Маркелов: долг каждого из нас — отдать дань благодарности всем, кто кует обеду над вселенским злом

Тысячи уникальных изданий: архивно-библиотечный центр появится в Музее транспорта Москвы

Mark Knopfler & Emmylou Harris — Done With Bonaparte

Самолеты из Оренбурга не вылетели в Москву и Санкт-Петербург из-за непогоды

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Ерриг КРА дIалакъо еза". Американ керлачу санкцешна буха нисбелла Кадыровн доьзал

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.  Оцу гIулчо махкахь хьоьшучу адамийн бакъонашна дуьхьало йийр яцахь а, делахь а, дикка новкъа ю уьш Оьрсийчоьнан хьаькамна. ХIунда аьлча, дуьненахь ларам болчу, йоккхачу пачхьалкхо массарна а хезаш, дIакхайкхийна, иза зуламхо хилар.

Карладоккху, пачхьалкхан секретаро Помпео Майка куьйг таIийначу документа тIехь яздина ду: "10 шарал а сов хенахь дуккха а адамийн бакъонаш луьра хьешарна, Iазап латторна, еш кхел ел а йоцуш, нах байъарна Кадыров жоьпаллехь хилар гойту бакъ информаци ю Департаментан долахь".

Пачхьалкхан департамент тешна ю, коронавирусан пандемих бахьана а дина, Нохчийчохь адамашна таIзарш латтор дIахьош ду Кадыровс хIинца а аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто рогIера санкцеш кхайкхорна оцу сохьта жоп делира Кадыровс. Телеграм-канале, деза герзаш кара а эцна, шен сурт хIоттийна цо, буха яздинера: "Помпео, оха тIеоьцу тIом! КхидIа вуно самукъане хир ду! "

ТIаьхьо Кадырова Iайшата шен инстаграмерчу аккаунтехь пост хIоттийра, шен дена тIехIуттуш. Амма дукха хье а ца луш, шен агIо дIакъевлира цо- дуккхаъчара критика еш, йозанаш дитинера цу бухахь.

Бакъду, карарчу беттан 21-чохь юха а схьайиллира цо шен аккаунт.

Кхин а гена елира Нохчийчуьра муфтият шен дIахьедаршкахь.

Динан урхаллан куьйгалхочо Межиев Салахьа пачхьалкхан департамент "номер 1 йолу террорхойн организаци ю" аьлла, дIакхайкхийра.

Кадыровна дуьхьал яьхна санкцеш, исламна дуьхьал тоьхна ю бохура муфтийс. Ткъа Кадыровн гонерчу хьаькамаша #мысемьякра аьлла, хештег а хIоттийна, инстаграмехьфлешмоб дIаяьхьира, Кадыров хестош, вазвеш посташ зорбане а йохуш.

Хаамийн гIирсашкахь даьржира, пачхьалкхан хьукматашкахь а, организацешкахь а белхаш бечу массо а махкарчу вахархочунна тIедожийра, Кадыровн поста бухахь цунна тIетовш, комментареш язъяр аьлла.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яц санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.

Тоьхначу дозанаша доьхкуш ду Кадыровна Америке ван а, пачхьалкхарчу компанешна а, бахархошна а цуьнца бизнесан гIуллакхаш лелон а.

ХIинца Кадыровна дуьхьал баьхначу кху барамаша хIун зен дийр ду аьлла, эксперташка хиттира Кавказ.Реалиис.

Финансашна тохар

 

Нохчийчохь лелош йолу харцонаш совцон ницкъ бац санкцийн, амма церан Iалашо кхин ю аьлла бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игора.

"Я Кадыров а, я цуьнан гергара нах а Америке листина бац. Цунах иза вешаш вац. Америкахоша юха а дагадаийтина, Оьрсийчоьнан цхьахйолчу регионан урхалла деш волчу хьаькамна тIехь жоьпалла хиларх адамийн бакъонаш ца ларъярна", - аьлла, билгалдаьккхира Каляпина.

Санкцешна оццул карзахе реакци Нохчийчуьра хилар Каляпина кхетадо, цунна дехкина бехкаш бахьана долуш хиларца.

"Цуьнан бIаьргийн бос кхечу тайпана хиларна, я цуьнан фамили вон ю аьлла, я иза лохачу дегIехь ву аьлла, дихкина ма дац цунна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка вар. Цо дина зуламаш билгалдаьхна цара. Кхечу кепара реакци хуьлийла а ма дацара. Дерриг а политике ма дерзадо цо, со оццул дика воллушехь, со коьрта бакъоларъярхо воллушехь, и хIун бехкаш ду суна дохкурш олий. Иза Америка емалъян хIутту, "низамашкахь ца догIу таIзарш до цара афроамерикахошна, и америкахой-м эксплуататорш бай, боьха хIуманаш ю, империалисташ а бу" бохуш.

Кадыровна дуьхьал санкцеш яхар кхин дIоггара пайден а дац аьлла, хьажам бу стратегин а, дуьненаюкъара а талларийн центран лаккхара хьехамча волчу, Free Russia Foundation юкъараллан экспертан Соколов Денисан.

"И барамаш боккъал а зене хилийтархьама, цуьнан гонах а тасабала безара, уггар а хьалха, цуьнан доьзалах, йоллу "КРА" юкъаозон езара (Рамзан Ахматовичан команда-редакцин билгалдаккхар). Кадыровна боккъал а тIеIаткъамбар ахчанехула дан деза. Цундела керла санкцеш Кадыров тешаш болчу нахана дуьхьаъяьхна ю, цаьргахула, шайна тIетайначу пачхьалкхашкахь Кадыровга шен интересаш  кхочуш ца яйтархьама. Масала, Канадехь а, Евробертан мехкашкахь а. Туркойчохь а, Iарбойн Эмираташкахь а и санкцеш цхьаммо а ларйийр яц", - боху Соколовс.

Тиранан хан герга кхочуш ю

 

Нохчийчохь Iедало лоьцуш хилла гейш масийттазза пачхьалкхера арабаьхначу "Экстренная помощь Российской ЛГБТ-сети" программан координаторна Истеев Давидна хетарехь а, кху заманчохь  Госдепан сацамо дан гIо дац республикехь бехачарна. 

"Оьрсийчуьра бовда аьтто баьллачарна синтем луш хила тарло тоьхначу санкцеша. Тхо тешна ду, Европа а Американа тIаьхьахIуттур ю аьлла. МухIажарийн боккха синтем байинера Кадыровн йоI Париже а еана, цо цигахь шен модан цIа гайтарна. Кху хьолехь аьлча, адамашна дуьхьал, шен къомана тIехь лелийначу инзаречу зуламех, олуш ма-хиллара, "кIант декхаре ву дех жоп дала". Суна иштта аьлла хета", - боху Истеевс.

Нохчийчохь лелочу къизаллех бевддачу нахана Францин коьртачу шахьарехь Кадырова гучуялар- йоккха чов яра: "Нохчийн тиранах ведда вала маьрша меттиг бан а бац-кх аьлла, мухIажирийн ойла кхоллайолуьйтуш хIума дара иза. Ян а еана, ког хецна барам хIоттон цуьнан йоьIан йиш хилча, хьуна дагатосу, Кадыровн а таро ю-кх миччахь а, Европерчу пачхьалкхийн лаамца, цуьнан геноцидна дуьхьал болу нах, цо ша олуш ма-хиллара, "шайтIанаш" леца".

Нохчийн политолог Кутаев Руслан тешна ву, Кадыровна керла санкцеш дуьхьалъяхар, дукха чIогIа цунна товш хIума цахиларх.

"Нагахь санна, и санкцеш Лаосо я Въетнамо тоьхнехь, моза къахкош санна, куьг ластийна Iойла дара. Амма Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Европан а санкцеш Iаламат Iаткъаме ю. Суна гина Кадыровн комментареш: "берийн хIун бехк бу?" бохуш, хоьтту цо.

Кхузахь цуьнга шега хатта тарло: "Цо хIунда байъира, шайн дас-нанас бохучуьнга ла а ца дугIуш, тIемалойх дIакхеттачу кхиазхойн наной?". Оцу Кадыровн Iедало лоьцуш, бойъуш ма бара банне а бехк боцу дай-наной а, вежарий а, ягайора церан хIусамаш. Ткъа шена санкцеш тоьхча, адаман бакъонаш дагаяьхкина цунна".

Экспертана хетарехь, цкъачунна Госдепан санкцеша Кадыровна дан таIзар дац.

"Америка шен кIорггера ламасташ долуш пачхьалкх ю.  Шаьш тIеэцнарг, царна диц ца ло. Цхьа хан-зама а яьлла, Оьрсийчохь Iедал хийцаделча, цара тIедожор ду Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешар талла аьлла. ТIаккха дезар ду Оьрсийчоьнан низамашкахь лела. Цундела, Кадыров а, цуьнан го а, дешна бацахь а, акхарой санна, шайн дегахьехамца кхета, шаьш хьенах Iиттаделла".

Кутаевна хетарехь, Кадыровн доьзална тоьхначу санкцеша Путинна а, цуьнан гонна а деш ду зенаш.

"Ас ца буьйцу, миллиардашкахь ахчанаш Америкехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а латотош болу нах. Царна-м катастрофа ма юй и. Оцу санкцешна буха нисвалар, цхьа шатайпа билгало яр санна ду. Ткъа "кадыровхой" дезаш бац, шайна тIехь билгалонаш яхкар. Цхьаннан "муцIарна тIе хьажийна йоккха топ хилча", ткъа жоьпалле ийзон хьакъдолчарна зуламех хууш делахь, - оцо дикка сингаттам латтабо", - боху Кутаевс.

Европан пачхьалкхаша шайн неIарш дIакъовлахь, Кадырова Iайшатан бизнесна хила вон болх бац аьлла, хета экспертна: "КадыровгIеран бизнес Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а ю. Кадырова Париже а яхана, мода а гайтина юха еана, ша "юй а хаийтина". Бизнесан дуьхьа ца яханера иза, имиджан дуьхьа яханера. Парижехь мода а гойтуш ю Кадыровн йоI, модельер бохуш, прессехь дийцийта, цIархазмана яхана яра иза. Оцу юкъанна, нагахь санна, Американ Цхьаьантоьхначу Штатийн позицина Европан мехкаш тIетахь, Кадырова Iайшата кхин кеста йийр яц шен Парижан турне".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о росте инвестиционной активности в Новосибирской области

Дмитрий Саутин: «Кабинетная работа – это не мое»

Жителей Москвы 29 марта ожидает облачная погода и небольшой дождь

Маркелов: долг каждого из нас — отдать дань благодарности всем, кто кует обеду над вселенским злом

Музыкальные новости

Сергей Собянин рассказал, как Москва помогает производителям оборудования

Продвижение Песен и Музыки в Плей-листах Яндекс.Музыка.

«Отрешенность от РФ»: адвокат объяснил молчание Пугачевой о теракте в «Крокусе»

Заместитель Директора Росгвардии генерал-полковник Алексей Воробьев вручил награды военным врачам главного госпиталя ведомства и навестил раненых росгвардейцев

Новости России

Жителей Москвы 29 марта ожидает облачная погода и небольшой дождь

Жителей Белогорска просят быть бдительными

Тысячи уникальных изданий: архивно-библиотечный центр появится в Музее транспорта Москвы

Коридор затмений до 8 апреля: как правильно загадывать желания

Экология в России и мире

Крупный российских туроператор сделал заявление о турах в Таиланд на лето-2024

Я – фартовая! Слушательница ENERGY отправилась в Мексику на выступление Джареда Лето

Консультации, Составление Договоров, Присутствие Продюсера при заключении договоров и переговорах. Лекции. Переговоры. Встречи и Обсуждения.

Banyan Tree Vabbinfaru пленил сердца путешественников

Спорт в России и мире

Янник Синнер поделился впечатлениями от общения с игроками сборной Италии по футболу

Хачанов победил Черундоло и пробился в 1/8 финала турнира ATP в Майами

«Бомж» Дарья передает всем привет»: Касаткина ответила на слова Винер

Теннисистка Александрова оказалась сильнее полячки Швентек на турнире WTA в США

Moscow.media

Выпуск ЦФА на платформе «Атомайз» поможет снизить нагрузку на экологию

«Байкал Сервис» запустил выгодный коробочный прайс для поставщиков Вайлдберриз

За что

Utrace выходит на рынок цифровой маркировки консервной продукции











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Мой авторский музыкальный канал - «5 ПЕСЕН НА БИС»

Коридор затмений до 8 апреля: как правильно загадывать желания

В Чебоксарах проходит Общероссийская акция «Сообщи, где торгуют смертью»

Тысячи уникальных изданий: архивно-библиотечный центр появится в Музее транспорта Москвы