Нохчийчуьрчу Iеламчас Эльжуркаев Адама нахалаяьккхина Серноводскан кIоштарчу Аьхкинчу-Борзера 80 шо долу яхархо, цо ша "хIумахуург" ю бохуш, еххачу хенахь шена тIе нах лелийтарна. Хаам Instagram машанехула баржийна "Грозный" телеканало.
Сюжетехь гойтуш ю зудчо – Яхийта ю цуьнан цIе - шен "балха тIехь" лелош хилла коьчалш: дIаьIахкаш, чамхалгаш, якъийна буц. "Яхийтас и берриг а пал берийн бу, аьлла", - боху видеоматериалан автора.
Исламан дарбан центрерчу коьртачу говзанчас Эльжуркаев Адама дIахьедина, дино дихкина, доккха къалеташ хIума ду палтасар, аьлла.
Йоккхачу стага чIагIойина кхин иштаниг ца лело, дехна нахе шена къинтIерабовлар.