIахьош ву шен 16-гIа «Прямая линия» олу телепрограмма. Цо жоьпаш луш ду Оьрсийчохь бехачу бахархойн хаттаршна.
Иза дуьххьарлера цу тайпа конференци ю хIинца 6 шаранна президентан гIант дIалаьцначу Путинан, ткъа иштта 16-гIа ю иза 2001-чу шарахь дуьйна цо дIаяьхьначерах.
Путина 11-зза жоьпаш делира мехкан бахархойн хаттаршна президентан даржехь а волуш, ткъа иштта 4-за дира цо иза премьер-министро санна.
Программа дIахьочу журналисташа чIагIдарехь, "Прямая линия" дIайолаялале президентан цIарх цаьрга кхаьчнера 2 миллион гергга хаттар. Царах Путин жоп дала ца кхиинарш дIалур ду Оьрсийчуьрчу Iедалхошка.