В Подмосковье срубили более 1,3 тыс сухостойных и аварийных деревьев с начала месяца

Axios: Израиль планировал ответный удар по Ирану вечером 15 апреля

Глава СКР Бастрыкин взял дело столичного нейрохирурга под личный контроль

В Люберцах более 5,3 тыс выпускников 9 и 11 классов примут участие в ГИА



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Лорд "ТикТокна" дуьхьал ву. Социалан машанаш емалбо Нохчийчуьрчу Iедало

Лорд

Нохчийчоьнан парламентан спикера, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллерчу накъоста Даудов Мохьмада емалбина социалан машанашахула юкъарло лелош болу кегийрхой. "ГIиллакхехь йоцу" посташ билгалйохуш, ойлайн-хехой болх бан буьйлабелла Нохчийчохь, ткъа ТикТокера онлайн-трансляцеш тергалйо ша-шех инстаграмехь Лорд аларца Къилбаседа Кавказехь вевзаш волчу Даудовс ша.

Политик дарвинарг яц оппозицин яппарш я махкара социал-экономикан кхачамбацарш бехкедеш Iедална йина критика, цатайнарг ду кегийрхоша интернет-эфирехь, цхьа а маьIна доцуш, эрна хан яйъар.

Инстаграмехула яржийначу видео чохь боху Даудовс: "АгIонаш ю ”ТикТок”, ”Биго". Метр еха мажош а йина, кегий нах Iа хIун ю а ца хуучу эфирашкахь, цу чу цаьрга яздийриг ду боьха. Эхь дац иза? Нохчий иштта лела аьлча а ду инзаре. Дан хIума дац шун? Спортзалаш яц? ГIо спортзале, тIаккха дезар дац шун, цхьа спортсмен тIевеъча, шишанаш кхийса. Маьждигаш дац? Цига гIо, мел боккхуш дIахьо хан, шайн иза оццул дукха хилча".

Нохчийн мехкаршна а довдо спикеро, уьш эфирашка буьйлу, цо дийцарехь, "лайкаш, хаза комментареш а лехьош". Даудовс бахарехь, Кадыровс могуьйтур дац, кегийрхой ишта а лелаш, уьш ца совцочу шен гонерчу хьаькамашна.

Зудаберашна – дихкина ду?

"Дай-наношка уьш совцалуш бацахь, дIахаийта кIоштарчу полицин хьаькаме я кIоштан куьйгалхочуьнга, шайн бераш совцалш дац шайга, алий, уьш  полицин тептара язде ала, ца хаьа царгара даьндерг, ала. Я тхуна маьждигера имам ваийта ала, уьш иймане бало", – дIахьедира Даудовс. Цкъа къамел дича гIуллакх ца хилахь, Нохчийн Iедало кхин а луьра дийр ду цаьрца къамел, кхозлагIа изза далахь - "низам дуьхьалдоккхур ду", бохура цо.

Ша видео-къамел дина масех сахьт даьлча, ТикТокерчу нохчийн цхьана йоьIан эфирехь гучуволу иза, ша дерриг а тергалдеш хилар гойтуш.

Оццу хенахь официалехь "Юкъараллин санитараш" ("Санитары общества") тоба гучуйолу машанехь – цо шена хьалха Iалашо хIоттийна интернетера нохчийн сегмент "дастаме леларца къам сийсаздечу хIуманех" цIанъян. Оцу бахьаница доьху нахе царна лартIахь йоцуш хетачу нохчийн кегийрхойн агIонийн адресаш довзийтар, шаьш "профилактика" йийр ю, боху, иштачаьрца.

"Юкъараллин санитараша" юьхьаръэцна некъ дIакхоьхьуш яра социалан машанашкахь 2017 шарахь а, тIаьхьо а "Карфаген" паблик - "вайнехан кегийрхойн болам". Цо емалбора интернете "товш доцу" суьрташ кхуьйсу нохчийн мехкарий – машанашкахула бовзуьйтура уьш, беха меттигаш юьйцура, гергарнаш схьакарабора. "Оьзда доцуш" лорура коьртахь кортали цахилар, коч йоца йохар, белш, лаг наханна дIагайтар. Уггаре коьрта хьехам бара мехкаршка бечаралахь – комментареш цаязйар.

Къайленехь шен декъашхой кхобучу "Карфаген" паблико емалбинчу мехкарех яра 2017-чу шарахь 22 шо долу Дудуркаева Луиза, цунна тховкIело елира Норвегино, амма новкъахь лецира иза, Минскерчу аэропортехь, дас цIайигира Устрада-ГIала.

Нагахь санна хIинца бевллачу "оьздангаллин бIаьхоша" оццу "Карфагенан" некъ карлабоккхуш нислахь, юха а нисбала тарло цо дакъазбоху кегийрхой, аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел динчу эксперташна.

Интернетехь эшийна Кадыров

 

Социалан машанаш маьрша бу, цундела хала дац "зуламхой" схьакаро, ерриг а "зуламечу" контентан авторш Iорабаха гIерта а ца оьшу, боху информацин-аналитикан "Сова" центра директора (Оьрсийчоьно "Сова" центр язйина "арахьарчу агентийн" реестре, амма иза реза яц оцу статусна – ред.) Верховский Александра.

"Нах кхерош, царех цхьакIеззиг болчарна ”таIзар” дича а тоьу", – боху цо.

Нохчийчуьрчу Iедална критика ечу нохчийн оппозицин 1ADAT боламан куьйгалхо тешна ву (1ADAT-ан хаамаш бешнарг а, цуьнан авторшца зIе кхобург а, пабликна модераци йийриг а таIзарна бухахьо республикехь) Даудовс шен дахьедар деккъа дIа "популизман пиар-кампани" латторхьама деш хиларх.

 

"Тхо цецдохург ду, ”оьздангаллехьа тIом” кхайкхинарг ша Кадыров цахилар – хьекъална гена боцчу нехан бIаьргаш чохь ша диканиг хоьтуьйтуш, и тема юкъараллехь уггаре коьртачех юйла а хууш, цо ма олий шех ”КъорIан а, Сунна а Iалашдархо”. Боьхаллица тIом цхьана а кадыровхочо латтор бац, латтабахь – шайца бан дезар ду церан и тIом", –  элира ша вовзуьйтуш воцчу 1ADAT пабликан куьйгалхочо.

Дагалаца мега кхузахь хип-хоп локхучу, продюсер волчу Тиматица Кадыров Рамзана лелош долу гергарло, нохчийн Iадаташа аьттехьа а магочех яц цуьнан кхоларалла, я Пачхьалкхан Думин депутата Делимханова Адама Бузова Ольгица даьхна суьрташ (инстаграмехула Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан туьканна реклама еш ю царна тIехь Бузова).

"ТикТок” – иза шатайпа социалан маша бу, цу чохь кегийрхоша шаьш дахарехь лелор а доцург гойту, боху социалан машанех а, мессенджерех а пайдаоьцучу профессионалийн ассоциацин директора Зыков Владимира.

"Хайпан дуьхьа леладо дерриг а. Иштта лелар массарна а тан деза аьлла дац, амма кхета-м мегар ду. Делахь а, социалан машанехь мьарша камелаш дора аьлла, кегийрхой бехкебан ца оьшу. Бакъду, кхетанза дуьсу, хIун ца тайна", – боху Зыковс.

Дерриг а дехка

Дуьххьара дац Нохчийчуьра Iедал нехан кхетам, цара мел лолориг шен куьйга кIел эца гIертар. Республикехь девнаш лелийна 1ADAT паблик йоьшучаьрца, оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьовсучаьрца. Тергонна кIел оьцу Iедало политикаца доьзна доцу нехан дахар а.

2019 шарахь хаам баржийра, "кхетош-кхион" лаьцна иллиалархой Аюб а, Асхаб а ВахараговгIар, аьлла. Iедалхойн кхетамехь, "нохчийн синбахаман мехаллаш сийсазйинера" цара. Цул хьалхо культуран министра Дааев Хожа-Бавдис дIахьединера, концерташца, интернетехула гайтамашца наханна хьалха хIуьттур бац лерринчу комиссино магийнарш бен, аьлла.

 

И шо доьрзуш доьшучуьра дIабехира культуран а, исбаьхьаллийн а колледжан студенташ Баснукаев Мохьмад а, Тепсуркаева Хьалимат а рэперан Миягин "Пропаганда" лакхарна. Официалехь дуьйцу бахьана дара цара мегаш доцчу чоьнаш чохь видео яккхар (низамца ца богIура и сацам, колледж – юкъараллин меттиг ю), амма комментарешкахь билгалделира бахьана, гIиллакхан гIаролехь лаьттачарна гарехь, нохчийн Iадташца ца догIура и тайпа эшарш лекхар.

Нохчийчохь Iедало дерриг а шен тергонна кIел кхобу, берийн дахар а тIехь, диктатура ю лаьтташ, боху конфликтийн анализан, царна духьалояран центран директора Сокирянская Екатеринас.

"И режим даима а ю нехан дахарна юкъагIерташ, цо керла-керла сфераш хьо шен тергамна буха. Делахь а диаспорашна ца бало оцу Iедале тIеIаткъамаш, ткъа махкахь дерриг а ду цуьнан карахь, цо керла-керла кепаш кхуллу бахархой шена буха хьош. Iедал интернетехула юкъарло лелочу нахана а бан гIертар ду тIеIаткъамаш, гарехь, кхин а совбевр бу", – аьлла хета экспертна.

 

Сокирянскаяс бахарехь, Iедало шена дастаме хетачу хIуманашца тIом жигара боккху юкъ-кара, тIаьххьарчу шерашкахь цуьнан таIзаршна кIел нисбелла пал туьйсурш, ловзаргашкахь гIиллакх цалардийраш, некъан бакъонаш талхораш.

"Юха и компани юьжу, жигаралла лахло цуьнан. Со кхета, дахлур дац социалан машанаш ларбар а. Вукху агIор аьлча, гергарчу заманахь социалан машанаш тергалбарна алссам тIетаIа тарло Нохчийчохь Iедал, леца тарло жигара комментареш язъеш хаабелла нах, видео йоху авторш, камерашна хьалха цаьрга нах шайна къинтIерабахийта тарло ", – боху Сокирянскаяс.

Даудов а, Кадыров а, царна мел лаахь а шаьш маьрша бу моттийта, маьрша бац, Кремлна кIел ду церан массо а хIума, ду Хан-ГIаларчу ФСБ-н декъан карахь, боху Венерчу "Ичкерия" культуран цхьаьнакхетараллин декъашхочо, Ичкерин кегийрхойн политикан департаментан куьйгалхочун гIовс лаьттинчу НикIархо Ибрагима.

"Социалан машанашкахь евзачу 1ADAT-о а, Тумсос а (Абдурахманов –ред.) аьтто бо Нохчийчохь хуьлуш лаьттачунна Кремль бехке яц боху кхетам чIагIбеш", – аьлла хета цунна.

Бехкамашца цхьаьна даьржина лела Нохчийчохь, камераш тIе а хьийсош, нах сийсазбар, цаьрга Iедалхой къинтIера бахийтар. Дуьххьара и тайпа сюжеташ яьржира "Грозный" телеканалехула 2015 шарахь. И тайпа сюжеташ хIинца бIеннал а сов ю. Шуьрра бу "къурд баьхначийн" го а, георгафи а. Оцу таIзарна буха нисвала тарло керт йохийнарг а, нахе я Кадыровга гIодехнарг а, социалан машанехь Iедалхойх шена хетарг аьлларг а, таIзар кхачадо, иза полисхо бен вацахь а, Iедалехь болх бечунна резавацар мел хазош верг. Делахь а, кхочуш ца яло и коьрта Iалашо – халкъе Iедал даздайтар, "нийса доцург ала" муьлхха а вахархо кхерийтар, боху эксперташа.

"Нах юьхIаьржа хIиттош долу къинтIерабахарш" Iедало Нохчийчохь шуьйрра даржор тидаме ийцира кхушеран Охан-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Дуьненаюкъарчу динан маршонан Комисино. Бинчу талламан авторша Вашингтоне дийхира Нохчийн Республикан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш араяхар.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Аксенов: В Крыму не будет военного парада и «Бессмертного полка» на 9 Мая

МИД России: агрессивный антироссийский курс Молдовы является условием ее вступления в ЕС

Свыше 180 тыс кв метров дорог отремонтируют в Богородском округе

Замок Гарибальди в Самарской области вошел в топ-10 мест для весенних фотосессий

Музыкальные новости

Сотрудники «Россети Центр» и «Россети Центр и Приволжье» присоединились к Неделе популяризации донорства крови

Эксперт рассказала, как правильно выбрать одежду для спортзала

«Ростов» и «Динамо» продолжают борьбу за Кубок! «Оренбургу» и «Уралу» осталось выживать?

«Калмыкия стала точкой объединения народов всей страны»: в Элисте стартовал Первый Фестиваль национальных театров России

Новости России

ММКФ-2024: пришелец на Урале и роботы на Марсе

Аксенов: В Крыму не будет военного парада и «Бессмертного полка» на 9 Мая

МИД России: агрессивный антироссийский курс Молдовы является условием ее вступления в ЕС

Воронежцы стали чаще ездить в Москву, но реже читать в метро

Экология в России и мире

Новый трек Батишты и NAT станет гимном расставания

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)

«Кот в мешке» на «Юмор FM – Санкт-Петербург»

Где спастись от сезонной аллергии? Россиянам назвали направления и цены

Спорт в России и мире

Рыбакина: знаю, что меня поддерживают в России, но болельщиков из Казахстана намного больше

Теннисист Рублев разбил ракетку после поражения на турнире в Барселоне

Полина Кудерметова проиграла Плишковой в первом круге турнира WTA в Руане

Появилось «закулисное» видео Елены Рыбакиной

Moscow.media

Беспроводной сканер штрих-кодов SAOTRON P05i промышленного класса

На строительстве моста на обходе Тольятти началась укладка асфальта

Псковская область подала заявку на проведение ДЭГ на очередных выборах

Названы самые дорогие советские автомобили на апрель 2024 года











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Лавров: Россия всегда предпочитает переговоры дракам

Свыше 180 тыс кв метров дорог отремонтируют в Богородском округе

Будущие журналисты из Ростовской области учатся на ВДНХ

Объявлен аукцион на выполнение работ по содержанию территорий в Клину