Карарчу шеран хьалхарчу пхеа баттахь Оьрсийчоьнан регионашкахь бахархойн баларх а, тIекхиарх а лаьцна шаьш дина зераш зорбане даьхна Росстато. Дукхахйолчу Къилбаседа Кавказерчу регионашкахь баларш лахара хилла, стохка ялийначу статистикица дуьстича. Бакъду, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а 10 проценте лакхадаьлла церан терахь.
Цхьаболчу жигархоша чIагIонаш йо, COVID-19 пандеми бахьана долуш Оьрсийчохь баларш алсам хуьлу, амма Iедалхоша ма-дарра хьал довзуьйтуш дац бохуш.
Къилбаседа Кавказан мехкашлахь цхьана Нохчийчохь а, ГIебарта Балкхаройчохь а къаьстина бахархойн терахь кхуьуш хилар.
Терахь цIеххьана лахделла хаало Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а. Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а баларш къаьсттина дукха хилар билгалдаьккхина статисташа.
Изоляцин раж юкъаяьккхичхьана Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь кIезиг бу керла доьзалш кхуллурш. Иштта кIеззиг доьзалш боьхна а, боху статисташа далийначу зерашкахь.