Аналитики Bernstein назвали главную цель биткоина после халвинга

Генпрокуратура проверит телеведущую Татьяну Лазареву* из-за поддержки ВСУ

«Мострансавто» призывает пассажиров соблюдать правила поведения в автобусах

Столичных предпринимателей приглашают на обучение госзакупкам



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Путинан карахь Iедал дисаро талхош лаьтта хьал": Хилл Фиона – шина президентах лаьцна

Оьрсийчоь доьхначу хьоле кхочуш ю. Герга гIерта 2024 шо, ткъа хIинца а дац кхеташ, дагахь ву я вац Путин Владимир президентан даржехь виса. Цунна тIе юкъараллин тидам берзабо Оьрсийчоьнца долчу гIуллакхашкахула КIайчу ЦIийнехь хьехамча льттинчу Хилл Фионас, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Трамп Дональдан администрацехь 2,5 шарахь болхбинчу Хилл Фионина цхьаьнайогIу аматаш го шен хьаькам лаьтинчунций, Путин Владимирций.

Британехь йина Хилл, тIаьхьо хилла цунах Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн яхархо. "Партешца йоьзна йоцу арахьарчу политикан талламча" лору цо ша. Масийтта книга арахецна цо Оьрсийчоьнах лаьцна, ю царалахь 2013-чу шарахь Путинах лаьцна язйина а.

ХIинцца араяьллачу "Кхузахь дан хIума дац" (нийсса гочйича, цIе ю цуьнан "Кхузахь хьуна лаца хIума дац") книги ю цуьнан Британех а, Цхьаьнатоьхначу Штатех а, ша даима а зуьйш йолчу Оьрсийчоьнах а лаьцна. Хиллна хетарехь, оцу пачхьалкхийн таронаш цхьабосса эшна индустрин бух а, инфраструктура а йохарца доьзна. Автора бахарехь, оцу хьоло политикера меттиг чIагIйина популистийн Путин Владимиран а, Трамп Дональдан а, Джонсон Борисан а.

Тамаше ду и дешнаш дукха хан йоццуш Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн халкъан кхерамзаллин кхеташонехь Iийначу стага алар: Трамп президент волчу муьрехь болхбина цигахь Хилл Фионас. Иза доцуш, кхин дарж а хилла цуьнгахь КIайчу ЦIийнехь. Цул хьалха иза яра Халкъан къайлахчу талламийн хеташонехь – Буш Джорж шозлагIа президент ваьллачу хенахь.

Оьрсийчоьнца лела политика къастош йолу коьрта говзанча яра Трампан хьехамча президентан администрацехь. Амма оцо новкъарло а йора Трампна лечкъа а ца деш Путинах воккхавен.

2018 шарахь ХIельсинкехь хиллачу цхьанакхетарехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн делегацин декъашхо яра Хилл. ХIетахь пресс-конференцехь Трампа жоп доцуш дитира, "Американ къайлахчу сервисаша Оьрсийчоь ахь толам баьккхинчу 2016-чу шеран харжамашна юкъагIиртина бахар муха туьду ахь", аьлла, журналисташа шега делла хаттар. Иштаниг хилла дац бохуш хьийзачу Путинна тIетайра Трамп, ма-дарра аьлча.

"Сайн букъа тIехьа лаьттачу журналистех дIа а ийна, мохь хьакха, хьераяла лаьара суна, амма оцо эшор дара ишта а цIарматдаьлла, юьхьIаьржоне дирзина сурт", - яздо Хилл Фионас шен книги тIехь.

"Оцу хеттарша Трампан салоцу меттиг Iорайоккхура, харжамашна юкъагIортаро къастийна церан жамI, аьлча, нислора: "Со лигитимехь вац" алар", – боху книгин автора.

Скандал иккхира, оцо Путинна а, цуьнан хьехамчашна а некъ белира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш йийцар тIехьататта, масала, герзийн барам лахбар, боху Хилла.

"Путина чуьра араволуш, шен пресс-векале пресс-конференцех "гIурт" олуш хезнера тхан гочдархочунна", – дагалоьцу политика.

2019 шо доьрзуш Хилл Америкехь гIараелира Конгрессо Трампан хьалхара импичмент йийцареечу хенахь теш хIоттарца.

Таллам болийра 2019-чу шеран Товбецан-баттахь, Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Украинан президенте Зеленский Владимире телефонехула дина къамел гучудаьлча – Америко Украинина герзаш лур ду, нагахь санна цо Джо Байденна а, цуьнан кIантанна Хантерна а дуьхьал бехкталлам айбахь, аьлла хиллера Трампа.

И дийцарш телефонехулла хила масех де дуьсуш дIаяьллера Хилл Трампан администрацера.

Векалийн палато – демократаш алссам бара цигахь – кхайкхийра Трампна импичмент, амма республикахой дукхахо болчу Сенато къобал ца йира и гIулч.

"Со дохко ца яьлла. КIайчу ЦIийне балха со яханера вай хIинца дийцаре дийриг таллархьама. Дахар кегаре дерзо, вайн политикан некъ хийца гIоьртира 2016-чу шарахь", - яздо Хилл Фионас.

"Цхьаьнатоьхначу Штатийн чоьхьара проблемаш ган юьйлаелира сан бIаьргашна", – боху Хилл Фионас ша Маршо Радионна еллачу интервьюхь.

Книга араялале дара Трампа дIахьедича: "Хилл Фионина цхьа хIума ца хаьара шен балха тIехь", амма "иза езаера, делахь а цхьа а Iаткъам ца бора цо президентна тIе", аьлла.

Путин хьал эшаме дуьгуш ву?

2014 шарахь ГIирма дIалацар, Хилл Фионина хетарехь, хIоьттира массо а хIуманна коьрте, цул тIаьхьа хилира Путинах пачхьалкхан уггаре коьрта, ша цхьаъ бен воцу куьйгалхо.

"Оьрсийчоьнан пачхьалкх ша еха, дIалела, амма Путин ву доллучун а коьртехь. Тамаше ду суна хьал иштта латтар, оцо Оьрсийчуьра хьал дохадан тарло. И дан иза лерина вацахь а", - боху книгин автора.

"Оьрсийчохь дерриг а Iедал шен карадерзорца Путина Оьрсийчоь кхерамечу сиза тIе кхачийна аьлла хета суна", – яздо цо.

Стохка Кремло конституцин реформа йина, аьтто белла Путинна 2014-чу шарца дерг къасто а, 2036 шо тIекхаччалц президент Iан а. Ца аьлла цо шен хиндолчун хьокъехь, амма Iедал ша дIахеца деза мел аьлларг бехкево "хьал карчон кечвелла хиларца".

"2036 шаре кхаччалц иза Iедалехь Iан гIерта ала дац. Амма массо а лацавелла Iан везаш ву, цо Iедалан мукъ хьаьнга кховдор бу ца хууш – иза цо шегара мукъ мал ца балийта леладо. Цунна вуно деза ду оцу хьокъехь йолу информаци къайленехь латтор. Суна хетарехь, цхьа къайлах Iалашо ю цо кхобуш, амма цкъачунна иза кхочуш ца яло", - боху Хилла.

Масал далош хьахаво цо Навальный Алексей: "Навальныйна набахти кхачор, иза вен гIортар а – оппозиционер 2024 шо тIедале нацкъарваккхар ду, кхераме конкурент ву иза", – боху цо.

Шена тIетийсало маймал дIатеттар

Къайлахчу сервисаша дIовш лелор, авторна хетарехь, Советан заманарчу шпионашкара схьадеъна масал ду – цуьнца нах байъар, саботаж эккхийтар. КГБ-н эпсар волчу Путинна дика девза и дIовш.

Дагалоцу Хилл Фионас "Гаванера синдром" – Америкерчу 200 гергга дипломаташна, къайлахчу сервисийн белхахошна, эскархошна, пачхьалкхан кхечу Iедалхошна кхетта хилла евзаш йоцу цамгар.

"Гаванерчу синдромо сагатдойту чIогIа, таллам бу хIинца беш. Оьрсийчоь хила сахьт дац оцу зуламан декъахь – цо дIакхехьна и тайпа герзаш кхуллу болх", - яздо Хилла.

Вашингтонна а, Москвана а юкъара зIенаш гIоьртинчу хьоле йирзина (Охан-баттахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра аларца, "шийлачу тIеман заманахь" хиллачул а шийла ю уьш), Америкера политикаш юкъаметтигаш ширачу заманийн хьесапе цаерзийта гIертахь а. Америкерчу эксперташа арахьарчу политикехь коьрта проблема Китай лору, Байденан администраци а ю оцу ойланца.

"Аьрха шераш""Дуккха а хан хьалха цхьана лаккхарчу хьаькамо элира соьга, тIетийсало маймал дIататта гIетар стаг санна хетало шена Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтиг, аьлла. Беламе васт ду иза, амма цунах тарло нахехь лаьтта хаттар: "шийлачу тIеман" зама тоххара чекхъяьлла, ткъа стенна лаьтта конфронтаци? Дукхахболчу америкахошна Оьрсийчоь – яхначу заманара дагалецам бу. Ца лаьа наханна Оьрсийчоьнца керла конфронтаци йолаялийта", - боху Хилл Фионас.

Ша КIайчу ЦIийнехь бинчу балхо Хиллна аьтто белла президента Ельцин Бориса танканаш парламентна тIе хIоьънаш детта декхарееш даьхкинчу 90-чу шерийн юххьехь лаьттина Оьрсийчуьра хьал таханлерчу Вашинтонца доза.

"Оьрсийчу 90-чу шерашкахь деъна хилла хьал ду Цхьаьанатоьхначу Штаташкахь тахана", – боху Хилла, наггахь Трамп Ельцинах тарлуш хилар билгал а доккхуш.

"Делахьа Ельцин низамехь лелара, демократи хIаллакъян ца гIертара. Цуьнан таро яра, парламентна тIе герзаш диттинчул тIаьхьа арахецначу Керлачу конституцица а догIуш, даржехь чIагIвала, амма ца дира цо иза. Путина Iедал чIагIдина, шен карахь. Халахеташ делахь а, дукха го суна [Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь] 1990-чу шерашкахь Оьрсийчохь леллачун битмаш".

"Путинах Трамп дIакъастошдерг ду иза Iедалан гIирсийн гIоьнца урхалла лело гIерташ цахилар. Иза и гIирсаш декъа дIа наханна дIагайта гIерта".

Ши президент вовшех тарвийриг ду кхин цхьа хIума а, Хиллна хетарехь – Iедал шайн карадерзо гIертарал совнаха, шайн имидж тоеш къа а хьоьгу цушимма.

"Путин шоумен ву, артист… Трампа а изза леладо: из сцени тIехь ву даима а, шен хьовсархой белош. Цо политиках политикан спектакль йо".

ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Путинан рейтинг йистина Оьрсийчохь, дукхахболучарна историн нийсо чекхъяккхина цо аьлла хета. Новоросси а хьехийра, аьлча а, Украина куьйга кIел ерзор.

"Кхузахь а ду тера хIуманаш. Трампа нехан ностальги меттахйоху. Цо ша юхадалор ду боху Американ малделла сийлалла; изза дуьйцу Путина а, амма цо цу тIе аннекси а йо нехан территорешна. Трампа дийриг дуккха а агIонашца тера ду Путина лелочух. Башхалла ю Трамп шен пачхьалкхца къийсалуш хилар, Путин вац иза деш. Оцу юкъанна шиммо а ю кхуллуш шатайпа плебесцитан демократи".

Хилл оза ца ло Демократин партина критика ян а. Юха а тардо цо Америкера хьал Оьрсийчохь 90-чу шерашкахь лаьттинчух - "Яблоко" а, кхийолу либералан партеш а дакъошка екъаялар, вовшашца церан къийсадалар.

Демократашлахь "барт бац, массара а дIа ца кхоьхьу цхьа некъ". "Уьш даима а къийсало, парти гарайохуш. Оьрсийчохь дарий изза, дарий? Ельцинна дуьхьаллаьтта партеш вовшашлахь къийсалора даима а… Юха а тарло Америка 90-чу шерашкарчу Оьрсийчоьнах".

"Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Оьрсийчоьне а хьаьжча, хала ду, муха доьрзур ду хьал ала. Цхьаьнатоьхначу Штаташа хIинца йоху гIулчаш ю соьга сагатдойтуш. Делахь а оцукхерамечу некъа тIера юхадовдийла ду. Изза таро ю Оьрсийчохь а, аьлла хета суна".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Москвичам рассказали о защите от мошенников в сфере кредитования

МЧС предупредило москвичей о сильном ветре 19 апреля

Baza: российские туристы устроили «мини-бунт» в аэропорту Дубая

ПСБ и Социальный фонд России заключили соглашение о совместных программах

Музыкальные новости

Центр «ВОИН» открыл новые региональные отделения

«Ростов» и «Динамо» продолжают борьбу за Кубок! «Оренбургу» и «Уралу» осталось выживать?

Филиалы АО "Желдорреммаш" приняли участие в региональном этапе второй Всероссийской ярмарки трудоустройства «Работа России. Время возможностей»

В Гостином дворе прошел форум «Мы вместе. Спорт»

Новости России

Москвичам рассказали о защите от мошенников в сфере кредитования

ПСБ и Социальный фонд России заключили соглашение о совместных программах

Никиту Гусева назначили и.о. ректора Института русского языка имени Пушкина

В подмосковном ЖК «Жаворонки Клаб» построят два дома

Экология в России и мире

«Мифы и реальность: что нужно знать о донорстве»

Ищете конференц-зал в Екатеринбурге?

Кампус «БИМ» станет драйвером работы по развитию экосистемы технологического предпринимательства в Ивановской области

Где спастись от сезонной аллергии? Россиянам назвали направления и цены

Спорт в России и мире

Рыбакина: знаю, что меня поддерживают в России, но болельщиков из Казахстана намного больше

Бадоса из-за травмы снялась с матча против Соболенко и заплакала у сетки

Сафиуллин не смог выйти во второй круг турнира ATP в Барселоне

Хачанов объяснил, почему снялся с турнира ATP 500 в Барселоне

Moscow.media

В Новом Свете.

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

Названы самые дорогие советские автомобили на апрель 2024 года

ATI.SU: Проблемы с трансграничными платежами тормозят рынок международных перевозок











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Прокуратура ФРГ возобновила расследование о пропаже владельца OBI Хауба

Москвичам рассказали о защите от мошенников в сфере кредитования

В подмосковном ЖК «Жаворонки Клаб» построят два дома

В майские праздники нижегородцы смогут отправиться на самолете в 27 направлений