ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 6 дархо велла, цамгар лаьцна кхин а 402 стага.
Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Ставропол-махкарчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла ши унхо, Краснодар-махкахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Юьхьанца схьа COVID-19 цамгарх велларг ву регионехь 1 014 вахархо.
Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Краснодаран кIоштахь- 113 стаг:
Краснодаран махкахь + 113 (8 585 ву эпидеми яьржичхьана)
Ставрополан кIоштахь + 111 (8 560)
ГIалмакхойчохь + 46 (2 705)
Дагестанехь + 42 (9 392)
Адыгейхь + 27 (2 830)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 16 (6 024)
ГIалгIайчохь + 15 (3 744)
Кхарачой-Чергазийчохь + 11 (4 476)
Нохчийчохь+11 (2 093)
Къилбаседа ХIирийчохь + 10 (4 578)
Къилбаседа Кавказехь 52 601 стеган тесташа гайтина COVID-19 цамгар. Ткъа Оьрсийчоьнан юкъара и терахь ду 856 264.