Венехь жима йоI йийнарг лаьцна полицино
Маршо Радионо яздира шен агIонехь, Австрин зорбанашна тIе а тевжаш, пIерсакана сарахь дуьйна яйна, лоьхуш хиллачу 7 шо долчу нохчийн йоьIан дакъа шоьтан Iуьйранна нехаш гулйечу контейнер чохь карийна аьлла. Шайн йоI яйна хиларх лаьцна полицин департаменте хаам бинера Диттшоф олучу кварталехь бехачу цхьана доьзало.
Оцу сохьта арабевллачу полисхоша сахиллалц лехнера йоI, тхевнаш а, гIишлошна бухура чоьнаш а, кхин йолу меттигаш а толлуш.
Iуьйранна нехаш чукхуьссу яьшканаш луьстучу полисхошна карийнера йоьIан чалх.
Инзаречу зуламо Iадийна Австри пачхьалкхера нах. ЙоI яьхначу цIийнан уьйтIа оьху бахархой догу чIурамаш, зезагаш, берийн ловзоргаш йохьуш.