Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, ворхI пациент велла коронавирусан уьнах, цомгашчарна тIекхетта кхин а 358 стаг. Эпидеми дIаса ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабо хаамбарца, Ставрополан кIоштахь а, Краснодаран махкахь а шишша велла, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Краснодаран кIоштахь - 119 стаг:
Краснодаран махкахь + 119 (8 704 ву эпидеми чуеачхьана)
Ставрополаг кIоштахь + 98 (8 658)
Дагестанехь + 43(9 435)
Адыгейхь + 25 (2 855)
ГIалмакхойчохь + 20 (2 725)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 15 (6 039)
ГIалгIайчохь + 11 (3 755)
Къилбаседа ХIирийчохь + 9 (4 587)
Кхарачой-Чергазийчохь + 9 (4 485)
Нохчийчохь+9 (2 102)
Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах ун даьллера 52 959 стагана. Оперативан штабан зерашца, шинарин дийнахь Iораяьккхинчу статистикаца, Оьрсийчохь билгалваьккхина 861 423 коронавирус кхетта вахархо.
Краснодаран кIошт хьалха ю цомгаш нах дукха хиларца. Кхул а хьалха эшна хьал дара Ставрополан кIоштахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.