Венехь йоI ерна бехкево 16 шо долу кхиазхо
"Цхьа кIира зама яра ша оьгIазе лела, хьенан коча гIур вара ца хууш", - элира шега аьлла, дийцина Хаймедера. Полисхойн векало Робертан да-нана а, я цуьнан жимахволу ваша а гунахь бац аьлла динчу зуламна. Оцу заманчохь уьш цIахь ца хиллера.
Яхначу буса, шайн кIант лаца полисхой баьхкича бен хиина дац царна, хьенан карах ялар хилла йоьIан. Доьзалан кхерамзалла ларъярхьама полицино къайлабаьккхина Робертан доьзал аьлла, билгалдаьккхина Хаймедера.
Маршо Радионо хаам ма барра, ворхI шо долу Хадижат яйнера Венехь дахначу пIераскандийнахь. Шоьтадийнахь логах хьаькхна урс а долуш, йийна карийра иза нехаш кхуьйсучу яьшки чохь.