ГIалгIайчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хиллачу белхахочунна бехк биллина, ахчанашца хьарамлонаш лелорна. Цунах лаьцна хаам баржийна оршотан дийнахь регионерчу Талламан комитетан урхаллан пресс-гIуллакххоша.
"ТIечIагIдина даьлла, 2014-чу шарахь ша полицин декъехь волчу заманчохь, оцу стага чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хIусаман комиссига документаш чуделла хилла, шен йоцучу йоIах харц хаамаш тIе а язбина. Пачхьалкхан хIусаман сертификат эца Iалашонца лелийна цо и бозбунчалла. Оцу кехатийн буха тIехь 800 эзар сом ахча эца дезаш хиллера иза, шена догIучул а сов", - аьлла ду информаци тIехь. Бехкевечунна гIуда тоьхна 100 эзар соьман барамехь.
Хьалхо оццу бехкашна набахтехь даккха пхи шо кхайкхийра мехкан финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна.