В Орехово-Зуеве пассажиры совершили 3,7 млн поездок в автобусах «Мострансавто»

Полуголая девушка напугала водителей в Екатеринбурге

В Москве на пяти площадках 20 апреля пройдут праздники проекта "Мой спортивный район"

Более 700 спортсменов поучаствуют в турнире по художественной гимнастике в Подмосковье

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Эшамаш а, толамаш а. Дукаев Аслан – Оьрсийчоьнах а, Къилба Кавказах а

Эшамаш а, толамаш а. Дукаев Аслан – Оьрсийчоьнах а, Къилба Кавказах а

ДIадахначу шеран гурахь шена чуьра хьал кхехкаш лаьттина Къилба Кавказ дIайовш ю керлачу хаамийн могIаршкара, амма дукха хан йоццуш иккхинчу шина хиламо юха а дагдаийтира вайна и мохк сингаттамех маьршабала гена буйла - хаа деза, цигахь цкъачунна вай кхоччуш кхетийна а боцу вуно баккхий хийцамаш дIабоьлхуш хилар.

 Саакашвили Михаил Гуьжийчу юхавахаро а, иза цигахь лацаро а, кестта цунна тIехь кхел ян тарлуш хиларо а гойту оцу пачхьалкхах хиндерг къастош болу къовсам марсабала гIертийла. Гуьржийчоьно ша демократин некъ юханехьа болийна хилар гойту кху тIаьххьарчу шарахь, кхеташ ду, реформаторшна – царалахь бу Саакашвилин агIончаш – тан йиш яц иза. Делахь а хаттар лаьтта: буй гуьржийн харжамхой, оппозици а санна, хьоланна сагатдеш, буй уьш и сингаттам харжамашкахь дIагайта кийча?

Хаъал хийцамаш бу хуьлуш Гуржийчоьнна уллерчу Азербайджанехь а, Эрмалойчохь а, коьртачу декъанна царна бухбиллинарг бу Карабахера ШолгIа тIом. Азербайджан рогIерчу конфликтна кечлуш юйла дика хаалора 2020 шеран гуьйре тIехIоттале а, амма цхьа а  вацара цуьнан толам оццул боккха хир бу моьттуш. Стохка хиллачу эшамо шайна кхачийначу лазамах паргIатбовланза бу, схьагарехь, эрмалойн политикан декъашхой а, комментаторийн гонаш а. Конфликт сацош, 1992–1994 шерашкахь бинчу тIемашца эрмалоша шайн доладаьхна латтанаш Азербайджанна дIалуш бинчу барто дакъаздаьккхира тIеман дозанехь ишта а доьхна лаьтта хьал, ша Эрмлойчоьнан премьера Пашинян Николас ма-аллара. Мила вара конфликт эккхарна бехке – иза Пашиняна ца хьахийра, амма дукха хан йоццуш иккхинчу шолгIачу сенсацино гойту Эрмалойчоь эшарна политикаша тIеман урхалла бехкееш хилар – коррупци лелорца а дузуш, лаьцна тIеман экс-министр а, тIеман хIаваъ-ницкъийн буьйранча а, эскаршна оьккхучу молхан гIирс латтийначу компанин куьйгалхо а.

Оьрсийчоьнна оьгIазбахна бу Эрмалойчуьра дуккха а тергамчаш, цара бахарехь, цо тоъал гIо ца дина Карабахерчу эскаршна."Конфликт стенна ялийтина Оьрсийчоьно Кавказехь, 5–10 шо хаьлха, масала, хила тарлуш ма дацара иштаниг?" – хоьтту эрмалойн журналистикан цхьана ветерано. "Цхьанна а ца моьттура Оьрсийчоьно азербайджанхошка а, туркошка а хIаллакйойтур ю Эрмалочоь а, Ломан Карабах а", – тешна ву иза. Эрмалошна хилла дегабаам кхетон хала дац, амма нийса дуй Оьрсийчоьнера бехкбаккхар?

Хьалхарчу Карабахан тIамехь эшначу Азербайджанна тIедуьйжира шен пачхьалкхан политикан, тIеман-техникан, финансийн сурсаташ эрмалоша дIадаьхна латтанаш юхадерзорна тIехьажор. Алссам къахьийгира Азербайджано Оьрсийчоьнанан юкъарлонца Карабахан суверенитет билгалйоккху бертан кехаташ хIиттош, Эрмалойчоь ширачу заманара схьа Кремлан доттагI ларалуш хиллехь а. Масала, 1997 шеран Товбецан-беттан 3-чу дийнахь тIеийцира доттагIаллах а, юкъарлонех а, юкъахь кхерамзалла латторах болу Барт, Оьрсийчоьно а, Азербайджано а чIагIо йира "цахеддаш вовшийн пачхьалкхан суверенитетца, цадазарца лараме хила, […] территорин цхьалица, дозанаш дохон мегаш дацарца, кхечу дуьненаюкъарчу бакъонийн гурашца лараме хила".

ТIеман индустри кхиорехь Оьрсийчоьнца гергарло а карийра Азербайджанна. Масала, 2003 шарахь тIеман-техникан юкъаралла лелон барт бира – цуьнца а догIуш, ду “цхьаьна кхуллуш, деш, дIакхачош герз а, тIеман техника а”. Документо, кхеташ ду, билгалдоккху ши пачхьалкх “суверенитетан, территорин цхьааллин, дозанаш дохадойла дацаран принципашна тIехь” хилар. Оцу а, кхечу а бертан документаша доьхкура Москвана дуьненна а гуш Карабахерчу конфликтна юкъагIорта. Ткъа эрмалойн юкъаралла хиллера Орсийчоьно шен агIо лацаре сатуьйсуш.

Азербайджано 2005 шарахь жигара эца долийра Оьрсийчуьра герз, тIеман техника. 2006 – 2016 шерашкахь Оьрсийчоьнан герзан, тIеман техникан экспортах 20% кхочу Азербайджанна, боху эксперташа.

Азербайджанан президента Алиев ИлхIама чIагIдарехь, герз пачхьалкхе доккхачу декъанна дац Туркойчуьра я Израилера кхочуш, оьцу иза Оьрсийчоьнера. "Эрмалойчоьнца дуьстича, оха Оьрсийчоьнера оьцуш ду герз", – билгалдаьккхира цо. 20I8 шеран Гезгамашин-баттахь Азербайджано Оьрсийчоьнера эцна лоруш дара 5 миллиард долларна герз. Цул сов, Азербайджано ша а до Оьрсичоьнан лицензица цхьадолу герз, ткъа 2010 шарахь дуьйна шина пачхьалкхо цхьана дIахьо тIеман Iамораш Таркхойн хIорда тIехь. Шен тIеман эпсарш а Iамобо Азербайджано къилбаседанерчу лулахочун пачхьалкхехь: 2000 шарера схьа уьш маьхза Iемаш бу Оьрсийчуьрчу шина лакхарчу тIеман доьшийлехь.

 

Политикан а, тIеман а тIегIанашкахь лелла а ца Iа Азербайджанна, Оьрсийчоьнна юкъахь гергарло. Шина лулахочо миллиардаш долларшка кхочуш лелайо юкъахь йохк-эцар, цуьнан болар кхин а шорлур ду, прогнозаша бахарехь. Мехала ду кхин а цхьаъ: тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьно дуьненехула дIасакхоьхьучу киранийн транзитан ков хуьлуш лаьтта Азербайджан. "Къилбаседане – Къилбе" олучу дуьненаюкъарчу транспортан ученан (МТК) декъашхо ю иза, цо ХIиндойчоь ГIажаройчоьнан порташкахула юзур ю Оьрсийчоьнах а, Европах а. Мангал-бутт бовш чекхъяьлла шен транспорта коммуникацеш тоеш, лаккхарчу эвсаралле яьхначу Азербайджанехула ХIиндойчу хьочу Европерчу киран ковранаш. Кхечу дашца аьлча, Азербайджанан гIоьнца аьтто баьлла Оьрсийчоьнан ГIажаройн Аймин а, ХIирдойн океанан а йистошка лаьттахула дIакхача.

Ткъа муха ду оццу МТК-н консорциуман декъашхо йолчу Эрмалойчоьнца дерг? Транспортан уче кхолла аьтто ца баьлла Ереванан. Некъаш бахкарца йолу проект йолош, Эрмалойчоьно кредиташ дехира 100 миллиард сов долларна, болх болийра 2012 шарахь, къилбаседанехь Гуьржийчу, къилбехь ГIажаройчу кхача безаш бара уьш. Некъаш бина яла езара Эрмалойчоь 2019 шарахь, амма ца бехкина некъаш хIинца а 20% бен. "Оцу некъанна хьажийна ахча лачкъийна я бюджетна дуьйлу Iуьргаш дIадукъуш дайъина хьалхалерчу Iедало", – аьрзнаш до цхьаболчу эрмалойн эксперташа. Кхеташ ду, ша гIортор а еш ехачу Эрмалойчоьнан экономикехь лаьтта ирча хьал девза Оьрсийчоьнна, амма шена эшам а беш гIодан, гарехь, лерина яц иза.

Къилба Кавказехь эвсараллица чIагIйо шен позицеш стохка бирзинчу тIамехь Азербайджанна гIодина йолчу Туркойчоьно. Шина пачхьалкхан президенташа Шуша гIалахь тIеэцначу декларацино чIагIйина Туркойчоьнан а, Азербайджанан а юкъаметтигаш, ткъа бина барт шена кхераме ца лерира туркошца хьошалла лелош схьайогIучу Оьрсийчоьно. Дац иза Кремло лулахошка хIаллакъяйта дIатосуш ю Эрмалочоь бохург. Дац Къилба Кавказера Оьрсийчоь дIайоьду бохург а. И ца дан вуно дукха геополитикан а, тIеман а, экономикан а интересаш ю цуьнан оцу регионехь.

Дукаев Аслан – Кавказера журналист, политикан эксперт

"Авторан бакъо" рубрикехь йовзуьйту ойланаш редакцин кхетамца даима а яц йогIуш

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Новый трек Батишты и NAT станет гимном расставания

Почта России стала больше обрабатывать посылок с маркетплейсов и интернет-магазинов

Бастрыкин запросил доклад по делу о нападении на журналистов в Москве

Гостья из очень далекого будущего: стартовал прокат ленты «Сто лет тому вперед»

Музыкальные новости

«Калмыкия стала точкой объединения народов всей страны»: в Элисте стартовал Первый Фестиваль национальных театров России

Аддитивные технологии помогают "Норникелю" обрести импортонезависимость

День подснежника и День полиграфии: какие праздники отмечают в России и мире 19 апреля

Сотрудники «Россети Центр» и «Россети Центр и Приволжье» присоединились к Неделе популяризации донорства крови

Новости России

Бастрыкин запросил доклад по делу о нападении на журналистов в Москве

Полуголая девушка напугала водителей в Екатеринбурге

В Москве на пяти площадках 20 апреля пройдут праздники проекта "Мой спортивный район"

С 27 по 30 мая 2024 года в Москве состоится юбилейный Форум «Неделя Российского Ритейла»

Экология в России и мире

Парашютный Фестиваль «Небофест 2024» состоится 26 мая в Нижнем Новгороде

Lamoda и Fashion Factory School: локальные бренды присутствуют в гардеробе 75 процентов россиян

Американский турист приехал в Россию и был удивлён

Куда стремятся попасть российские туристы без турфирм на майские праздники?

Спорт в России и мире

Финалисты «Мастерса» в Монте‑Карло опередили Рублева в рейтинге ATP

Сафиуллин не смог выйти во второй круг турнира ATP в Барселоне

Полина Кудерметова проиграла Плишковой в первом круге турнира WTA в Руане

Рыбакина призналась, что её жизнь сильно изменилась после победы на Уимблдоне

Moscow.media

Минфин РФ: отсутствие интероперабельности - это препятствие к использованию ЦФА в международных расчетах

Спецназовец столичного главка Росгвардии занял призовые места на Международных соревнованиях по универсальному бою

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Ляжгинский водопад











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Почта России стала больше обрабатывать посылок с маркетплейсов и интернет-магазинов

Глава Балашихи получил благодарственное письмо от Путина

Бастрыкин запросил доклад по делу о нападении на журналистов в Москве

Полуголая девушка напугала водителей в Екатеринбурге