Добавить новость


World News


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Титиевн агIончашна жоп делла Кадыровс

Оршотдийнахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехат дахьийтина наркотикашца лаьцна аьлла, бехкевечу Соьлжа-гIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдинчу гIуллакхан хьокъехь. 60 стага, шайлахь журналисташ а, бакъонашларъярхой а, Iилман а, искусствон а гIуллакххой а, Iеламчаш а болуш, куьйгъяздина кехат-дехарна бухахь.


Стагехьа гIодаккхар вуон гIуллакх дац аьлла, кехат яздинчарна жоп лучу Кадыровс, амма дуьйцург бакъдерг хила деза.


"Оцу кехат тIехь чIагIонаш йо, Титиевна дуьхьал даьккхина гIуллакх политикан бух болуш ду, цо бечу "бакъонашларъяран болх бахьана долуш бекхам бина цунна" бохуш. Цхьа дош бакъ дац оцу кехат тIера. Куьйгаш буха яздинчаьрга хатта дара сан, наркотикаш йохуш, и стаг лаца а лаьцна, цунах яздан буьйлабаллалц, шуна муьлхарчунна, маца хезна "бакъоларъярхочух" Титиев?".


Цхьана стагна тIехIоьттина вац иза, хаа а хууш, хаамийн гIирсашкахь бакъонашларъярх цхьа дош аьлла вистхилла стаг вац иза, цхьана меттигерчу я республикан ницкъаллийн структурашка кхайкхам бина вац иза, ша бакъонашларъечу организацешца цхьана болх беш ву аьлла, къадийна дац цо аьлла Кадыровс.


"Кехатан авторша дIахьедо, цхьа  "Мемориал" бен яц Нохчийчохь болх беш аьлла. Ткъа мича хьо вай иттанашкахь шерашкахь бакъонашларъяран гIаролехь лаьттарш, лазийнарш, лечкъийнарш кIелхьарабохуш, набахтешкахула леларш, Иракъера, Шемара Оьрсийчура зударий, бераш цIаберзорехь къахьоьгурш?"


Титиев Аюбан гIуллакх низамашкахь толлуш ду аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Иштта хьоьху Кадыровс кехат яздинчарна: "Кхелан сацаме ладугIуш хила, нагахь цуьнца шаьш реза дацахь лакхарчу инстанце арз дер аш", - аьлла.


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus