ГIалгIайчуьрчу "Мекх-Кхел" юкъараллин вовшахтохаран гIантдех цхьаъ волчу Султыгов Сараждина шаьш реза доцучу кхаа хIуманах лаьцна дийцина, Кадыров Рамзана ша бехке хетарг хаийта шена 3 де далале аьлла гIалгIашка бинчу кхайкхамна жоп луш. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Хьалхара реза цахилар доьзна ду территорин хаттарца, шолгIа – нохчийн Iедалхоша гIалгIайн юкъараллин жигархошна дуьйцург, ткъа кхаалгIа – тIом боьдуш Соьлж-ГIалахь бехаш хиллачу ГIалгIайчуьра мухIажаршца лелориг. "Юхаяккха цхьа гIулч. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Транспортан урхалла Москварчу Дорогомиловн кIоштан суьде яьлла дуьхьал вацахь а лацар доьхуш 2001-чу шарахь Зазадоккху-беттан 15-хь Внуковон авиалинийн Истанбулера Москва доьду некъахойн кема дадош дакъалаьцна Дени а, Ирисхан а АрсаевгIара. 162 некъахо а, экипажан 12 декъашхо а тIехь волу кема дIалоцуш дакъалецира ир бина аьчкан сара карахь болчу Арсаев Супьяна а, цуьнан шина кIанта а – 19-сса шо долчу Денис а, 16 шаре ваьллачу Ирисхана а. Кхероран акт йинчара доьхург дара Нохчийчуьра оьрсийн эскарш арадахар.
Дагестанехь Кизилюртан кIоштан кхелобехке лаьрра меттигера вахархо Абдурашидов Халид, гуш-хезаш социлан машанехь "Исламан пачхьалкхан" а, "Имарат Кавказан" а символика гайтарна. И ши а тоба, терроран а лаьрра, йихкина ю Оьрсийчохь. КIоштан суьдо бинчу сацамехь аьлла ду, республикан вахархочо Khalid boroda аккаунтехь дIахIоттийна ИГИЛ-ан т Iемалойн байракх а, ткъа иштта "Имарат Кавказ" тобан символика а аьлла. "Абдурашидовс суьдан кхеташонехь и тайпа адмиристративан низам дохорна ша бехке хилар тIелаьцна... Читать дальше...
"ГIенах а ца маьттура суна Токаевс казахийн гIаттам фашистийн Оьрсийчоьнна бухкур бу", – яздина шен фейсбукехь Казахстанехь Къоман кхерамзаллин буьйранча лаьттинчу инарла-майора Мусаев Альнура. 1997-2001 шерашкахь къайлахчу сервисан коьртеь лаьттина иза, ткъа цул хьалха вара Назарбаев Нурсултанан гIоьнча. Австрехь веха иза тIаьххьарчу I5 шарахь. Даймохк дIатесира цо шен Казастанан куьйгалхошца дов иккхича, амма бIаьрг биллина тергалдо цIера хьал. Иза кхоьру шен даймохк де-факто маршонах яларна, карахь... Читать дальше...