Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ваша ву аьлла, тIеэцначу Кадыров Виситех (Пиганов Виктор) махкарчу Роспотребнадзоран куьйгалхочун гIовс вина. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан хаамца, Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслим вовзийтина иза коллективна, яздо "Грозный информ" агенталло.
"Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, ас вовзуьйту шуна Кадыров Висита, - боху Хучиевс. -Iаламат кIоргера Iилма долуш, компетенте говзанча ву Кадыров Висита. Еххачу заманчохь мехкан урхалхочун тIедахкарш жоьпаллица кхочушдеш схьавогIуш ву иза".
Сюжетехь бахарехь, 31 шо ду Кадыров Виситин. 2009-чу шарахь Москвара Суворовн тIеман доьшийла чекхъяьккхина цо, иштта Плехановн цIарахчу экономикан университетехь доьшучуьра Нохчийн пачхьалкхан университете сехьавелира "юриспруденци" говзалла караерзон. 2013-чу шарахь дуьйна Кадыров Рамзанан гIоьнча вара иза.
"МБХ медиан" информацица, Пиганов Виктор вина Нохчийчохь 1989-чу шарахь. Махкахь тIом болабеллачул тIаьхьа хIусам йохийра церан, да-нана доцучу берийн хIусамехь кхуьуш вара иза. 2006-чу шарахь Кадыров Рамзан интернате веача вовзар хилира цу шиннан.
"Грозный-информ" агенталло яздарехь, КадыровгIеран доьзале а кхаьчна, Суворовн цIарах доьшийла чекхъяккха шен лаам хиларх дIахаийтинера хIетахь кIанта. Кадыров Рамзанан нанас Кадырова Айманис доьзале ийцира Висита, шен кIант санна. Бусулба дин тIе а эцна, Кадыров Висита Ахматович хилира цунах.
Билгалдоккху, Кадыров Рамзанан цIийнах мел верг ву Нохчийчохь лаккхарчу даржашкахь дIатарбелла, иштта, цуьнан йижарий, шичой, маьхчой, йижарийн, вешин бераш а цхьана.