Добавить новость


World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Парижехь хилла бохам, я Мила ву Азимов Хьамзат

Францехь талор динчух лаьцна хууш дерг вовшахтоьхна Маршо Радионо


Шоьтан сарахь Парижехь, наханна урс а карахь тIеллетта, цхьа вахархо вийна, веанна чевнаш йина жимчу стага.


Талор динарг, Нохчийчуьра схьаваьлла, 21 шо хилла Азимов ву францойн телеканалашкахь а, газетийн агIонаш тIехь а вуьйцуш.


Азимов Шерипан воI Хьамзат вина Устрада-ГIалахь (Аргун). 4 шо долуш дIавигина дас-нанас шайца Франце. АзимовгIар махкахбовлар дузу Нохчийчохь лаьтташ хиллачу тIамца, нах лоьцуш Iедал хьийзина хиларца, доьзал Европе паргIат дахар лаха бахарца.


Хууш ду АзимовгIар децIахь цхьана а тIемалойн тобан я политикийн декъабахана лелла боцийла. Шайн воI дикачу хьелашкахь кхиорхьама дIакхелхина Европе.


2002-чу шарахь, Франце кхаьчча, доьзал дIатарбелла Ниццехь. Ши шо даьлча политикан мухIажирийн статус елла АзимовгIарна – оцо магийна балха баха а, шайна хIусам нисъян а.


2010-чу шарахь  юьзина бакъо йолу Францин бахархой бина царех. 2014-чу шарахь баха дехьабевлла пачхьалкхан малхбале – Страсбурге. Оццу шарахь Оьрсийчоьно шен паспорт а ло Хьамзатна.


Кхин а ши шо даьлча Парижерчу 18-чу кIошта баха дехьабовлу АзимовгIар. Цигахь чохь баха Iедало чоь ло царна.  Цара лаьцначу хIусаман дайша дийцарехь, я воI а, я нана а бусалба духарца, я суьпа леларца билгалбевлла а ца хилла.


Страсбургехь вехачу муьрехь Хьамзат вон ца лелара, иза динца кхин гергало долуш а вацара, хаамбо Францерчу низамхоша. Юкъараллана кхерамеверг цигарчу Iедало радикалийн тептара язво – "S" олу цунах. ТIаьхьо Шемахь тIемаш бечу нахаца зIе лелош вуйла а хиина, цу тIе язвина хилла кIант.


Хууш дац, муха вирзина Хьамзат радикалийн кхетаме. Цхьаболчу хаамашца, Страсбургехь нохчашна къастийначу маьждиге лелла иза. Амма оцу маьждигна тIехь яц лелаш вон цIе. Цигара имам даима а хуьлу кегийнах низаме, дикане кхойкхуш. "Кавказ.Реалиин" Страсбургерчу кхечу хьостанаша бахарехь, маьждигехь ца деш, цхьана нехан цIахь деш хилла цо накъосташца ламаз.


Страсбургехь Азимовс зулам динчул тIаьхьа полицино лаьцна цуьнан цхьа накъост – иза а ву "S" тептара язбиначех, дешна цуьнца цхьаьна школехь, цхьаьна лелла спорте а.


Лор хила кечлуш вара Азимов Хьамзат – бакалавр а ваьллера (университетехь дешар дIадахдан бакъо). Амма Зазадоккху-беттан 12-чу дийно хадийна дерриг а.


Оцу юкъанна интенетерчу Amaq агенталло (ДАIИШ-ан ресурс)  даржийна  ша шена тIеоьцу динарг, Азимов "Исламан  пачхьалкхан эскархо вара", цо бекхам бина Шемахь тIемаш бечу коалицин декъахь йолчу Франци, аьлла.


Кадыров Рамзана жоьпалла тIедожийна шена Францина, цуьнан Iедал бехке до цо, "кхиар а, воккхахилар а, кхетаме вар а" Азимовн цигахь нисделла хиларна.


Нохчийчохь Iедало талламаш дIабаьхна Устрада-ГIаларчу АзимовгIеран гергарчаралахь, лебина уьш полице а бигина.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus