Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь 2020-гIа шо бюджетан дефицитца дирзина шинахьа – Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, яздо РБК агенталло.
Ша даьккхинчу ахчанал 3% сов дайъина (бюджетан дефицит) Нохчийчоьно – иза ду 4,3 млрд сом. ГIалгIайчоьнан дефицит ю 1% я 0,4 млрд сом.
Ша гулдинчу ахчанах тоам хилла Ставропол-махканна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а (бюджетан дефицит 0%).
Буха ахча дуьсуш (профицитца) шо дерзийна Къилбаседа ХIирийчоьной (1% - 0,5 млрд сом), Дагестаной (1% - 1,6 млрд сом), ГIебарта-Балкхаройчоьной (4% - 2,I млрд сом) – шеран харжел сов бу царна хилла пайда.
Оьрсийчоьнан мехкех дукхахболучара (85 субъекташлахь 58-нно) бюджет ца тоьуш дерзийна шо, аьлла бу РБК-н хаам.