Беларусин дозанехула богIу Нохчийчуьра мухIажираш чу ца битарна Польшин дазанхойн политика емалйина Европин адамийн бакъонашкахула кхело. Польшин дозанхоша йохийна Европин конвенцин маcийтта артикл, 2017-чу шарахь политикан тховкIело йоьхурш юха-юха а Беларусе юхахьежорна, аьлла ду Европин адамийн бакъонашкалу йолчу кхело бинчу сацамехь.
Кхело дIахьедар дина цу хьокъехь Польшина латкъам бина хиларх лаьцна нохчийн къомах волчу 13 Оьрсийчоьнан вахархочо, шайна юкъахь бераш а долуш. Цу наха дийцарехь, царна масийттаза дуьхьало йина Польше чубаха, Оьрсийчу юхаберза царна кхерам хилар тидаме а ца оьцуш.
Латкъам бинчерах хIоранна 34 000 евро барамехь компенсаци ялар тIедожийна кхелахоша Польшина.
Официалан боцчу хаамашца, 2017-чу шарахь Беларусерчу Брест гIалахь бара Польшех политикан тховкIело лоьху эзарнаш нохчий.
ХIора денна Iуьйранна йогIучу цIерпошта тIехь Беларусера Польшерчу Тереспол гIала кхачара 100 гергга Нохчийчуьра схьавалла стаг, амма мухIажиран статус йоьху кехат схьа ца эцара цхьана-шина доьзалера бен. Биснарш дIахьежабора юханехьа Беларусе.