Маск согласился с Дуровым, что безопасность в городах США имеет значение для бизнеса

Дома у подозреваемого в убийстве из-за парковки нашли десятки миллионов рублей

Свыше 40 км дорог будут построены в районе Делового центра

Ступинская школа в Подмосковье получила грант за участие в олимпиадах



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ен а йийна, йицъяр: Къилбаседа Кавказехь пандемино доьзалехь ницкъбар алсамдаккхарх  

Ен а йийна, йицъяр: Къилбаседа Кавказехь пандемино доьзалехь ницкъбар алсамдаккхарх
 

Коронавирусан пандеми яьржичхьана доьзалехь ницкъбина бохуш, латкъамаш бар шозза совдаьлла Къилбаседа Кавказехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Зударшна шантаж еш, хьийзош, етташ, уьш сийсазбеш лаьттачу регионехь, пандемино куьйгаш даьстина кхин тIе а Iазап латточу зуламхошна. Масех баттана цаьрца чохь биссина зударий. Дукхахдолу аьрзнаш кхаьчна ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а, Дагестанера а аьлла, яздо зударийн бакъонаш Iалашъечу ворхI организацино юкъахь хIоттийначу рапортехь.

Монстран куьйгакIел

"Даим а санна, хIинца а кхоьруш бу монстро шен контролехь латтош болу зударий, уьш ца хIутту полицига арз дан а, ткъа Оьрсийчоьнан низамаша маса гIо кхачон цхьана а агIор хьоьхуш барамаш бац", - дуьйцу "Правовая инициатива" проектан юристо Киселева Ольгас. - Масала, Iаламат пайден хир дара, нагахь санна, маса полици кхойкхуш смс-хаам бахьийта, я цхьана кодан дешнашца телефон тоха йиш хилча. Ала догIу, цхьайолчу кхечу пачхьалкхашкахь эпидеми йоьдучу заманчохь таро яра шайна кхерам хилар хьулдинчу дешнашца аптекехь хаамбан, я шайн геолокаци дIахоуьйтуш, психологин гIо латточу чате информаци яла (Испанехь), я почта дIасакхоьхьучуьнга, я юург йохьуш веанчу курьере къайлах дIаала (Британехь)".

Оьрсийчохь таханалерачу дийнахь лелаш болу барамаш, масала, полицига, я кхечу структурашка гIо дехар, эвсара бац, хIунда аьлча, катоьхна орца а догIий, хьийзош йолу зуда Iалашъеш цахиларна.

"Беттанашкахь луьсту чуделла кехат ницкъахоша, ткъа оцу юкъанна, цу зудчун деза шен таIзархочуьнца цхьана хан яккха, - боху бакъолархярхочо. - Шайга бина латкъамаш а кхин дIоггара дош хеташ, тIе а ца оьцу цара, "шайн юкъара гIуллакх" ду олий. Пачхьалкхо цхьана а кепара деш хIума дац, зудчо доьзалехь дIалоцучу меттигах йолу гендеран стереотипаш юкъаръяхархьама. И дара ООН-ан зударшца лелон дискриминаци къуьйсучу Комитето Тимагова Шемин гIуллакх бахьанехь Оьрсийчоьнна дуьхьалдеттарг а".

Киселевана хетарехь, доьзалехь хьийзочу зударшна баха меттиг хилийтархьама, Кавказехь хила езара дуккха а шелтерш: "Йолуш йолу меттигаш тоаме яц, шелтерш къайлехь латтон а хала ду, нагахь санна, и гIелонча тIаьхьаваьлла хилахь, и зуда ларъян таронаш а ледара ю".

ТIаьхь-тIаьхьа зуда "адамаллах" йоккхуш ю

Уггар а къовлаелла республика лоруш ю ГIалгIайчоь, дуьйцу меттигерчу бакъоларъярхочо. Цуьнан дехарца, цIе ца йоккху оха цуьнан.

"Я коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохаралле а (НКО), я полицига а ца бовлу хIусамехь гIело ловш болу зударий. Ца дуьйцу цара шаьш хьоьгучу Iазапах я доттагIашка а, я гергарчаьрга а", - боху эксперто.

Уггар а хьалха доьзна ду и, ГIалгIайчуьрчу зударийн даха дог цахиларца, шайна орца кхочур ду аьлла. Дукхахболчаьргахь кхерам хуьлу, нагахь санна, шаьш хиллачух цхьанга дIахаийтахь, шайгара хьал кхин тIе а эшна хир ду аьлла, хеташ.

ГIалгIайчуьрчу полицино деш хIума цахиларан масал ду - Алиева Маремца хилларг. Оьрсийчохь доьзалехь ницкъбарх долу и гIуллакх Европерчу кхелехь листинчех дуьххьара ду.

2015-чу шеран Гезгамашин-баттахь яйра Алиева, ткъа оццу шеран ГIуран-баттахь иза ерах гIуллакх айдира. Полицига латкъамаш бина хиллера зудчо, шена а, берашна а етта аьлла, цул тIаьхьа ницкъахошка цуьнан цIийндас ша а бакъдинера, ша зудчунна тIехь ницкъбеш хиларх. Зуда "кхетон" езаш хиларна беш болх бу ша бийриг аьллера цо. ХIетте а, цхьана а кепара полицино цунна дуьхьал дехкарш ца даьхнера.

Мареман йиша, Алиева Елизавета бахьана долуш, талла долийра гIуллакх. Шен йишин гIуллакх листар доладайта цуьнан ницкъ ма кхеччи, кхерамаш тийса болийра цунна, ткъа цуьнан кертахь куьйгайина граната эккхийтира.

"Къилбаседа Кавказерчу зудчунна тIехь шайна луъург леладо. Цу кепара хьал лаьттина дацара цигахь Советан заманара схьа дуьйна а", - аьлла, тешна ю гIалгIайн бакъоларъярхо.

Къилбаседа Кавказехь ницкъ болуш ду динан ламасташ, делахь а, лелаш ду Оьрсийчоьнан низамаш а. Диллина шайн зудчух цавашар а, цаларар гойту ницкъаллийн структурийн белхахоша.

"ТIаьхь-тIаьхьа зуда адамаллех йоккхуш, социалан сферана а юкъара иза яккха гIерта", - боху бакъоларъярхочо.

Пандеми яьржичхьана ГIалгIайчохь доьзалехь ницкъбарх лаьтта ситуаци мел хийцаелла дуьйцуш официалан статистика яц. Делахь а, къамел дечу бакъоларъярхочо бахарехь, алсамдевлла берашкара кхочу аьрзнаш.

"Суна билггал хууш масийтта истори ю, кхиазхошна ницкъбеш хиларх, - дуьйцу бакъоларъярхочо. - Чолхечу доьзалашкахь Iазап латтор чIагIделла го. Тоххара школе боьлхий а, къайлабовла таро хуьлура берийн, шайна ца еттийта. Ткъа изоляцехь болчу юкъанна аьтто бацара церан бевдда бовла".

Божаберашна мел а атта ду, аьлла, тешна ю бакъоларъярхо. ХIунда аьлча, царна могуьйту шайн накъосташца арахь буьйлабелла лела. Ткъа зудаберашна юьссург цхьа школа бен яц.

"Гендеран башхалла бахьана долуш детта дозанашна тIехула уьш цхьанхьа а ца бохуьйту. Цундела, тарло, карантин йоьдучу юкъанна зудаберашна тIехь ницкъбар алсам хилла", - боху эксперто.

Изоляцин заманахь шолгIа, уггар а Iаьткъа хилла тоба ю, шайн марзхошца цхьана бехаш хилла кегийн зударий. Бакъоларъярхочо дийцарехь, балха бахар оцу зударшна самалхадалар а, марзхошкара хуьлучу гIелонех бовда ша цхьаъ бен йоцу меттиг ю. Изоляцин заманахь таро йоьхнера церан, психологин а, экономикан а Iазапехь нисбелла хила тарлора уьш а.

КхоалгIа тоба ю - майрачо етташ, лелош хилла зударий.

"Пандеми йолчу хенахь йиттинчу шина зудчух лаьцна хаьа суна. Цхьаъ дарбан цIийне а цхьана йигина хиллера, коьртах йиттина, хье лазийна", - дуьйцу ГIалгIайчуьрчу яхархочо.

"Камерина хьалха гечдар доьхуьйтур ду"

Доьзалехь ницкъбеш хиларца юьйцу Нохчийчоь хIинца дуьненна а евза. Умаева Мадиница хилларг бахьана долуш, Нохчийчоь а, Iазап а, Кадыров а дуьненчуьрчу, уггар а шуьйрачу хаамийн гIирсаша шайн тергоне эцнера. Доьзалехь бала хьегийтина, цIийндас йийна ю шен йоI аьлла, дIахьедира Умаеван нанас. Эххар а, иза декхаре йира мехкан куьйгалхочунна а, невцана а хьалха гечдар деха. Ткъа еллачун цIийндена Кадыровн фондо керла цIа делира.

Талламан комиетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бевлла бакъонашларъярхой, Умаеван гIуллакх хьайн контроле эцахьара ахь аьлла. Ткъа Нохчийчуьрчу психологашна а, социалан хьукматашкарчу белхахошна а дихкира доьзалехь ницкъбарх лаьцна журналисташца дийцаредан. Цхьаберш балхах бохарна кхийрина ца Iаш, шайн доьзална цхьаъ дарна а кхоьрура.

"Уггар а лахара ден долу таIзар - камерана хьалха а хIиттийна, гечдар доьхуьйтур ду тхоьга - боху, журналисташца хиллачух дийцар дихкинчех йолчу цхьана психолого. - Нохчийчохь цу кепараниг хила йиш яц".

Нохчийчуьрчу доьзалашкахь гIело латторан проблемаш къесточу говзанчаша бахарехь, хIинццалц бертахь, хаза бехаш хиллачу доьзалашкахь а цхьана ницкъбар даьржира пандемин муьрехь.

"ХIинццалц наггахь бен цIахь цхьана ца буьссура уьш, цундела, цу кепарчу девнехь ца нислора,- дуьйцу, оха цIе иза ларъярхьама ца йоккхучу бакъоларъярхочо. - Хаа деза, ницкъбаран тайп-тайпана васт хилла ца Iаш, кепаш а юйла. Изоляци - цуьнан цхьа бахьана ду, хIунда аьлча, стресс массара а кеп-кепара тIеоьцу".

Бакъоларъярхочо билгалдаккхарехь, психологин гIо оьшуш зударийн центрашка а, психологашка-говзанчашка а телефонаш еттар, орца дехар Iаламат чIогIа алсамдаьллера: "Амма, мухха делахь а, царна орца кхочу тхоьгара. Нагахь санна, ницкъбар кест-кеста хуьлуш делахь, комплексехь гIо латтадо царна".

Нохчийчоь кхечу республикашлахь къаьсташ ю боху цо, гIело латторан шен бахьанашца: "Хьалхарчу меттигехь экономикан а, психологин а ницкъбар а, берашкахула шантаж латтор а ду. Дукхахболчу зударийн оцу тIехула бIо а ца булу цIийндех дIакъаста.

Коронавирусан дIатер

Дагестан, ала догIу, цхьа регион ю, пандеми йоьдучу юкъанна массара а йийцарееш меттигаш нисбеллехь а, доккхачу декъанна, орцанаш дехар хилла дац.

"Карантин кхайкхийча, со яра гIо оьшуш зударий дукха хир бу моьттуш, - элира Кавказерчу зударийн бакъонех лаьцна дуьйцучу "Даптар" сайтан коьртачу редакторо Анохина Светланас. - Амма орцанаш ца дийхира. Суна хетарехь, Рамадан бутт хиларна тийналла лаьттара цигахь".

Анохинас бахарехь, доьзалехь ницкъбарца йоьзна ситуаци Дагестанехь мел а атта ю, кхечу мехкашка ладоьгIча: "ГIалгIайчохь массо а вовшийн гергара ву, Нохчийчохь "Рамзана аьлларг" ду низам, ткъа Дагестанехь таронаш алсам ю".

Стохка дийцаредаьккхира Дагестанерчу яхархочух Казанбиева Гулех Iоттаделлачух. Цуьнан хилла цIийнда вара цунна тIаьхьаваьлла лелаш, амма цунна дуьхьал зуламан гIуллакх айдан атта дацара, ма -хеттара. ТIаьххьара цуьнца цхьанакхеттачул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийра зуда лакхара мочхал кагдина, коьртан хье-туьта лазийна, йоьхьтIехь а, дегIа тIехь а дуккха а чевнаш йолуш. ХIетте а полисхоша цуьнан могашаллина дина зен юккъерчу барамехь ду бохура. Ткъа иза оцу хьоле ялийначунна мел дукха тохахь а, кхо шо бен хан ца йогIу.

Гусейнова Умужат майрачо легаш Iоьвдина йийра. Цуьнан дакъа куза юккъехь къайладаьккхинера цо. Оцу гIуллакхан хьокъехь а сацам бовзийтина: зуда йийна стаг маьрша вуьтуш.

ГIуллакх толлучу комиссин декъехь хиллачу психолого сацам бина хиллера, ша зулам дечу хенахь кхетамчохь ца хиллера иза, зудчо ша сийсазвича, моха еанчу цо цIеххьашха дина зулам ду иза аьлла. Оцу сацаман буха тIехь атта велира иза - аффектехь волуш стаг вийна аьлла, малдира таIзар.

"ГIуллакх цIеххьана толлучура сацийра"

ГIебарта-Балкхаройчохь хиллачу доьзалехь ницкъбарх лаьцна йоккха гIовгIа иккхира пандеми йоьдучу юкъанна. Масала, кху беттан 15-чохь хааме даьккхира 28 шо долу Батырова Алена яларх. Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь шен чуьра араяьлла дIаяханера иза белхан гIуллакхна. Новкъахь дуьхьалкхеттачу цIийндас шен машена хаийнера иза. Цуьнах шек хиллачу цо йиттинера цунна, ткъа цIа кхаьчча лечу хьоле яьккхинера, йиттина.

Лоьрийн орца деача, хIусамда дуьхьал хиллера иза дарбан цийне дIайигийта. Масех сахьт даьлча Батырова еллера.

ШолгIа марнанас лоьраш тIекхайкхича, жима зуда кхетамехь ца хиллера. Цуьнан гергарчаьарга инсульт хиллера аьллера марнанас, амма масех де даьлча гучуделира билггал хилларг.

Кху беттан 8-чохь елла Батырова. ШолгIачу дийнахь лецира цуьнан цIийнда. Амма кхо де даьлча цIа ваийтира, тоьшаллаш дац аьлла.

Доьзалехь ницкъбарх дуьйцучу меттигерчу журналисто Докшокова Аленас бахарехь, цу кепара истореш дуккха а хила тарлора пандеми йоьдучу заманчохь. Уьш Iора ца йоху, нагахь санна, социалан машанашкахула гергарчара дийца ца даккхахь.

Бакъду, цу кепарчу массо а историн чакхе цхьатерра хуьлу: мел чIогIа мохь бетташ дийцахь а, гIуллакх дIакъовлу.

"Стохка цхьа материал ян гIертара тхо, цхьана зудчунна цуьнан хилла майра тIаьхьаваьлла леларх. Шена гIо дан цхьа а ца хилира бохуш, социалан машанехь яздора цу зудчо, - дуьйцу Докшоковас. - Цуьнан цIийнда лаьттинчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх деллийта аьтто белира, амма истори цIеххьана юьйцучуьра сацийра".

Республикехь пандемино доьзалехь ницкъ барна бинчу Iаткъамах ма-дарра сурт хIоттон хало ду, хIунда аьлча, офицаилан зераш хIинца а дац, я пандеми йолаялале хьалха а дацара.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн министралле билггал долчу терахьех хаийтахьара аьлла, официалехь кехат ца дахьийтича, моьттур ду, ГIебарта-Балкхаройчохь хIусамехь Iазап латтош данне а дац. Ма-дарра аьлча, хIора вахархочунна хууш ду, я шена вевзачун, я гергарчун доьзалехь латточу Iазапех", - бохуш, чIагIдо Докшоковас.

Къилбаседа Кавказехь хецна дуьйцуш дац доьзалехь гIело латторах. Амма республика жима хиларна а, массо а вовшийн вевзаш хиларна шайн ма-хуьллу ца дийца гIерта, шайн доьзалехь хуьлучух.

"Полицига дIахьедаро доьзалан сий дойъу бохуш, кхетам бу. Зудчунна бехкаш дохку, шен чуьраниг цо арадаьккхина бохуш", - дуьйцу Докшоковас.

Моха еанчохь динера

Къилбаседа ХIирийчохь ницкъ лайначара орца а доьху, кхеле а бовлу. Масала, стохка Гезгамашин-баттахь къизаллица шен зуда Гагиева Регина йийначу БуьритIерчу вахархочун Техов Вадиман гIуллакх листира.

Шина зуламна бехкевеш ву Техов. Талламчийн версица, лурчаха гурахь БуьритIерчу цхьана барана хьалха ГIалгIайчуьрчу шина вахархочух леттера иза. Масийттаазза уьрсан чевнаш йинера цо цу шинна. Жимстаг шен цIахь лаьцна витира. ЦIера валар дихкинчу цо раж ца ларйора. Талламна хетарехь, стохка Гезгамашин-беттан 18-чохь юха а низам талхош, шегахь хилла зуда йолчу балха тIе веанера иза. 15-зза сов урс диттинера цо зудчунна, цунах шек хилла. Масех де даьлча елира Гагиева.

Цо болх беш хиллачу туьканахь хIоттийначу видокамерас дерриг а дIаяздинера. Иза юьйр ю бохуш, хьалха а кхерамаш тийсинера Теховс шайн йоIана аьлла, дIахьедира цуьнан гергарчара. Полицина хууш дара доллучух а, амма цхьа хIума деш дацара.

Цул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчохь"Хотæ" ("Йижарий") аьлла, журналисташ а, блогерш а, юристаш а юкъа а балош, болам вовшахтуьхийра доьзалехь ницкъбарна дуьхьало латтон Iалашонца.

Кхечу республикашкахь а санна, официалан зераш дац Къилбаседа ХIирийчохь дина. "Хотæ" боламе орца доьху цхьа наггахь марехь боцчу зударша а цхьана. Кегийчу наха тIаьхьабевлла, даха а, дахка а ца дуьту шаьш бохуш хуьлу церан латкъамаш.

ХIора республикехь шен-шен проблемаш елахь а, бакъонашларъярхоша билгалдоккху, олийла дац цхьанхьа ситуаци атта ю.

"Массо а мехкаша сингаттам латтабо. ТIаьххьарчу хенахь шен къизаллийца йийцина Умаева Мадинин а, Батырова Аленин а истореш, - боху юристо Киселева Ольгас. - Дьзалехь ницкъбар Iедалхоша бакъ ца деш, шеконашка даьллачу Умаеван гIуллакхан духе кхиа ца гIоьртина, цуьнан нанна психологин тIеIаткъамбеш Умаева Мадинех Iоттаделларг - йоллу Нохчийчоьнна масална санна ду. Iедалан оцу реакцино кхерам таса тарло Iазапехь бахкочарна, тIейогIучу заманчохь полицига гIо деха, шаьш юьхIаьржа хIиттадарна кхоьруш".

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Ru24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Ru24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Ru24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Москве арестовали подростков, обвиняемых в нападении на мужчину

Детский сад № 46 в поселке Глебовский отремонтируют к июлю

Церемония вручения паспортов школьникам прошла в Лобне

Основатель торгового комплекса «Три кита» Сергей Зуев умер в Москве

Музыкальные новости

ЧИТАЙТЕ ОПТИМАЛЬНЫЙ ПЛАН МИРА МЕЖДУ РОССИЕЙ, НАТО И УКРАИНОЙ.

Телефон раздора: что грозит Лепсу за удар по смартфону фанатки

В АО "Желдорреммаш" введен единый Стандарт системы неразрушающего контроля на производстве

День подснежника и День полиграфии: какие праздники отмечают в России и мире 19 апреля

Новости России

The Financial Times: Никогда Прибалтика не была в такой безопасности. Время рыть окопы!

Адвокат Молохов: из дела Стрелкова пропало согласие о заключении контракта

В Москве задержан незаконно заселявший мигрантов в квартиры умерших мужчина

Продюсер группы OTYKEN: Илон Маск купил у нас три трека

Экология в России и мире

Кампус «БИМ» станет драйвером работы по развитию экосистемы технологического предпринимательства в Ивановской области

Случилось ожидаемое: прекратили работу 9 российских туроператоров

«Кот в мешке» на «Юмор FM – Санкт-Петербург»

Болезней много, а слизистая одна: как дисбаланс бактерий влияет на здоровье рассказал доктор Кутушов

Спорт в России и мире

Соперница Арины Соболенко разрыдалась на плече белоруски

Бадоса из-за травмы снялась с матча против Соболенко и заплакала у сетки

Шнайдер проиграла Бадосе на старте турнира WTA в Штутгарте

Сафиуллин не смог выйти во второй круг турнира ATP в Барселоне

Moscow.media

Беспроводной сканер штрих-кодов SAOTRON P05i промышленного класса

Серые дилеры привезли кроссовер Kia Sportage в Россию

ATI.SU: Проблемы с трансграничными платежами тормозят рынок международных перевозок

Обгон ценою в 2 жизни











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Детский сад № 46 в поселке Глебовский отремонтируют к июлю

Адвокат Молохов: из дела Стрелкова пропало согласие о заключении контракта

Продюсер группы OTYKEN: Илон Маск купил у нас три трека

В Москве арестовали подростков, обвиняемых в нападении на мужчину