ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 69 дархо, ун даьржина 1 263 бахархошлахь.
Оперативан штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла уьнах 26 дархо, Нохчийчохь – 13, Кхарачой-Чергазийчохь – бархI, Ставропол-махкахь – ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а, - виъ-виъ, ГIалмакхойчохь – кхоъ, Адыгейхь – шиъ, Къилбаседа-ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а – цхьацца.
Къаьсттина дукха бу вирус кхетта нах тIаьххьарчу дийнахь -буса динчу зерашца, Ставрополан махкахь, уггар а кIезиг бу – Адыгейхь.
Ставрополан мохк + 282 (61 850 ву пандеми йолаелчхьана)
Краснодаран кIошт+ 246 (56 728)
Дагестан + 199 (39 893)
Нохчийчоь+ 131 (14 834)
ГIалмакхойчоь + 114 (23 763)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 79 (26 159)
Кхарачой-Чергазийчоь + 58 (21 870)
ГIалгIайчоь + 53 (17 142)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 53 18 216)
Адыгей + 47 (15 815)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун хааделла ву верриг а 296 349 стаг. Йоллу Оьрсийчохь бу уьш тахана, Товбеца-беттан 20-чохь, официалан хаамашца, 6 054 711* коронавирус кхетта нах.
*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чоьте эцна аннексий инчу ГIирмера хьал а цхьана.